Нохчийчохь бIеннаш эзарнаш кегий нах бу, дикачу кханене са а туьйсуш, бехаш. Iедалан цIарх йолчу кегирхойн комитето бен болх, доккхачу декъанна, цаьрга низамаш ца дохадайтарца бозу. Даима а, арахь а, чохь а, хаамийн гIирсашкахь а, маьждигарчу хьехамашкахь а дуьйцург ду цхьаъ: Iедал Дала хIоттош ду, цунна муьтIахь хила веза массо а.
Тахана, кегийрхошна, бакъдерг дийцича, баккхий Iаткъамаш хуьлу. Дахаран некъ хьехна а ца Iаш, тIерачу духарца а, коьртахь лелочуьнца а Iуналла до Iедалша.
Нохчийчоьнан кегирхойн комитетера ву Ислам цIе йолу белхахо. Цо Маршо Радиога дуьйцу шена тIекхуьучу чкъуран гIиллакхах а, оьздангаллах а лаьцна хетарг.
Ислам: «Кегийрхошна алссам маршо еза. Иза шайна ца тоьаш санна а хета царна. ГIиллакхаш а, оьздангалла а лело деза. И меттиг ларйичхьана, цара шаьш шайна еза маршо схьаякхичхьана, иза коьртаниг хир ду аьлла хета суна».
Кегирхойн кхетош-кхиоран белхан жигархочунна Исламна хетарехь, хьалхалерачу а, хIинцалерачу а кегийрхошна юкъахь йоккха башхалла ю. ХIора а чкъуран шен-шен дика агIонаш а, вуонаш а ю, боху цо.
Ислам: « ХIинца долу хIуманаш цу хенахь дацара. Амма лелаш кегирхойн цхьа политика а йолуш, хьалакхуьуш дара тхо. Тахана дуккха а хIума ду самукъдаккха. И хIуманаш цхьана агIор пайдехьа а ду, ткъа вукху агIор зуламе а хуьлу. Амма вай, юкъаметтиг лар а еш, хьехамаш а беш, кегирхой Iамо беза».
Белхан меттигаш бацарца а, тIемаш латтарца а билгалъяьллачу Нохчийчохь цхьана юкъанна тесина битина бара кегирхой. Цундела дуккхачийн кхолламаш цхьа а хьоьгур волуш бац. Ша а жима стаг волчу Анзор цIе йолчу кIанта дуьйцу таханлерачу шен Iер-дахарх лаьцна.
Анзор: «Сан чкъорана пайда бохьуш дуккха а хIуманаш ду тахана. Маьждигаш ду деш. Лаккхарчу доьшийлашца а бу аьттонаш беш. Дикане сатуьйсу оха».
Кегийрхошна Iаткъам беш долу маьттаза хIуманаш, малар делахь а, озар делахь а, уьш дIадаха дезара аьлла хета Анзорна. Баккхйичаьргара довлу и вон масалш, элира цо.
Анзор: «Махкахь даьржина маларш а, ийзарш а дIадаьхча бакъахьа хетара суна. Баккхийчаьргара схьаоьцуш ду уьш кегийчара. Шайн хьекъал ца хиларе терра, иза марзло царна. Иза ледара хIума ду. Баккхийчнаш дIанисбелча, кегийнаш а нислур бара".
Кегирхошна белхан меттигашца нисйича доккха гIуллакх хир дара аьлла хета Анзорна. Оцу тIехь болх ледара беш бо, боху кIанта.
Анзор: «Кегирхошна цхьа жимма а ша кхион хIума дац. Дешарх а, школахъ а мукъависича, белхан меттигаш яц. Цхьа жимма а уьш пайде болх беш балахьара, цIахь бисича, эрна арахула лелар бацара. Ишшта хIума тидаме эцча дика хир дара».
Таханлерчу кегийрхошкара атта дахар а, сакъерар а дезар баккхийчаьргара кхаьчна сакхт ду аьлла хета Анзорна. Амма баккхий Iаткъамаш лайнехь а, нохчийн кегирхоша дIа ца тосу къоман коьрта гIиллакхаш. Уьш цIийца долучух тера ду, боху жимчу стага.
Анзор: «Со со а Ингалсехьхь доьшуш ву. Суна дкиа го цигара дахар. Цигахь 18 шо кхаьчнарг воккхачуьнца бакъонашкахь дIатарло, къасташ а воцуш. Конституцин низамца беха уьш. Ларам а, кхиндолу гIиллакхаш а данне а дац цаьрца. Изза ду Нохчийчохь а, кIезга далахь а. Тхо дуьххьара деша дIадахча, хьехархо чувеъча, тхо хьалагIевттича, чIогIа цецбуьйлура ингалсхой. Тхайн гIиллакхехь ишшта ду аьлча, чIогIа самукъдолура церан. Ахь шайна беш ларам гича, цара юха хьоьга а ларам бора».