ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минанех яьккхина ю Нохчийчоь хIинца а


Нохчийчоь - Минанех яьхна ю ярташ хIинца а, 2011
Нохчийчоь - Минанех яьхна ю ярташ хIинца а, 2011

Нохчийчуьра тIемаш севцца боху иттех шо делахь а, тIеман хьелашкара йовлаза ю мехкан аренаш, хотеш, ирзош, хьаннаш. Лаьттах йохку бомбанаш, хIоьънаш, минанаш. Церан чот а яц хууш.




Оьрсийчоьнан тIеман министаралло хIаваъкеманех а, беракеманех а шуьйра пайда а оьцуш,комаьршша минаш юхкуш «хьандина» Нохчийчоьнан латтанаш. Цу тIеман хьукхматехь хуучух тера а дац шаьш мича мел хIун кхоьссина а, лаьттах яхначийн чот-барам а.

Юкъараллин боламаша а, бакъонашларьярхоша а, парламенто а, Iедалан векалша а дехарш дича а тIеман буьйранчаша жоп делла дац, махка кхиссинчу минийн-бомбанийн карта гойтур ду аьлла а, чукхийсинчу кхерамечу герзан хIоккхул терахь ду аьлла а.

Гарехь уьш Iаламат дукха хуьлчух тера ду. Цунна тоьшалла до кху Нохчийчохь уьш бахьнехь лелхаш лаьттачу бохамаша а. Даьхний дайьар а, техника йохаяр а доцуш, официалан хьостано даладе терахьаш а ду вуно Iаткъаме: и хьуламехь Iуьллу герз бахьанехь бохам баьлларг ву виъ эзар сов вахархо. Царех велла 2 эзар сов. Царалахь бер ду 142. Дукха гена доцчу 2011–чу шарахь, масала, ларамаза минанаш тIенисвелла вийнарг а, лазийнарг а ву махкахь 20 стаг.

Оьрсийчоьнан президент Медведев Дмитрийна тIекхаччалц, бала кхочурш дукха хиллехь а, хIинццалц схьа дукха ледара, партал дIадоккхуш дара Нохчийчуьра массарна а коьрта лазар а хилла лаьтта и герз. Тахана Оьрсийчоьнан тIеман министараллин минаш дIаяхарна жоьпаллин долчу декъан буьйранчаша Iорадаккхарца, диъ шо тоаме ду махкара латтанаш царех мукъадаха.

Лакхарчу тIегIан эпсаро гIардаккхарца, минаш дIаяхарехь кхузахь пайдаэца болийна керлачу «Тропа» цIе йолчу, леррина кхоьллинчу "заряд" олучу бустам-оьккхургах.

"Цо таро ло минанаш йолчу кха-майданахь масех минотехь цхьа метр шуьйра а, 50 метр беха а некъ баккха а, цул тIаьхьа, и эккхийтича, цу билгалйинчу меттехь мел йолу оьккху хIума детонаци бахьанехь шаьш лелха а» - боху тIеман министараллан эпсаро .Иза тешна ву, цу керла юкъадалоро 3-4 шарахь Нохчийчуьра кхаш-аренаш минанех дIацIаньян таро лур ю аьлла.

Говзанчаша чIагIдарца, минанаш а, бомбанаш а хIаллакьян и керла некъ карор бахьанехь кхушеран бIаьстенан хьалхарчу Охан-баттахь дуьйна, хIара карахь болу Лахьан-бутт юккъе баххалц махкахь мукъадаьккхинарг 2 эзар сов гектар латтанаш ду.

Оццу хенахь, боху тIеман омратан эпсаро, минанех дIацIандан лоьруш дерг ца хилла 500 гектар латта а. Шайн а, техникан а кхиам санна туьду буьйранчаша и кхераме болх бечу юкъана, лаьттах йохку минанаш лелхийта керла некъ карор, салташлахь лазийна а я вийна а стагга а цахилар а, балха тIехь сихо хилар а.

Бахархошлахь кIезиг дац и минанаш бахьанехь Iовжийна, эшамо лазийна дегнаш. Хьонкане яхханчохь, мини тIе а нисьелла, 3-4 шо хьалха йиша елла йисина ю, масала, Саперт, ТIехьа –Мартанан кIоштера.

Бежанаш схьадало вахча заьIапа висина Шелан кIоштара хIинца 14-15 шо долу Муса.

Мина а иккхина, кIант вийна итт шо хьалха Соьлжа-гIалин кIоштарчу Султанан.

Масалш, масалш, масалш...

Цхьаболчара кхеторехь, чот йоцуш дукха лаьттах йохку минанаш бахьанехь керта вон деънарш меттах а бевлла, цара ОЬрсийчоьнан тIеман министаралла суьде лахь, инарлийн дуккха а токхамаш бан дезар ду бехк боцу нах бале лацарна...
XS
SM
MD
LG