Оьрсийчохь Iаламат дукха хьулу шайна, гIазакхашна юкъара девнаш. Герз долуш, доцуш, караеънарг тухий а, вовшен карах баларш а ду шортта. Къаьркъа меллачехь иккхина буй-тIарий, мел лаххара а, цхьаъ велларг вуьсуш доьрзуш хуьлу.
Йоккха тоба вовшах а тоьхна, цара кхечу къомаха волчу цхьана-шина стагана ден тIелатарш а, кеп-кепара чаккхе йолуш нисло. Цкъа цара воь, юха царах вуьо.
Масала, кавказхошний, оьрсашний юкъахь даьлла дов доладалар бахьана, доккхачу декъана, оьрсаша буьйцу оьзда боцу мотт хуьлу. Цара и мотт вовшашна юкъахь буьйцуш лортIехь хетахь а, уллехь болчара, иза хезачара, шаьш сийсазадеш санна тIеоьцу.
Москохара цхьана гIаьххьа езачу, дика кхача кечбечу ресторан чохь хевшина Iаш дуккха а нах бара. Масех нохчийн доттагIа вара шайн хIусамнаношца, берашца кхачанах самукъа а долуш, забаре къамелаш деш, хевшина Iаш. Царна нацкъаро хиина Iаш гIазакхийн кегийчу нехан тоба яра. Шайца зудабераш дара аьлла ца Iаш, боьха, цIена мотт бийцара, мохь туххуш, къаьркъано жимма бохбинчу къона наха.
Уьш ресторанан массо маьIIехь хезаш бара. Церан агIора дIахьовсахь а, хIума ала ца хIиттара ресторанера хьеший. Эххар а, шайн бераша а церан эвхьазчу къамелашка ладугIий тусаделла цхьа нохчо хьала а гIаьттина, гIовгIанечу, оьзда боцу мот буьйцучу тобанна тIевахара.
«Тхоьца зударий, бераш дара, я къамел меллаша дахьара аша я, оьзда доцу дешанаш ма леладахьара», аьлла дина дехар, шаьш ца ларар санна хийтира гIазакхашна. «Тхо тхайн цIахь ду, тхайна луъу мотт буьйцур бу оха. Реза вацахь, хьайн зуда, бераш эций, хахкалой, хьайн цIа гIо», аьлла дара жоп. Уллехь хиина Iачу кхечо гIазакхийчо кхин а маьттаза хIума элира.
Цигахь иккхина тасадалар, гIазакхашна яй чевнаш еш дирзира. 3 шо арахь даккха туьйхира, оьзда боцу мотт ца бийцар деха тIеваханчу нохчочунна. И кхо шо чохь ца даккхийта, кхеташ ма-хиллара, теттина ахчанаш кховдон дийзира Москохарчу кхелахошна.
Оьрсийчура кхелахошна йоккха са ю, нохчо юкъахь волу дов листар. ХIунда аьлча, кхело нохчашна кхайкхон таIзарш луьра а, такха тIейохку хенаш еха а, набахтеш Оьрсийчоьнан уггар генара, шийлачу кIошташкара хуьлун дера, тIе даккхий декхарш хьерчош, кхелахошна ахчанаш лой, оьрсийн низамийн системех ларбала хьовсу нохчий.
Дукха хан йоццуш, Оьрсийчохь рогIера дов иккхина. Цу тIехула хIокху тIаьхьарчу кхаа шарахь уггар йоккхачех йолу дуьхьалонан акци дIаяьхьира Бирюлево-кIоштара оьрсаша. Аьлча а, тIаьхьуо гучу даьлла ма-хиллара, ира-кара хIиттийначу оьрсийн националисташа. Уьш кегийн нах муьлаш бара а, ира-карахIиттийнарш муьлаш бара а, программехь тIаьхьуо дуьйцур ду эксперташа.
Официала болчу хаамашца, Азербайджанера вахархочо Зейналов Орхана ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь урс диттина, вийна оьрсийн къомаха волу жимастаг Щербаков Егор. Хилларг ма-дарра, тахана а дуьйцуш дац. И дов Щербаковца хиллачу зудаберана тIехула даьллера, алар доцург.
