Парламент халкъан векал ю – 4,5 %
Парламентан карахь хΙумма а дац - 41%
Нохчийчуьрчу парламенто зен до – 50%
Парламентан сан бала а бац 4, 5 %
Пайде низамаш кхуллу парламенто – 0%
Кхожехь хиллачу хаттарна иштта делла жоьпаш.
Парламенте бакъболу къоман хьажам кхин хила а тарло. Кхеташ ду, Маршо Радионо бина хаттам буьллийла дац плебесцитан могΙара. Делахь а, иштта ду делла жоьпаш.
Телефонан зΙенехула а, тхан корреспонденташкахула а парламентах лаьцна Нохчийчуьра схьа шайн дог-ойла йовзийтинарш а бу.
Новр-ГΙалара Рукъман.
ВаларгтΙера Рамзан.
Гуьмсера Ваха.
Хьалха-Мартанара Висхан.
Лаха-Неврера Яха.
Теркйистера ШаΙран.
Шуьйтара Мовсар.
ЧΙуьлга-Юьртара Леча.
Иштта ду Маршо Радионо, хΙун сатийсамаш бузу нохчаша парламентца, цуьнан таро юй махкана пайде хила, нехан дахар токхе ден низамаш тIеэца, аьлла хΙоттийначу хаттарна дуьхьал яздина а, хазийна а жоьпаш.
Халахеташ делахь, хаттар дийцаре деш Маршо Радиоца зΙене бевллачара меттиг ца ло, нохчийн мохк маьрша бу, и маршо ларъеш, нехан дахар тодан ницкъ болуш цигахь парламент ю ала. КхидΙа а сатийсамашкахь, хьогамашкахь даха дуьсу дукхахболучарна...