ДIадаханчу мукъа деношкахь Iамеркера вевзаш волу рэппер Канье Вест вара Казахстанан президентан Назарбаев Нурсултанан йоIан кIентан ловзаргахь эшарш лоькхуш. Амма Вест воцург, кхин а дуккха а артисташ а, спортсменаш а бу диктаторийн ахчанашка марзабелла.
Хьекъал доцчо, ахча сов даьлча ...

1
Канье Вест Нью-Йоркехь локхуш ву. 12ГIур2012

3
Езачу барамехь Дуьненан чемпион хилла волу боксер Тайсон Майк а, Нохчийчоьнан премьер-министран когаметта хилла волу Кадыров Рамзан а Гуьмсехь, 05Гезг2005.

4
Кери Марайас 1 миллион доллар диллира шен кисана , 2008-чу шарахь Кхаддафи доьзална хьалха эшарш лекхча.

6
Iамеркера эшаршлакхархо Лопез Дженнифер президент Бердымухамедов Гурбангулын вина де даздан еанера Туркменистане, дийцарехь, Китайра цхьана мехкдаьттан компанин чотах. 29Манг2013.