НеI дIакъовлаеллачул тIаьхьа, эха минотехь иза чоьхьара дIакъовлало. 29 секунда ю бер чудуьллучунна дохковала. Бэбибоксаш леррина йохку дика гуш йоцчу а, тIехьовсийна видеокамераш йоцчу а меттигашка. Дукха хьолахь, хIинцца бер цу чу дуьллучу нанна ша мила ю хаийта я цхьаннена гайта а ца лаьа. И ю, бэбибоксан коьрта Iалашо. Холчу хIоьттинчу зудчуьнга шен бер де а ца доьйтуш, дийна дита аьтто баккхар.
Чехийн республикехь, масала, 2005-чу шарахь схьайиллина дуьххьарлера бэбибокс. 9 бутт баьлча уггара хьалхара бер, 5-6 де кхаьчна кIант чу виллира цунна. ХIетахь дуьйна ерриг республикехь и тайпа бэбибокс 57 йина. Таханлерчу денна царна чу 87 бер диллина.
Бэбибоксийн программин гIантда ву гIеметта хIоьттина волу ХIесс Лудвик. Цуьнца Маршо радион хиллачу къамелехь цо дийцира билггал хIокху пачхьалкхехь уьш яхкаран хIун бахьана дара а, ша и гIуллакх юьхьар хIунда лаьцнера а.
ХIесс: "Иза керла дагадеана хIума дац. Мехкийн юкъара а, исторера адамийн жигараллин бакъдерг а ду, гIийлачарна а, гIад дайначарна а гIо деш. Сан долахь ерг цуьнан цIе ю "Babybox". Сан долаллин тоьшалла а ду суна Iедалан хьукхмато делла. Бэбибокс муха хила еза аьлла, техникан агIора кхочуш йинарг ю сан ойла. Цу кепарниг ширчу Римехь а, Юккъерчу бIешерашкахь а хилла ца оьшу бераш охьадохкуш йолу меттигаш. Адамаш мел ду лелийна хIума ду иза."
Маршо радио: Бэбибоксаш яхкале хьалха Чехин пачхьалкхехь дукха меттигаш хиларий, ца оьшу бераш нехийн гIутакхаш чохь я аренгахь Iад дуьтуш?
ХIесс: "Чехин Республикехь, юкъарчу барамехь, шарахь дIакхоьссина 5 бер карадо. Амма, Бэбибоксаш дIахIиттийначул тIаьхьа дIатесначу берийн терахь хаъал лахделла олийла дац.
Суо со-м тешна ву и карийна долу 5 делла бер, цкъа а, цхьанненна а карор доцчу, дайъинчу дуккха а берийн цхьа жима дакъа ду бохучух."
Маршо радио: И Бэбибоксаш дIахIитточу хенахь Iедалан хьукхматашца яккхий халонаш хилира шун. ХIун тайпа халонаш яра уьш?
ХIесс: "Iедалан хьукхматашца халонаш яцара. 2004-чу шарахь и ойла кхочушъян со араваьлча, со Iоттавелла коьрта проблема хIун яра аьлча, и бэбибоксаш хIиттон реза цхьа а ца хилла хилар яра. Коьрта мостагIа Могушаллин министралла яра. ТIаккха Социалан хьаштийн министралла яра. Кхеташ ма-хиллара, Чоьхьарчу ГIуллакхийн министралла а яра. ТIаьхьуо, кхета а кхетта, шайна хьажам хийцира цара. Хьажам аьлча а, иза хьукхматехь болх бечу стеган хьажар ду да-м.
Тахана а бу бэбибоксана дуьхьал цхьаболу нах. Амма уьш кIезиг бу. Ма-дарра аьлча, аса оцу дуьхьал болчу нахана даггара баркалла олу. ХIунда аьлча, цара журналистийн аьтто баьккхира, цу бэбибоксех лаьцна шортта дийца. Журналисташа бэбибоксех лаьцна дуьйцург б.бибоксашна пайде хуьлу. Оцу дуьхьала болчу нахана чIогIа баркалла ала лаьа суна. Ша-даьккхина аьлча, Могушаллин министраллина къаьсттина. ХIунда аьлча, церан бахьанаш беламе дара."
