ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керста президенташа ларам бо Рамаданан


Iамеркан Цхьаатоьхна Штаташ -- Мархийн баттахь ифтар дан КIайчу ЦIийне бусулбанех болу куьйгалхой кхайкхина президента Обама Барака, 2011
Iамеркан Цхьаатоьхна Штаташ -- Мархийн баттахь ифтар дан КIайчу ЦIийне бусулбанех болу куьйгалхой кхайкхина президента Обама Барака, 2011

Бусулбанийн мархийн бутт тΙекхаьчча, цхьа халла, эхь а хеташ, дикачу агΙор бусулба дин хьахош нисло Кремло. Ткъа иза наггахь бен нислуш доцург ду. Амма кхин сурт го оцу баттахь Европерчу Iедалшкахь.



Масех де хьалха Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Фабиус Лорана шен белхан кхерча марха даста - Iарбойн маттахь аьлча, - ифтаре кхайкхинера бусулба пачхьалкхийн векалтийн куьйгалхой. Комаьрша кечдинчу шуьне баьхкинера СаIуди Iаьрбара, Мисарара, Урдунера, Малайзера, Туркойчуьра, кхидIа а болчу бусулба мехкашкара хьеший.

Цу мархдастарехь дакъалоцуш а, цигахь Туркоймохк векал беш а хиллачу Огра Ахьмада журналисташка дийцарехь, и Iадат иттанаш шерашкахь схьадогIуш дара Францехь.

Бакъду, тIаьхьарчу шерашкахь бусулба динца а, иза лелочаьрца а гома хиллачу Францин экс-президент Саркози Николяс дIасацийнера и ламаст. „Амма керлачу францхойн урхалло юхаметтахIоттийна и дика Iадат“, - бохуш дийцира „Францойн бусулба динан кхеташо“ цIе йолчу цхьанатохараллин вице-президента Огра Ахьмада.

Бусулба пачхьалкхийн векалш хилла ца Iаш, ифтарехь дакъалоцуш бара меттигерчу бусулба юкъараллийн жигархой а, Францерчу тайп-тайпанчу министраллашкахь белхаш беш болу бусулба динера белхахой а.

Иштта, цунах терра Iадат ду Австрехь а, Рамазан-баттахь меттигерчу лаккхарчу Iедалийн векалша бусулбанашна сарахь марха даста шун хIоттош. ХIора шарахь Австрин президенто Фишер Хайнца ша волчу ифтаре кхойкху бIе гергга бусулба стаг. Цу цхьанакхетараллехь дакъалоцуш хуьлу иштта кхиболу Австрин лаккхара даржахой а.

Австрехь бусулба дин официалехь динан статус лелош долу бIе шо сов хан ю. Луларчу Европерчу пахьалкхашкахьчул, оццу Францехь я Германехьчул дуккха а аьхна ду цундела цу Альпийн махкахь бехачу бусулбанийн хьал а.

ХIора шарахь метигерчу эскарехь, БундесхIерехь, шайн декхар дIахьочу салташлахь бусулба дин лелочарна лерина доккха той хIоттадо эскаран куьйгалло, Венерчу турпалхойн майданахь четарш а хIиттадой, хьанал Iадаташца кечбина кхача а боькъуш.

Ур-аттала метигерчу набахтешкахь а ду тоьллачех хьелаш бусулбачарна марханаш кхаба кхоьллина. Чубоьхкинчаьрга терхьан ламазаш а дойту, кхин дIа долу ламазаш ца дийцича а. Царна хьанал кхача ло, ткъа и кхача сарахь мархдостучу хенахь бен ца биича а магадо. Амма уггаре а тамашена дерг ду цу набахтешкарчу тутмакхашна луш долу жижиг шарIо ма-хьоьхху урс хьаькхина хуьлуш ду.
XS
SM
MD
LG