Димашкъехь дIаьвше герз лелор толлуш болу дуьненаюкъара инспекторш Шемара дIагIур бу Шоьтан дийнахь. Цуьнах лаьцна хаам бина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Инарлан секретаро Бан Ки Муна. Кхаарин дийнахь Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида дIахьедар дира Шеман тохар дарх лаьцна сацам бан беза Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин эксперташ шайн болх бина бевллачул тIаьхьа аьлла.
Iамеркан президенто Обама Барака селхана сарахь телевизионна ша еллачу интервьюхь элира, цкъачунна Шеман президентан Асад Башаран режимана дуьхьал тIом бар хьокъехь сацам ца бина ша аьлла. Цу хеннахь цо дIахьедар дира, Шемахь дIаьвше герз лелор жоп доцуш дита мегар дац аьлла. Обамас дийцарехь, Iамеркана хета Шемахь дIаьвше герз лелийнарш Iедалан ницкъаш бу аьлла.
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Гатилов Геннадийс дIахьедар дина Кхаарин дийнахь, Шеман тIеман тохар дан деза бохуш кхайкхамаш бар дуьненаюкъарчу низамашца догIуш дац аьлла.