Хууш ду, Оьрсийчоьнан дахар гурашка а дерзош, цунна харш къасториг шегахь цхьа а дозанаш доцу мандат кхобу президент Путин Владимир вуйла. Ткъа пачхьалкхан думано формалехь, куьйгаш а айдой, тΙечΙагΙбо конституцино беккъа шен президентан карахь бац аьлла лору ницкъ.
Оьрсийчоьнан вахархо хила тоаме ду, шаьш оьрсийн мотт а буьйцуш, Оьрсийчохь гергарнаш болчу нахана, бохучу низаман чарх кечъяр тΙедожийра Путин Владимира парламентна кху бΙаьста.
Оцу низамна ша кечйина чарх йийцаре яьккхира деношкахь думехь Жириновский Владимиран либералан-демократин партерчу Худяков Романа. Оцу документо боху, нагахь санна стаг, Оьрсийчоьнан Федерацехь вина а волуш, цхьацца бахьанашца кхечу пачхьалкхехь ваха висинехь, цуьнан бакъо ю Оьрсийчу юхаверза.
И кеп йийцаре яьккхира думано дахначу кΙиранах. Коммунисташ тΙетайра цунна. Амма дуьхьало йира, иза тΙе ца оьцуьйтуш, «Нийсонан Оьрсийчоьно» а, националистийн тΙегΙантΙехь болучу а депутаташа. Цара уггаре а хьалха гΙатториг дара, оьрсех боцу нах хьаьлхар бу Оьрсийчу, низам оцу кепехь нислахь, бохург. Ткъа церан кхетамехь, миграци тΙекΙаеш хилча а, и дан тарло беккъа дΙа шайн даймахках къаьстина бисинчу оьрсийн дуьхьа.
Депутатийн докккхачу декъанна хетарехь, хьашт дац кхидолчу къаьмнийн векалш Оьрсийчу схьахьолху некъ баккха.
Мила ву Оьрсийчохь ваха восса бакъо йолуш, хьанна, муха бехка беза цу чубогΙу некъаш, къуьйсуш депутаташ Ιаччу юкъанна, Оьрсийчоь юхкуш ю, неΙарш а йиллина, нехан нахана дΙалуш ю, аьлла, орца даржийра Москох «Оьрсий» цΙе йолчу националистийн боламан лидера Демушкин Дмитрийс а, цуьнан дагара болчу кхечу боламаша а. ХΙинца оцу маьхьаро гуламашка баьхна массо а Москохара националисташ.
Оьрсийчоьнан кевнаш доьллу низам-м муххале а арахоьцийла дац, мелхо а, бехка беза Азерчу мигранташна Оьрсийчу кхочу некъаш, уьш визанашца бен ма буьтийла махка, боху националисташа. Иза баьхна а ца Ιа. Даима а санна коча гΙерта кавказхошна а - Къилбаседа Кавказерчу бахархой Оьрсийчухула дΙаса ца лелийта, баха ца ховшийта, царна тΙехь а яржон еза визанийн режим, аьлла хета националисташна.
Ткъа ишттаниг моссаза оьккху а, хуьлуш ма-хиллара, шайгара дегабаамаш хазабо лаахь а, ца лаахь а Оьрсийчоьнан халкъ шайх а олуш, баха тΙедоьжначу кавказхоша а.
Диканиг бен шех я Нохчийчохь а, я Оьрсийчохь а ца хозуьйтуш, къомана даима а пайде а хилла яьхна, тахана а шен ницкъ кхоччург до евзаш йолчу нохчийн театрала, актрисас Багалова Зулайс. Цо Маршо Радиоца дечу къамело йовзуьйту ала мегар ду Москох лелачо кавказхочун дага йоссайо хьу. Иштта ду цунна хетарг.
Дума реза ца хилла оьрсий а, уьш боцурш кхин а 100 сов долчу Оьрсийчоьнан къаьмнийн даймахка берза аьтто бан.
Мехкан ков деллахь, адамийн Ιовраш чухьалхарна кхоьру депутаташ. Кхечу дешнашца бахахь а, изза боху оьрсийн националисташа а. Стенна тΙе кхочур бу, мухха а маьΙна долуш эцна а, низам тΙе ца эцча ца бовлу депутаташ а, уьш ларбеш, цергаш хьекхаеш Ιен оьрсийн националисташ а, ала хала ду. Амма Багалова Зулайна а, кхечу кхетамчохь болчу кавказхошна а хетарехь, диканна дац Оьрсийчохь къам къомаца эгΙош гΙаьттина дов ца дуьжуш дахдалар.