ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIурба даздира Венера нохчийн зударша


Австри -- Нохчийн зударий шайн берашца вовшахкхеттера Венерчу маьждигехь ГIурбан деза денош чекхдовлар даздан, ГIадужу беттан 20, 2013
Австри -- Нохчийн зударий шайн берашца вовшахкхеттера Венерчу маьждигехь ГIурбан деза денош чекхдовлар даздан, ГIадужу беттан 20, 2013

ХIора шарахь бусулба дезденош чекхдевллачуьл тIаьхьа вовшахкхеташ Iадат ду Венерчу нохчийн хьуьжарехь доьшуш болчу зударийн а, церан берийн а. Иттанаш дешархой, шайна юккъехь кегий бераш а, къанбелла зударий а болш, марзо эца гулбеллера кIирандийнахь а.

ХIора шарахь санна, гIурбан даздарш чекх девллачул тIаьхьа, вовшахкхеттера Венерачу нохчийн хьуьжарехь доьшуш болу зударий, бераший.

ХIора шарахь бусулба дезденош чекхдевллачуьл тIаьхьа вовшахкхеташ Iадат ду Венерчу нохчийн хьуьжарехь доьшуш болчу зударийн а, церан берийн а. Иттанаш дешархой, шайна юккъехь кегий бераш а, къанбелла зударий а болш, марзо эца гулбеллера кIирандийнахь а. Азимова Сийлахас дуьйцу цу цхьанакхетарх лаьцна.

Венерчу нохчийн маьждигехь кIиранахь шозза, шота дийнахьий, кIирандийнахьий дешаран сахьташ хуьлу вайнехан зударшний, берашний лерина. Цара Iарбойн йоза-дешар а, КъурIан а Iамадо. И хьуьжаре схьайиллинарг а, цигахь хьохуш ерг а Лайлаъ цIе йолу нохчийн мухIажар ю.

Амма еккъа цхьа дешаран кхерч хилла ца Iа Венера нохчийн хьуьжар. Иза иштта меттигерачу вайнехан зударийн а вовшахкхета а, вовшашца а, шайн хьехархочуьнца а дагадовла а меттиг ю. Дахаран тайп-тайпанчу голатохаршкахь хьехар оьшург а, динан хеттаршкахь гIо оьшург а кхочу цига. Ткъа иштта шайн къоман нахаца марзо эца луург а.

Мел кIезга а, шарахь шозза, мархийн бутт дIабаьлчий, гIурбанаш дIадевллачий бусулба динан дезденош лара а, царах бахьана а дина вовшашна хазхетар дан а, марзо эца а вовшахтуху Лайлаас шен хьуьжаре оьхуш болу зударий а, бераш а. Шен аьтто бол-болчуо цIахь бой, нохчийн кхачанаш а бохьу – нохчашлахь олуш ма-хиллара, юучуьнца кхоллало марзо а, гергарло а. Даймахкана геналлехь-м тешна а.

Лайлаъ: „ГIурба бахьана долуш вовшахкхета ду тхо. ХIора шарахь гулло тхо иштта. Зударийн а, берийн а самукъа а доккхуш, марзо а оьцуш, гIурбан маьIна а дуьйцуш, Iа тхо. Кхо-ддиъ шо ду оха хIара хIума иштт а лелош долу. Зударшна а чуьра арабовлар а хьулу, и гIурба марздар а хуьлу берашна а, зударшна а“.

Вовшашца, нохчийн олуш ма-хиллара, чайн стак молуш, дистхуьлуш Iийначул тIаьхьа кег-мезга совгIаташ вовшашна луш Iадат а ду хьуьжарехь гуллучу зударийн а, берийн. И совгIаташ дIогара даккхий мехаш долуш дацахь а, вовшашца йолу марзо а, гергарло а чIагI цара деш хиларна, юккъе даьккхина Iадат ду иза, бохуш, дуьйцу Лайлаа.

Лайлаъ: „Пайхамаран хьадис (Делан салам хуьйла цунна), вовшашна совгIаташ ло аш, дезаш хир ду вовшашна“, аьлла. Кхин даккхий совгIаташ аьлла, еза хIумнаш а яц уьш, иштта масех еврона хIума ло-кх оха вовшашна. ТIаккха а дагна хазахета-кх и хIума шена елча. Дагана иза хазхеташ дацахь, Пайхамар а аьлла а хир дацара, иза ло, аьлла“.

Амма харц хир дара деккъа вовшашца чайнаш мийла я луьш-олуш Iен цу хьуьжарехь гулбелларш Бераша гайтира шаьш тIаьхьарчу хенахь Iамийнарг вовшашна а, шайн наношна а. Хьехархочуо Лайлаас викторинин хьесапехь хеттарш а деш, царна жоьпаш делларш билгал а бохурш ша-тайпа къовсам а дIабаьхьира берашлахь а.
XS
SM
MD
LG