ГIадужу-беттан 13-гIа, КIиран де суьйренга лесташ, расистийн дIахьедарш деш, дуьхьалончийн тоба Москохарчу Бирюлево-кIоштара йохка-эцаран центрна чуяьллера, кораш отуш. Вуьйш, мигранташа белхаш бечу, Европехь а уггар йоккхачех ларалучу хасстоьмийн базина чоьхьабовла хьаьвсира. Дийцарехь, циггахь болх беш хилла Зейналов а. Амма тIекхаьчна хиллачу полицино юхабаьхнера, къаьркъано бахийна кегий нах.
23 стаг, царна юкъахь 8 полисхо а волуш, чевнаш хилла ву цигарчу тасадаларшкахь. 400 протестхо лаьцнера, амма царах дукхах берш вуно сиха дIахийцира. Полици юха а мигранташна тIейирзира. ГIадужу-беттан 14-чу дийнахь Бирюлевора хасстоьмийн базехь лаьцна чувоьллира 1,200 мигрант.
Дийцарехь, Москох кхин дIа а рейдаш дIахьуш ю полици, арахьара тIебаьхкина нах чу а бухкуш.
Москох-гIалахь а, цуьнан йистошкахь а дела денна вуоь, мел-лаххара цхьа шиъ я масех стаг. Билггал цу девно хIунда гIаттийнера кегий нах. Оьрсийчура политологана Орешкин Дмитрийна хетарехь, и нах шаьшха ца кхеттера вовшах. Царна деш урхалла дара.
Орешкин: Суна девзачу, Москохара адамаш дайъаран хьесапехь, дийнахь I-2 стаг воь. ХIинца хIара стаг вийчий бен ца хилла, оццул даккхий къепедацарш дан бахьана. Цу гIуллакхана юкъа ца гIерташ, нацкъара хьаьжча гуш ду, иза леррина меттахдаьккхина хилар. ХIокху беттан итталгIа де тIекхочучу буса хилла ду стаг вер. Къепедацарш 13-чехь хилла. 3 дийнахь цхьана наха леррина юкъараллин ойла карзахъяьккхина.
"Къоман гулам" бохучу гIуллакхана кечамаш бина. Интернетехь дика гуш ду иза. Социалан машанашна тIехь кхайкхамаш бина. Кхеташ ду, юкъаралла цIеххьаша гуламехь гул ца еллий.
Цхьаммо тIе а диллина, арабевллачу цхьана нехан тоба ю. Цхьаммо къаьркъа ма кхехьна вовшаштоьхначу цу нахана тIе. Цхьаммо кхайкхамаш а ма бина. ХIумма а хала ма дац иза къастон, лаам хилчхьана.
Со шек ву, цхьана урхаллера телефон а тоьхна, шайга "стаг вер толлучу хенахь, цуьнан дуьхье кхача гIерташ тIех чуьра ма довла" аьлла, къамел дича, уьш чуьра бевриг хиларх.
Маршо радио: ХIун тайпа нах бара Бирюлевехь къепедацарш динарш? Мила ву царна Iуналла деш верг?
Орешкин: Аьчкан чIунаш диттина, журналист Кашин Даймохк беза Iамийна болу, "оьрсийн держава" ларъярхой хила а тарло уьш. Футболан фанаташца боьзна болчуха болу тIемалой хила а тарло. Уьш а, Кремлера администрацино кхобуш бу.
И ша йолу "шпана" леррина Iамийна, питана муха таса деза Iамийна ю, оьшучу хенахь демократин хийцмаш сецош царах пайда эцархьамма.
Цул сов, вайна бевзачу наха царех пайда оьцу, хьал къовлуш, маьршонаш хедош.
Масала, Болотная майданахь массо хIума маьрша дара, шайна дIаяхьа бакъо еллачу митинге боьлхуш бара нах. Машенаш ягон гIерташ а, куьзганаш ата гIерташ а цхьа вацара. Ткъа кхузахь, юьххьера дуьйна низамна дуьхьала дара.
Маршо радио: Делахь а, къаьркъа малийна, ира-кара хIоттийна, араяьккхинчу оьрсийн кегийрахойн тобано диначуьн башха кIорге ма гIерта аьлла, лакхара делла омар ду аьлла хеташ ву политолог Орешкин. ХIунда аьлча, цуьнан орамаш долу меттиг гучуер ю.
Орешкин: Стаг вийна кхо де даьллачул тIаьхьа "оцу къоман гуламо" гIуллакх теллина даьлла хила деза хIунда боху? Йохка-эцаран центр я хасстоьмийн базар тIекIелъяккха хIунда боьлху? Цхьаммо аьлла, стаг вийнарг цигахь лечкъаш ву. Полици барт-хеттарш дIахьуш ю. Кхузахь полицин хьаькамашна чIогIа хала ду. ХIунда аьлча, цаьрга лакхара схьа аьллачух тера ду, "башха кIорге ца гIерташ, цхьа кега-мерза нахана таIзарш де".