Маршо радио: ХIун бахьанаш дара цара далош дерш?
ХIесс: "И бахьана, масала, дара, цу бэбибоксаш чу шайн бераш дохкур берш Чехин Республикехь бехаш болу арахьара нах бу. ТIаккха цу нехан берашна дарба лелош шортта харж ян езар ду Чехин Iедална, бохуш яра Могушаллин министралла. ТIехула тIе, ша дуьненчу даьккхина да-нана довза йолу беран бакъо йохор ду а бохура. Кхеташ ма-хиллара, берийн бакъонаша бахарехь, массо бераш цхьатера ду. Цундела, иза цхьа жимма бакъонашна дуьхьал дара. Кхеташ ма-хиллара, Могушаллин министраллин аргументаци ладаме яцара, хIунда аьлча, цо дуьйцург цхьана ц догIуш а, цхьаъ вукхунна дуьхьал а дара."
Маршо радио: Могушаллин министралла муха довза йоллура и бераш неханиш ду я дац? Я шуна хаало бер муьлхачу къомара стага дина ду?
ХIесс: "ХIан-хIа, тхуна иза ца хаьа, тхоьга къасталур дац иза. Цхьацца долу бераш цхьайолчу билгалонашца хаа-м ло уьш арахьарчу наха дина дуйла. Амма, билггал хIокху къомаха схьадаьлла бер ду хIара ала йиш яц дера. Бакъдерг хIун ду аьлча, хIокху 8 шарахь бэбибокс чу диллинарг ша-дерриг а 87 бер ду. Уьш массо а кIай чкъор долуш дара."
Маршо радио: Дукха хьолахь, бэбибоксашна чохь бер дуьтурш шаьш бисина наной бу. Коьртачу декъана, марехь йоцуш дина бер хуьлу иза. Беран да дуьхьал волу, кеста дуьненчу дер долу бер тIелаца а, цуьнан дола дан а. Зуда дIа а тосий, дIавоьду. ТIаккха ша цхьалха йисинчу зудчо дог даьттIачехь, дог диллинчехь, сиха а, хьекъале боцу а сацам бо. Оцу муьрехь деш ду бер дерца доьзна зулам. Амма, и бер, хеттарш ца деш, цхьанхьа дита йиш елахь, зудчо и некъ хоржу.
Делахь а, бэбибоксана тIекхаьччи а, цу зудчунна накъосталла дан кийча бу бэбибоксаш ехкинарш. ПрахIа-гIалара ХIлоубетинехь хIоттийначу бэбибоксана тIехь йоза дара дитина, бер чу диллале, «зIене яьлла къамел дан лаахь, хIара телефон тоха», аьлла. И телефон Бэбибоксийн дендегахь ХIесс Лудвикехь ю. Хьоьца къамел а дина, цхьа а нана дохко яьлла меттиг яьллий, аьлла хаьттира цуьнга Маршо радионо.
ХIесс: "Суна ца хаьа, оцу информацино цхьа а дохко ваьккхина, бер чудуьллучара юхаваьлла хила тарло бохучух лаьцна. Соьга хаьттича, ца оьшуш охьадохкучу берийн терахь чIогIа доккха ду. Цундела аса сацам бира, гIо оьшучу нанна чохь цхьа хан яккха цIа дан. ДIабийша меттиг йоцчу нанойн шайн берашца аьтто хир бу цу цIа чохь Iен.
Цу тIехь яздинарг сан телефонан терахь ду. Бер охьадилла еанчу нанас соьга телефон тоьхначул тIаьхьа, цунна тIе а вахана, цу ханна кечдинчу цIа чу а ялийна, цуьнца къамел дан йиш йолуш ву со. Хьалхара гIо аса айса дийр ду цунна. Сайн цIахь ПрахIа-10, В ХIайку 88 олучу меттехь дина аса и гIо-накъосталлин цIа.
