ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулба зударшна цIахь фитнесс ян видео арахецна


"Nadoona Extreme" видеона юкъара схьаэцна сурт
"Nadoona Extreme" видеона юкъара схьаэцна сурт

Iамеркан Флорида штатера цхьана бусулба зудчуо арахецна, бусулба зударшна фитнес Iамош долу видео диск.

Массарна хаьа, совнаха дилха дIадаккха мел хала ду. Уггар халаниг, хьо кхача гIертачух доттагIий кхеташ ца хилар ду. Оцу тайпа хьолехь нисъеллера масех шо хьалха Надин Абу Джубара. Палестинера схьаялар долуш, Флорида штатехь ехаш йолчу Надинас бахарехь, цхьа жимма азлуш, могушалла тоян ша сацам бича, бусулба юкъараллехь масех стаг ваьлла цунна гIортор еш.

Ловзаргашкахь а, дика-вуонехь а Гергарчу Малхбалера юургах стоьлаш йоьттина йолуш, цу тIера могушаллина пайде а, цхьа кIеззиг а юьллучу хенахь, «ДIаялахь, кхин схьаэцахь!», я, «Цхьа де бен ма дац иза, цкъа кхаллал бен а яц», олу шега боху Надина.

Надин: "Хуьлчуо дог даьккхинера сан. Амма со юха ца елира, айса леринчунна тIера. Айса юхьарлаьцначунна тIекхаччалц дIаяхара со."

30 кийла дIа а яьккхина, хIара хазъелла дIахIоьттича, нах цец-инзара буьйлуш гина Надинна.

Надин: «Ватта сан дела, хьо ма хазъелла! Схьайийца хьайн къайле, ахьа хIун дина? БIоьзза сайга цу тайпа хаттар динчул тIаьхьа, аса ойла йира, къамел доцуш, тхан юкъараллехь ца тоьаш цхьаъ ду-кх», аьлла.»

Надина бахарехь, иза кхеттера, могуш а, нисбелла а хила, бусулба зударийн карахь кIезиг хIума дуйла. Церан проблемаш кхин цхьаннена а яц. Ур-атталла, фитнесехь а, мадаре, дегI хьулдеш бедарш юху бусулба узадрша.
Керлачу куьце йирзинчу Надина сацам бира, кхечу бусулба зударшна а гIо дан, чолхенах чекхбийла.

Иштта, фитнесан говзанчо инженера вебсайт кхоьллира “Nadoona,” цIе йолу, Iаьрбийн маттахь «тхо кхойкхуш ду» ду боху. Цхьана зудчунна диета билгал а йоккхуш, видеоIамрош дIаяхьарх цо жимма ахча эца йолаелла иза.

http://nadoona.com/

Трейнингаш езаш тIех дукха нах бевлла цуьнан, царна юкъахь бусулба боцурш а.

Надин: «Аса цунна ойла ечу хенахь, со цхьа а дIататта дагахь яцара. Аса гуттар олуш ма-хиллара, дуьмо а, целлюлито а къаста ца во стаг муьлхачу къомара, тайпана ву. Кзечу дахаран тIегIанашкахь санна, суна цкъа а ца лиинера и башхаллаш вайна юкъахь хуьлийла. Вай массо а цхьанатухуш йолу ойла ю иза.»

Надинан дегI меттахдоккху фитнес мел оьшуш хиллера аьлча, «Nadoona Extreme» олу бусулба зударшна видео диск арахеца дагатеснера. «ЦIахь Iашшехь, хьайн дегIана дола дан йиш ю хьан», аьлла, дог ойъуш ю цуьнан программа.





Лахьанан-бутт болалуш «Nadoona Extreme» дегI меттахдаккха хьоьхуш, 2,000 диск арахецна Абу Джубара. Цуьнан вебсайтехула диск эца луучара масех кIира хьалха эцнера.

Зайнаб ИсмаьIал цIе йолчу, вуно нисъеллачу «Хиджаб йоьхна сержант» олучу зудчо гойту фитнес. Пуэрто-Рикера схьаяьлла и зуда чIогIа инзара истори йолуш ю. Хьалха къоман бодибилданган чемпион хилла ю иза. 20 шарахь фитнесс тренер болх бина а ю. Башха дукха хан яц цо бусулба дин тIеэцна а.

Цу видео тIехь, фитнес еш лелон хеча а, деха пхьуьйшаш долу туника а, хиджаб тиллина а ю иза. ТIехьажча атта хетахь а, ян хала фитнес ю иза.

И видео бусулба зударшна яьккхина хиларе терра, Зайнабан духар дийцаре даьккхинера бохуш дийцира Надина.

Надин: «Гуттар а къийсам бу, малхбузехь бусулба зударий муха хила беза бохучуьн хьокъехь: цу юкъараллех дIауьйш, тхан дино бохург муха кхочушдан деза» бохучу хаттарехь. Къаьсттина, фитнес-дуьненахь. Цигахь мадаре хила чIогIа хала ду. Зайнаб бусулба духар доьхна а, оццу хенахь, дуьзна гали санна ца хилийта а, лууш дара тхо. Нахана ган лаьа: «Дика ду, соьца болх беш верг мила ву? Схьагайтал суна» бохучу кепехь. Наггахь, аса стагана тIе дино боху духар доьхча, гур дац, дегI тоделла догIуш дуйла»

ДегI меттахдаккха дIахIуттуш, Iаьрбийн маттахь «тасмия» олу Зайнаба. Надина бахарехь, дегI меттахдакхарх динера Iалашо хIоттайо ишта. Бисмилла аларца, Дела цхьаъ хилар билгалдоккху.

Надин Джубар: «Пайхамара, Делера салам хийла цунна, тхан дино а хьоьху тхуна, оха тхайн догIмашна дола дезаш хиларх а, цунна зе дан мегарг ца хиларх а. Юучунна тIехь тIехвалар а, дегI меттах ца даккхар а, дегIанан ницкъ баран кеп ю. Цундела, шен дегIана дола дар, цуьнца доьзна ду».

ХIинца а дукха хьалхе ду, «Nadoona Extreme» DVD диск Iамеркан Цхьанатоьхначу штаташкара фитнес-индустрихь дика дохкалур ду ала. Амма цкъачунна, бусулба зударшна дегI меттахдаккха лерина деккъа цхьа диск ду аьлла, куралла ян йиш ю.
XS
SM
MD
LG