Оцу кепара, кхузахь ши хIума ду. Полицина тIехь церан коьрта белхан декхар дIакхехьар - къепе латтор я, чекистех бозуш хилар ду. Цара (чекисташа) олу, "таллам чекхбаллалц дIабахьа ца оьшу".
Маршо радио: Политолога Орешкин Дмитрийс ма-боххура, хьагI-гамонан къепедацарш Iедалийн планаца дIадаьхьна хилча, кхин дIа а и тайпа тасадаларш хила тарлой? Къамел доцуш, уьш хир ду элира политолого.
Орешкин: Иза ца хилча ер йоцу процесс ю.
ХIунда аьлча, цхьана агIора меттахъевлла ойланаш ю. Вукху агIора, и ойланаш яьссачу меттехь кхуьуш ма яц. Дерриг дуьненахь а тIебаьхкинарш башха кIеда-мерза ца оьцу тIе. Кхузахь цхьа шен амал йолу социалан гIиллакх ду. Хаттар муха ду аьлча - ахьа и гIиллакх дузадо, я, хьо иза охьатаIон гIерта?
Бирюлевохь хилларг муха дара аьлча, и гIиллакх дузорна тIехьажийна дара. ХагI кхиор дара. Хьанна тIехьажийна дара бохург ишта маьIне дац. Оцу хьогIан куц-кеп ду. "Го баьккхина мостагIий бу. Чоьхьа а мостагIий бу." МостагIий лехар а, царна таIзар даран а система - коьртана аьрта хилар ду. ХIунда аьлча, цивилизацех иза муха къаьсташ ду аьлча, бехкан цхьаъ жоьпалле виллар ду. Ткъа корта аьрта хилар - цхьа тоба бехке яр ду. Дукхаллехь бехке бар. Масала, буржуйш бу бехке. Я жуьгтий бу бехке. Я, (Iамеркан) пачхьалкхан департаментан векалш бу бехке. Я, Москох "понаехавшие" олу, тIебаьхкинарш бу бехке. И ойла чIогIа шуьйра яьржина ю.
Гуттар а, дика кечбинчу аьшпашна бухахь бакъдолчуьн цхьа кийсиг хуьлу. "Хаъ, тIебаьхкина. ХIаъ, дог иэтIадо цара".
Амма, маьIне дерг, Iедална хеташ дерг ма ду. Сецор я гIортор яр? Iедало гIортор йо. Цхьаннена къайле яц и футболан фанаташа оцу батош атарехь жигара дакъа лоцуш хилар. Ницкъаллийн структурашкарчу тайп-тайпанчу нахаца ша-тайпа нийсса уьйраш йолуш хуьлу уьш.
Маршо радио: «Наши» олучу боламан векалийн Селигерехь дIахьуш долу цхьаьнакхетарш а ду боху Орешкина, Iедалийн цу идеологина тIедоьгIна. Ишта аттачу баьккхинчу кхетамах дика кхуьу оьрсийн юкъаралла. Масала, жуьгтий бехке бу – уьш дIабаха беза. Нохчий бехке бу, тIе бомбанаш йиттина, уьш хIаллакьбан беза. ТIаккха, буьххьехь кIохцалх буьйцина, леккха бетонан пен бан беза, Нохчийчуь бахархой Оьрсийчу ца гIертийта. Иштта кхин дIа а.
И тайпа ойланаш юкъаралло хьовха, оьрсийн политикаша гIарайоху. Уьш хIинца а бу оьрсийн пачхьалкхан ДУМехь, тIеман министраллашкахь, герзийн урхаллашкахь, Москох-гIалин администрацехь а. Дукхах хан йоццуш Москохан мэр харжале дIаяьхьначу харжамийн кампанехь мигранаташ а, оьрсий къомаха боцурш а сийсазабохуш, уьш мел йолчу проблемийн бухе бохкуш дара, кандидаташа дина къамелаш. Уьш сингаттамца тидаме ийцира адамийн бакъонашларъярхоша.
«Гражданское содействие» организацин куьйгалхочо Ганнушкина Светланас элира цу хьокъехь.