Цунах лаьцна ша-йолу информаци сан веб-агIонашна тIехь ю www.babybox.cz/ ХIинцале цигахь 2 чоь ю лийча а, яахIума кечъян а шен-шен меттиг йолуш. Бераш долуш ши нана цхьанаметта тIелаца йиш йолуш ву со. "
Маршо радио: Муьлхачу бахьанаш ялайо нана шен бер охьадилла оцу Бэбибоксашна тIе? Стенца доьзна хуьлу уьш?
ХIесс: "Аса цхьа кIеззиг наношца бен къамел ца дина. Амма со хIинцале тIаьхьакхиънарг хIун ду аьлча, церан (нанойн) коьрта проблемаш социалан амал йолуш ю. Кхеташ ма-хиллара, цу проблемашца куьг лаьцна йогIуш ерш синIаткъаман проблемаш а ю. Ваха оьшу ахча а, чохь Iен меттиг а йоцу стаг чолхечу хьолехь ма нисло. Амма, оцу массо наношца къамелаш дан сан йиш яц. Цхьаболчарца къамелаш дина аса. Со тешна ву, церан хьолчахь хиларан юьхь, социала бахьанашца йоьзна хиларх."
Маршо радио: Бэбибоксана тIехь кхаа маттахь яздина ду йоза - чехийн, ингалсан, оьрсийн маттахь. Хьенан сацамца билгалдаьккхина цу гIутакхаш тIера йозанаш муьлхачу маттахь хила деза бохург?
ХIесс: "Бэбибоксаца доьзна массо хIума къастош верг со ву. ХIунда аьлча, и проект эцна лелаш верг со ву. Цундела, цхьайолчу кIошташкахь аса полшхойн маттахь яздан сацам а бо - уьш Моравехь ду. ТIаккха оьрсийн маттахь йозанаш дуьту. Ма-дарра аьлча, иза сан сацамца доьзна ду."
Маршо радио: ТIаккха хьо хуьлий цу проектан вуьззина да?
8 ХIесс: Да-м ца хаьа суна, денда ву ала мегар ду. И ша йолу ойла ерриге а сан ю. Со сайха хестош ца боху аса. Со а, техникаш а боцурш, и проект эцна лелаш цхьа а ву ала йиш яц.
Маршо радио: Кхин муьлхачу пачхьалкашкахь ю дIахIиттийна бэбибоксаш?
ХIесс: "И бэбибокс боху дош кхузахь Чехехь лелон юкъадаьккхина ду аса. Да-м, ингалс маттара ду иза. Амм и цIе еккъа Чехин республикехь лелош ю. Кхеченхьа а иза лелор дац олийла дац. ХIунда аьлча и дош, массарна довза атта дош ду. Чехехь дIахIиттийначарех тера йогIуш бэбибоксаш ю тайп-тайпана пачхьалкхашкахь.
Германехь царах бэбиклап я бэбихIендсер олу. Таханлерчу денна, сан карахь болчу хаамашца 17 Европан Бертан пачхьалкхехь ю ду бераш чудохку гIутакхаш. Словенехь, Полшехь, Венгрехь, Италехь, Австрехь, ур-атталла, Швейцарехь а ду. Цхьа моггIа пачхьалкхашкахь ду."
Маршо радио: Чехин республикел а тIаьхьа Европера пачхьалкхашкахь бэбибоксаш хIитточу хенахь шуьгара зеделларг довза цхьа веарий?
ХIесс: "Аса эр дацара цхьа а цу ойлан да ву. Ширачу Римехь тIулгийн кедаш хилла ца оьшу бераш чу дохкуш. Ша долу Юккъера бIешерашкахь килсанийн а, кхечу хьукхматийн а неIарех доьгIна гIутакхаш хилла бераш чу дахка.
