Нагахь санна Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, цуьнан бертахоша а Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташонан пурба а доцуш, Шеман Iедало шен махкахошна дуьхьала химин герз даьккхинера тIеман тIелатар дича, дуьненаюкъара бакъо йохор хир дарий?
Iилманчаш-низамхой бекъало цу тIехь.
Веввзаш волу дуьненаюкъара зуламийн а, адамийн бакъонийн а адвокат, Европан Кхелехь а, Европан Адамийн Бакъонийн Кхелехь а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин ТIеман Кхелехь а маьIне гIуллакхаш дIакхехьна волчу Робертсон Джеффрис бахарехь, истори йоьттина ю, хир дацара бохучу хиламех.
Робертсон: "Дукхха а бIерашкахь хилла ю адамаллина дуьхьал я адамаллина дуьхьал ден зуламаш совцон Iалашонца юкъагIорта бакъо. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организаци хилале хилла а ю, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацел тIаьхьа а хир йолуш ю."
Робертсона бахарехь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организаци кхоьллина 1945-гIа шо тIекхачале Британина дуьненан пурба ца эшнера леш эцар-бохкор сацон Iалашонца, дуьненаюкъарчу порташна тIелатарш дан а, Iусманан империн къизаллаш совцон а, Греци кIелхьаръяккха а коалицин урхалла дан а. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организаци кхоьллинчул тIаьхьа:
Робертсон: «Угандин президент Амин Идис шен 75,000 махкахо вийнера. Кхерамазаллин Кхеташоно къобалдаре ца хьоьжуш, махкана чу а гIоьртина, низамийн буха тIехь вохийра иза. 1971-чу шарахь Бангладешехь сацийра боккхачу барамехь зударий хьийзор а, геноцид яр а. Иза а, Кхерамазаллин Кхеташонан пурба а доцуш, махкана чугIортарца сацийна дара.»
Роберстона, иштта, КIайчу ЦIийнахь толлуш йолу Косово а тIетуьйхира цунна. 1999-чу шарахь НАТОно йиттинчу бомбанаша сацийра Югославин ницкъаша албанхой хIаллакьбар. Кхерамазаллин Кхеташонан пурба дацара церан.
Йозуш йоцчу дуьненаюкъара Комиссино тIаьхьуо кхел йира «низамехь» хилла тIеман ницкъ лелоран кампанина.
Говзанчо бахарехь, Шемаца юста йиш ю КосовоЮ, хIунда аьлча, шинхьа а адамаллина дуьхьал даьхна зуламаш ду. Оьрсийчоьно хьалха санна хIинца а пайда оьцур бу, Кхерамазаллин Кхеташонехь вето яран бакъонах.
Цундела, боху цо, Кхерамазаллин Кхеташоно жоп ца ло, иэхьаца доьзна, сихонца къастон дезачу хаттаршна.
Кхеташонехь и хаттарш къасточул а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла секретаре Бан Ки Муне бозуш боцчу дуьненаюкъара кхелахойн тоба вовшахтохуьйтур яра. ТIаккха цара сацам бийр бара Асада динчуьн хьокъехь.
Адамаллина дуьхьал доху зуламаш совцон бахьанаш 1925-чу шарера Женеван протоколехь а ( http://www.un.org/disarmament/WMD/Bio/1925GenevaProtocol.shtml ) го Робертсонна. Шемано хIетахь куьг яздинера химин а, биологин а герз лелор доьхкучу бертахь. Ткъа 1993-чу шарахь 189 пачхьалкхо куьг яздина Химин Конвенцина юкъа ца яхара Шема.
Робертсон: «Нагахь санна химин герзашна лелорна дуьхьал вайгахь бакъо елахь, уьш лелочарна цхьа доза хила деза цу тIехь тухуш. Ишта ца хилахь, дуьненаюкъара низам моттаргIа ю, иза тIе яздинчу кехатан меха а йоцу.»
Робертсонна низамийн бух ца го, Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Обамас кховдийначу, шен пачхьалкхана кхерам бу, Шемахь химин герз лелорна, аьлла тIеман атака яран ойланехь.
