ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьан лелийна Шемахь дIаьвше герз?


Шема - химин герзах веллачу шен гергарчуьнан докъана тIехIотта еана и зуда, 21Мар2013.
Шема - химин герзах веллачу шен гергарчуьнан докъана тIехIотта еана и зуда, 21Мар2013.

Шеман коьртачу Димашкъа-гIалина йистехь дIаьвше газ а лелийна, шеман оппозицино ма-бахара, 300 сов стаг верца доьзна гIуллакх талла араяьлла ю Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организаци. Шеман Iедалш реза хилла шайн махка Организацин инспекторш бахкийта. Амма малхбузера Iедалийн векалийн хьесапехь, дIаьвше газ лелийна хиларан ларш хIаллакьяллалц я шаьшха дIайовллалц Асадан режимо дахдира инспекторш чубитарца доьзна къамелаш.

Димашкъана йистехь дIаьвше герз лелийна аьлла, даханчу кхаарин дийнахь орца даьккхинера Шемарчу оппозицино. Цо бахарехь 300 стагана тIера 1,300 стагана тIекхаччалц ду цу дIаьвше герзо байъинчу нехан терахь. Царна юкъахь бераш а ду.

Официала Димашкъо кIиран де тIекхаччалц, вуно деха дийцира и гIуллакх талла Цхьаьнакхеттачу Къамьнийн Организацин инспекторш бахийтарх лаьцна. Оршот дийнахь химин герз лелийна хилар къасто боьлху инспекторш тIехь хиллачу машенна тIе герз диттира. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин зорбан секретаро Несирки Мартина дIахьедар дина, «мила ву ца хиинчу снайперо маситтаза леррина герз тоьхна» цу машенна тIе, аьлла. Шина стагана чевнаш хилла, машен дIа а кхетта, йохийна.


Шема -- Цхьаьнакхеттачу Кхеттачу Къаьмнийн Организацин машенаш ю Димашкъана йистехь дIаьвше герз лелийна хилар къасто инспекторш эцна йоьлхуш, 26Мар2013
Шема -- Цхьаьнакхеттачу Кхеттачу Къаьмнийн Организацин машенаш ю Димашкъана йистехь дIаьвше герз лелийна хилар къасто инспекторш эцна йоьлхуш, 26Мар2013
​Ткъа Шеман пачхьалкхан телевизионо «террорахоша» диттина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн инспекторшна тIе герз аьлла дийцира. ГIаттамхой бу оццул нах баларна бехке, уьш дIасалелачу туннелаш чохь химин герзан лараш карийна. Iедалийн эскархой а бара садукъалуш а, дIовш даьлла билгалонаш йолуш а, бохуш дуьйцу Шеман телевизионо.

Оршот дийнахь оьрсийн «Известия» газетехь зорбане яьккхинчу интервью тIехь Шеман президенто Асада керстадина, шен ницкъаша химин герз лелийна хилар. Муьлхха а кепара Iамерка Шемана чугIорта хьажахь, цунна эшам хир бу. Шемах малхбузенан марионетка хир яц, аьлла Асада.

КIайчу ЦIийнан векалша бахарехь, церан «чIогIа кIезга шеко ю» Асадан эскарша дIаьвше герз лелийна хиларх. Асадан ницкъаша цу метте леррина хIаваэра герзаш диттира, дIаьвше герзан лараш яйъа, аьллера Вошингтоно.
Британино а аьлла, даханчу кхаарин дийнахь Димашкъана йистехь химин атака йинарш Асдаан эскарш хиларх теша ша.

Шеман коьрта бертахо йолчу Оьрсийчоьно къобал а дина тIеэцна, Шемано инспекторш чубитарца боьзна бина сацам. Цул сов, Оьрсийчоьно варе дина, инспекторш химин герзийн хьокъехь дерг къастадаллалц, сих ма ло, аьлла.

Шеман Iедална дуьхьал болчу жигархоша бахарехь, кхаарин Iуьйранна диттинчу дIаьвше герзаша вийна, мел лаххара а, 300 стаг. БIеннаш дарбан цIийне бахана са дукъулуш, багара а, меран чуьра а чопаш юьйлуш а, йоIбIаьргаш жимлуш а хиларна.


Кхокхий делла Шемахь химин герз лелийначул тIаьхьа, 26Мар2013
Кхокхий делла Шемахь химин герз лелийначул тIаьхьа, 26Мар2013
​Зе хиллачеран суьрташ а, видеош а ю интернете яьхна. Дукха эксперташа дечу жамIашца, Димашкъана йистехь лелийнарг дIаьвше герз ду.
Шоьтан дийнахь «Доза доцу лоьрийн» организацино дIахьедар дира, шайн белхахой болх беш хиллачу Шемара дарбан-хIусамашка 3,600 стаг валийнра «дIаьвшо кхетам талхоран» билгалонаш йолуш. Царах 355 шоьтан дийнахь динчу хьесапца веллера.

Даханчу шарахь Iамеркан президенто Обама Барака аьллера, нагахь санна Шемано химин герз леладахь, иза цIечу сизал тIехъялар хир ду. Карарчу хенахь хууш ду Iамерка шен тIеман хIурдан кеманаш кечдеш юйла. Амма хIинца а дуьйцуш дац, Шемана дуьхьала Iамерка а, цо цу гIуллакхана юкъаозон тарло кхин йолу пачхьалкхаш а билггал хIун дан дагахь ю.
XS
SM
MD
LG