Масала, Францера Парижехь 18-гIа бIешераш юккъе девллачу хенахь леррина доккха цIа хилла Карийначу Берийн Дарбан ЦIа олуш. Цу цIа чу шарахь гергарчу барамехь 5 эзар гергга бер охьадуьллуш хилла. Со гал ца ваьлла, 5 эзар бер дуьллуш хилла.
Исторера документаш толлуш цу терахьана тIекхаьчнера со. Лерринчу наха хьесапдора цу берашна. Оцу берех кIезиг дакъа дийна дуьсуш хилла. Кхин цхьа бакъдерг ду, оцу берийн гIутакхашна чу шен 4 бер диллина Францера философо Жан Жак Руссос."
Маршо радио: ХIинцца дина бераш дукха хуьлу цу бэбибоксаш чохь я жимма даккхийра бераш а нисло?
ХIесс: "Дукха хьолахь уьш хIинцца дина бераш ду. Со суо а цкъа тIенисвелла бер цу гIутакх чу дуьллуш. Со генахь вацара иза чудуьллучу хенахь. Сан карара телефон цу бэбибоксан гIутакхашца йоьзна ю. Цу чу бер дуьллучу хенахь сан телефон тIе хаам кхочу. Цуьнца цхьаьна оцу беран а, бэбибоксан интерьеран а даьккхина сурт а кхочу суна. Со цхьа чаакхарма бен гена вацара цу бэбибоксана, чу бер дуьллучу минотехь.
Брнора дарбан-цIийнахь дара иза. ЙоI яра цу чу йиллинарг, иза йина ур-атталла цхьа сахьт а ца даьллера. ЦIийха юьзначу цхьана горгумна юкъа хьарчийна яра. ЦIонга дIадихкина. ТIейоьхна кхин хIумма а яцара. Ерзина, хIинцца йина, схьаеана йоI яра иза. И йоI карийначу лор-йишин цIараха цу йоIана Марцелка цIе тиллира оха. Цуьнан итт де кхочуш, оха иза бер лоьхучу дай-наношна гIо дечу хьукхмате дIаелира."
Маршо радио: ПрахIа-гIалин ХIлоубетин олучу 9-чу кIоштахь цхьа шира цIенош ду, Чехийн маттахь «замечек» олу царах. ГIалина нацкъаро хиларал совнаха, тийначу, адам кIезиг лелачу меттехь ю «Генцентр» олу, зударийн клиника. Цу Генцентран куьйгалхо ву доктор Пиха Петр. Iедалш дуьхьал доллушехь, шен клиникехь хьалхара бэбибокс а йиллийтина, цуьнан юьххьехь лаьттина волу Пиха. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь цо дийцира цунах лаьцна.
Петр Пиха: "Бэбибоксан да, денда пан ХIесс ву. 2004-чу шарахь суна тIевеанера иза, хIокху республикехь Аполинаржан урамехь дуьххьара бэбибокс дIахIоторах гIуллакх ца хилча. Могушаллин министралло цунна бакъо ца еллера хIетахь цу клиникехь бэбибокс дIахIоттон. Дукха хенахь дуьйна тхойшиъ доттагIалла лелийна ву. Цундела, аса цунна гIо лецира, со цу ойланна чIогIа реза хилла хиларе терра.
Министралло гIо ца дира я хIинца а ца до (бэбибоксашца). ПрахIа-гIалин хIара ХIлоубетин кIошт жуьгтийн урхаллин кIел ю, церан пурбанца ХIлоубетинан замечек олучу хIокху гIишло чохь Чехин республикехь дуьххьарлера бэбибокс хIоттийра."
Маршо радио: Бэбибоксашна чохь хIаваъ а, йовхо а латтош система ю. Цунах тесна сигнал а ю. Бер чу ма-диллина, хаам беш йолу. Уьш дIахIиттош аша масаллина схьаэцнарг муьлха кеп ю? Я шаьш кхоьллира аша иза?