Ганнушкина: Нах реза бац хуьлчунна а, бакъонийн органаш бечу балхана а. Шаьш кхерамазаллехь ца хета царна. Иза цхьана агIора ду. Вукху агIора, Iедало цу ойланех пайда оьцу.
Москох-гIалин мэран харжамашкахь массо аьлча санна, кандидаташа дина къамелаш вай дагадакхийтича, уьш цхьа а юха ца велира, националистийн карта лелорах.
Маршо радио: Ша воккха либерал а, демократ а, Кремлан а, цуьнан муьтIахьанчийн а коррупцица къийсам латторхо а лоручу Навальный Алексейс – Москохан мэран дарж къовсуш иза а вара - Бирюлевохь къепедацарш динчу кегий нахана гIортор еш дIахьедар дира, «пекъарш, цу хьола тIе баьхна уьш», боху маьIна долуш.
Башха кIорге ца хьоьжуш, цхьа жимма а ойла йича дика гуш ду, низамехь болчу а, боцчу а мигрантех юха а, тIаккха а пайда оьцурш Iедалш хилар. Iедална луш ял йоцуш, чIагIбина белхан барт ца хилча, мигрант балха эцнарг шена луъург дан йиш йолуш ву, цу мигрантийн бакъонаш кIоршаме талхорна тIекхаччалц. Дукха хьолахь, иза ишта дан а ду. Бирюлевера хасстоьмийн базе лаьцна аьлча, цуьнан боккъал болу долахой ФСБера бу бохуш дуьйцу. Хасстоьмийн базе ваха бакъо ца хилла, ур-атталла, цига хьажар тIаьхьа долу «участковый» олу полисхо а.
Полицин белхахойн йозуш йоцчу профсоюзан куьйгалхочо Пашкин Михаила дийцира цунах лаьцна.
Пашкин: Базаршка чу буьтуш бац а бацара полисхой. Царна дихкина дара гучубовла а. Базарна тIехьажа везаш волу участковый волчунна а ца магадора иза-м. Базаран куьйгалло ца витара. Ткъа базаран куьйгалла, схьагарехь, цу гIалин гонан а, полицин урхаллица а "Вась-Вась" долуш дара. Цигахь кхин хьаькамаш а болчух тера ду. Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министралла хилла ца Iаш, ФСБ а ю оцу массо "юртбахамах" хьакхаелла. Цундела тIаьхьарчу шина шарахь полици цига гIерташ а яцара.
Маршо радио: Къепедацарш мел шайн урхаллица хиллехь а, моттаргIанаш лелош, Iедалша шен даржех ваьккхина Бирюлево Чохьарчу ГIуллакхийн Декъан куьйгалхо Каверин Геннадий.
Цхьана агIора, Каверин даржех валар, цунна догIуш хIума ду аьлла хета Пашкинна. Вукху агIора, иза къера ву, цуьнан карахь хIумма ца хилла бохучунна.
Пашкин: Нагахь санна хьан белхан территори тIехь ишта «ноткъа» а йолуш, хьо вист ца хуьлуш Iаш велахь, хьуна догIуш ду иза. Амма, со тешна ву, Каверинан кхин некъ хилла ца хиларх. ХIунда аьлча, иза хьалххе вистхиллехь, цу даржера кхин а хьалха вухур вара.
Маршо радио: И бохург ду, эзар сов мигранто болх бечу базех пайда болуш дуккха а лакхара хьаькамаш бу, бохург. ХIунда аьлча, юкъахь Iедал доцуш я бизнесхошка а лелайойтур яцара, Форбсо динчу хьесапца, шарахь 9 миллиард доллар ахча керчош йолу база.
Оцу юкъанна, боккъалла долчунна тIера тидам дIабаккха аьтто болу оьрсийн Iедалийн. Ша йолу оьгIазалла мигранташна тIеяхийтина ю. Цунах доккха гIуллакх хилла.
Кхин цхьана оьрсийн политолога Белковский Станислава дийцира Маршо радиога. Иза тешна ву, къепедацаршна бехке Кремл а, оьрсийн Iедалш а хиларх.
Белковский: Суна хетарехь, Бирюлевохь хиллачуьнан дуккха а шолгIа маьIна долу бахьанаш ду. Цхьаъ коьртаниг а ду.