Робертсон: "Суна хетарехь цунах дуоза хала хир ду иза. ХIунда аьлча, ша шех ларъеш Iамерка Шемана тIелетта алалур дац кхузахь. Алалур дерг ду, адамаллина дуьхьала деш долу зуламаш совцон Iалашонца яьккхина гIулч яра – Асадан Iедало шен къоман 1,000 сов стаг цхьанаметта вийна, аьлла. Низам ца дохош, Iамеркан дан йиш ерг ишта го суна."
Низамийн важа агIо йовзуьйту Къилбаседа-Малхбузенан университетера бакъонийн профессоро, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин эксперто ХIёрд Яна. Цо артикл язъйина «Нью-Йорк Таймсехь» «Бомбанаш етта Шемана, иза низамехь дацахь а» цIе йолу. Цунна хетарехь, ишта хир ду иза.
Шен артиклехь ХIёрда билгалдоккху, 1925-чу шарахь химин герз доьхку барт «дуьненаюкъарчу тIемашна хьажийна хилар а, чоьхьарчу девнашна хьажийна ца хилар а.»
1945-чу шарахь дуьйна хIокху дуьнентIерчу массо а къаьмнаша тIелаьцна низамийн декхар ду, Цхьаьанкхеттачу Къаьмнийн низамаш лардар.
ХIёрд: «Дуьненаюкъара низамашкахь кхетташ яздина ду, пачхьалкхийн бакъо яц вукху пачхьалкхашна чугIерта, аьлла. Ша шех ларъян дезча я Кхерамазаллин Кхеташонан пурбанца иза деш дацахь. 1945-чу шарахь дуьйна дуьненаюкъарчу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин низамехь яздина а, хьалхара меттиг лоцуш а ду иза. Таханлерчу дийнахь дуьненаюкъахь къепе латторан центр ю иза. Цундела цхьа а юкъарадаккхар дац, хIуманитаран Iалашонца кхечу пачхьалкхана чугIортарна.»
ХIёрдана хетарехь, тIамца Шемана чугIортар иэхьаца йоьзначу агIор ду бух болуш. Цхьанатоьхначу Штаташа йохур йолу гIулчаш, оцу цхьана бахьанца йоьзна хила лууш ву иза. Амма низам ихьан аргументана тIаьхьакхуьучух тера ду.
ХIёрда бахарехь, Iилманчашна юкъахь ира къийсамаш лаьтта ехха хан ю «Цхьаьанкхеттачу Къаьмнийн Организацин низамаш шаьшха хенаца хийцаделла тIаьхьарчу хенахь. Кхеташонан пурба а доцуш, хIуманитаран бахьанашца низамаш ца дохош царах пайда эца», бохучуьн хьокъехь. Цуьнан цхьа жоп дац.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамаллина дуьхьал дечу зуламийн хьокъехь долу низамашкахь кхачамбацарш ду аьлла хета ХIёрдана. Руандехь 1994-чу шарахь геноцид ян йолийча билгалделира иза., боху цо.
Руандехь ткъа шарахь гергга, бехк боцу нах бойъуш, геноцид йой хуъушехь, цигахь шен машарбархой боллушехь, Организацино хIумма а ца дира, дуьненаюкъарчу низамашца шен хIумма а дан бакъо яц, бохуш. Ткъа иза, дуьнанюкъарчу синIаткъаман чевнашца доьзначу низамашца дерзалур долу дов хета ХIёрдана.
Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона Шемахь йинчу химин атакех «маьттаза гIуллакх» аьлла. Ткъа Францин президенто Франсуа Олланда дIахьедар дина «и гIуллакх жоп доцуш дитар, нийса хир дац» аьлла.
ХIёрда бахарехь, «дуккха а наха гIортор ечу гIуллакхан хьокъехь аша сацам бахь, акха къизаллаш лелор сацорна дуьхьал ницкъ баккхар тIаккха бух болуш хуьлу. ТIаккха шун карахь бахьанийн кочар ду, Кхеташонан пурба а доцуш, Шемана чугIорта».
Марсхьокху-беттан 29-чу дийнахь Британин парламенто юхатоьхна Кэмерон Дэвида Шемана тIеман тIелатар дарна далийна бахьанаш. ХIинца дерриг дуьне хьоьжуш ду, Обамас хIун эр ду.
(Маршо радион Вошингтонера корреспондент Хизер Мар)