Петр Пиха: (Бэбибоксан) техникан агIо цхьана фирманна тIехь ю. Суна цунах лаьцна дкха хIума ца хаьа. Цу фирманна тIедиллинарг кхеташ дара, бер чу дуьллуш долу гIутакх кхерамаза хила дезий а. Бер чу ма-диллина, 36 градус йовхо хуьлуьйту сенсорш ю цу чохь. Iай йохъо, аьхка шелъйо. НеI схьайоьллуш лаьтташехь, температура дIанисло цу гIутакх чохь. Цу чохь микрокамера ю бер чу дуьллу маьIиг йоккхуш. Сигналан гIирсанна тIекхочу цу бэбибокс чуьра сурт. Хенаца а догIуш, бэбибокс тояран белхаш дIахьуш бу.
ХIинца дIахIиттош йолу бэбибоксаш техникан агIора дуккха а тоьлуш ю дуьххьарлерчарел а. 2005-чу шарахь дуьххьара схьайиллина хилла бэбибокс хийца кечлуш а ду тхо."
Маршо радио: Дуьххьара чудиллинчу беран сурт а, документаци а юй шуьгахь?
Петр Пиха: "Дера дац. ХIунда аьлча, бэбибокс программа яц. Иза сацоран гIирс бу. Кхерамехь долу я нене дола далур доцу бер нехаш дIакхуьйсуче ца кхоссийта дина хIума ду и бэбибоксаш хIиттор. Уьш хьуьнхахь я эрна аренгахь дала ца далийта деш ду иза. Къамел доцуш, уьш цигахь лийр ду.
Бэбибокс чу бер диллар - зулам санна лоруш дац. Мелхуо а, тIе къа ца латадайта я зулам ца дайта Iалашо ю цуьнан. Арахьа и бер чу дуьллуш хьажа хIоттийна камера яц. Иза стаг ву я зуда ю къастош дац. ХIлоубетинехь цу беро боккъалла а кIезиг хан йоккху. И бер схьаэцарца цхьаьна сихачу гIоьнан машен кхойкху.
Цу берана тоьллачу агIора лоьрийн гIо хир долче дIадуьгу иза. Цигахь церан техникан тIаьххьара гIирсаш бу цу беран дахар лардан а, могушалле хьажа а."
Маршо радио: Масала, цхьана нанас чудилли бер, ца оьшу бераш дохкучу гIутакх чу. Юха ша динчунна инзара яьлла я дохко яьлла иза елахь, шен бер схьадеха йиш юй цуьнан? Шу долче еаний цхьа а докхо яьлла нана?
Петр Пиха: "Генцентран карахь а, цуьнан бакъо йолуш а хIума дац и. И лоьрийн сихачу гIоьнан машен кхойкхучу хенахь кхин цхьа телефонан номер а ю тоха езаш. Социалан хьаштийн хьукхмат ю иза. Цигарчу белхахоша цу беран кхин дIа долчу дахарехь сацамаш тIеоьцу.
Лоьраша цу беран дола стенгахь дийр ду бохучехь сацам тIеоьцу. ТIаккха, иштта хаам кхаьчначу кхело сацам бо цу беран дасм-нанас санна дола хьан дийр ду. И массо хIума чIогIа сиха деш ду. Беран могушалла дика елахь, бер Iалашдан карадалар масех дийнахь къастадо."
Маршо радио: Шун долчуьра гIутакх чу диллинчу берех уггар жиманиг мел хан йолуш дара?
Петр Пиха: "Уггар жиманиг, хIинцца цхьа ши кIира хьалха чу диллина бер - кхузахь 18-гIа бер дара иза - хенал хьалха дуьненчу ваьлла кIант вара иза. Тхан хьесапехь, зуда бераха йолу 29 кIира бен дацара. Цуьнан Iаламат дукха болх бан дийзира тхан. Дикачу хьолехь вацара иза.
СадеIаран говзанчийн тIах-аьлла хьовза дийзира. Хьалхе динчу берашка хьожучу дарбан цIийне дIадигира иза. Уггар доккха бер 4-6 бутт болуш дара. Тхуна доьлуш дара и бер. Папа, мама, лала алара цо. Тхо хаза нехан санна цецдаьхнера цу гIуллакхо. Иза вукха агIора йолу экстрим яра.
