ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу протестан гуламера


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу гуламех цхьаъ лаьтташ,13Ман2012
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу гуламех цхьаъ лаьтташ,13Ман2012

Еарийдийнан сарахь гуламе нах гулбира Соьлж-ГΙалахь Нохчийчуьрчу бакъоларъярхоша а, цхьацца юкъараллаша а. Деношкахь Москох кхо кавказхо – ши нохчо а, дагестанхо а вийначу шина зуламхошна доггΙу таΙзар дан а, хаамийн къирсашка хиллачун буьззина мах хадабайта а Кремль декхаре еш дара цигахь дина къамел.





Гулам вовшахтоьхначу жигархошка Маршо Радионо дийхира шаьш арадаьккхинарг шуьйро довзийтар. Бакъоларъярхочо Саратова Хедас хΙара элира.





Москох шайн махкахой байъар дуккха а болчу оьрсаша къобалдойла хезаш хиларо дарбина кавказхой, Нохчийчуьрчу «Оптимум» шех олучу юкъараллин куьйгалхочо Ахмаев Руслана дийцарехь. Иза а ву гуламе халкъ кхайкхинчех цхьаъ.


XS
SM
MD
LG