ШолгIа маьIна долчунна юкъа аса хIорш дохуьйтур дара. Цхьаъ, оьрсийн юкъараллехь лакхайовлуш йолу националистийн ойланаш. Къаьсттина, коьрта гIаланашкахь. Сан Къоман Стратегин институто 8 шо хьалха варе динера оцу хьокъехь. Амма хIетахь кIезиг наха тидам бира цунна. Цунна бахьана дара, миграцин политикехь дуккха а хилла кхачамбацарш.
Коьртачу декъана, оьрсийн даккхий ахчанашна яцон хIоттийна ю иза. Низамехь а, низамехь боцуш а болх бечу мигрантийн лайн балхах царна йоккха са йолу. Цундела цу тайпа миграцина эвсара яла меттиг ю шорта. Йоккхачу капитало боххург деш ду Iедалш. Ма-дарра аьлча, цуьнан хьашташ кхочушдо.
Иза, иштта, мигрантийн диаспораш бертахь хилар а ду. Кхузахь бехачу нехан лилха хиларна а, уьш ша-ша бевлла хиларна а дуьхьал ду.
Амма кхин цхьа коьрта бахьана а ду – оьрсийн яккхийчу гIаланашкахь провинциалалла алсамъйолуш хилар.
Тидамза дита ца деза, Бирюлево – ша-тайпа кIошт хилар.
Цу кIоштехь кафеш ян а яц, ала мегар ду. Кино хьажа театрш а яц, метро яц. Москохана юкъайогIу цхьа гIайре санна ю иза.
Москох – цунна цхьа йоккха метрополи ю. Бирюлево – провинци ю. Ткъа, оьрсийн стаг исторехь гуттар а оцу провинциалаллех вАла гIерташ, къийсалуш хиларе терра – путинан заманан политикан уггар а ледара агIо ю иза - Бирюлевехь аракхоссаеллаерг, кIаргъелла оьзагIало. Оцу политико эвсара йоккху, IаIайо и вуо оьгIазло. Цкъачунна вай цунна тIаьхьакхуьуш дац. Вай коьртачу цамгарна дарба лелор дац, цуьнан цхьа меженаш лоьцуш Iийр ду вай.
Маршо радио: Бирюлевохь стаг вийначул тIаьхьа хиллачунна къепедацаршна Iедалша динчуьн муха мах хадо бара ахьа?
Белковский: Стандартан кепехь лийлира Iедал. Цкъа дуьххьара, хьал доцчунна тIедаккха хьаьжира. Ткъа, хьал куьйга кIелара долий гича, гIеххьачул кхераделира Iедал. Хiунда аьлча, цхьаннена а кхерам боцчехь сиха а, тIах-аьлла а лела Iемина ду хIара Iедал.
Масала, «Болотный гIуллакхана» юкъавогIу 12 стаг лаьллина лелош. Iедална цхьана кепара кхераме боцу нах, буьззинчу барамехь жоп луш бу. Шена кхераме болчу нахах уьду хIара Iедал. Хiунда аьлча, иттаннаш эзарнаш урхалла ца далун нах карзахбовлахь, царах боккха бала бер юу. Болотная майданахь санна а доцуш, моттаргIанаш ца лелош, боккъалла а къепедацарш дийр ду. Царца ларадала халуо хир ду Iедална. Iедало юха а гайтина, ша моттийта гIертарх а, иза башха ницкъ болуш йоцийла.
Маршо радио: Бирюлево-кIоштан бахархой кхин цкъа а вовшахтоьхначу митинге кхайкхийра. Цара Iедална тIе декхар диллина, 16 агIонах лаьттанш долу. Царна юкъахь, низамехь боцчу мигранташна тIехь урхалла дар а цхьаьна. Цу бахархоша векал бинчу наха бахарехь, нагахь санна цара дина тIедахкарш кхаа дийнахь кхочуш ца дахь, Москох-гIалин Малхбалерчу гонан префект а, меттигерчу урхаллин куьйгалхо а дIаккхар доьхур ду шаьш, аьлла.
Политологана Орешкин Дмитрийна хетарехь, гIазакхийн национализм ловзон йоккхучу а, цунах пайда оьцучу а Кремло, шена кхане йоккху. Харц Iедална тIеяхийта декхар йолу оьгIазалла миска мигранташна тIеяхийтича, пачхьалкхан хазна лечкъош урхалла дечу Кремлера Iедалхойн парггIат Iойла ю. Цундела, Бирюлевохь а, кхеченхьа а долу къепедацарш шаьшха лелха аьлла хетарш, бакъдолчух ца кхета я дерг лачкъон хьожу.