Тхо долче цхьа а ца вогIу, хIунда аьлча оцу беро кхузахь миноташ бен ца йоху. И бохург ду, и тайпаниг хилча - суна хетарахь, дохко бовлар хилла - кхеле баха беза. Социалан хьаштийн урхалле баха а беза. Дарбан цIийнан бакъо яц бер юхадала. Кхеташ ма-хиллара, къастадо иза хIунда динера, бахьана хIун дара? Ишта дIа кхин а.
Бер жима мел ду а, бер лоьхучу ден а, ненан а карадала болу аьтто, къамел а доцуш, алсам бу."
Маршо радио: Бэбибоксаш ехкинчара цу чу дехкинчу берийн кхолламна тIехьожуш цхьаъ деш делхьара, дика хир дара аьлла хета. Амма церан программа оццул гена ца йоьду. Я, бераш лоьхучу дай-наношца церан уьйр-зIе елхьара. Гарехь, бэбибоксаш яхкарна а дуьхьал хиллачу Iедалша иза чекх долуьйтур дац. Я, хьанна хьаь, хена-йохалла хьал цу тIе кхочий а.
Дуьненах масала эцна, Оьрсийчохь 2012-гIа шо доьрзуш Краснодар-кIоштахь дуьххьарлера бэбибокс «Дахара ага» хIоттийра. Масех бутта балале цу чу хьалхарлера бер диллира.
Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллин официала хьесапца 2010-гIий, 2011-гIий шерашна юкъахь цу пачхьалкхехь 268 бераш даийинера уьш хIинца дуьннена чу даьхначу наноша. Гучу ца девлларш мел хир ду уьш.
Нохчийчохь дина бер дIатасар даьржина хIума дац. Я гучудолуш-м ца дисина те зулам? ХIокху жимчу стага дийцарехь, цо дакъа лаьцна нехаш тIехь карийна бер кешнашкахь дIадуллуш.
Султан: Сан доттагIчо телефон а тоьхна соьга дийцинера, ша болх бечу кафена уллерчу нехашна тIехь делла бер карийна ша. Цунна хIун дийр дара те, аьлла. Оха имамах дага а девлла, и бер, кIант вара иза, эвла дIа а дигина, дешначу наха лийча а вина, Iабдул-Керим аьлла цIе а тиллина, дIадоьллира. Бер цу кепара дIакхоссарана бахьана суна ца хаьа. Дала дуьтучул а, цхьана нехан кетIа я новкъахь, гур долчехь охьадиллинехь, хьаъа схьаоьцур долуш долуш, хаза бер дара иза. Нисвелла, хила ма-веззара, кIайн чкъор долуш, Iаьржа месаш йолуш, вуьззина кIант вара иза.
Маршо радио: Бусулба дино хIун боху те? Цо бэбибоксаш ца хьехайо, кхеташ ма-хиллара.
Дешначу стага ШахIид-Хьаьжас дийцира оцу хьокъехь.
ШахIид-Хьаьжа: "Сийлахьчу КIуръано билгалдаьккхина ду "шайн бераш ма дайъалаш аша, кхера а лой - мацалла ярна а, готтало ярна а. Уьш а, шу а кхобур ду шуна. Рицкъ лур ду шуна", аьлла-кх Аль-ИсраI бохучу сурин тIехь, 211 агIонна тIехь. КIуръано бохург хIун ду, бер миччахь дича а, бер малик ма ду, цуьнан 15 шо кхаччалц. Хьаъа динехь а, мухха динехь а Делан малик ду иза цуьнан 15 шо кхаччалц."
Маршо радио: ХIора а беран, ша дале са а тийсина, дуьненчу даларх даккхийдеш, дезаш долу да-нана хуьлийла. Бэбибоксана чу а диллина, цуьнан неI дIакъовлу тата цхьанне берана ма хозийла.