ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Бертана букъ тоьхна президент дIаваккха гIерта украинхой


Украина - Йозуш Ца Хиларан майданехь Европица цхьаьнабаха лууш болу украинхой бу, Украинин президенте Янукович Викторе шегара дарж охьадиллар доьхуш, Киев, ГIуран беттан 1, 2013.
Украина - Йозуш Ца Хиларан майданехь Европица цхьаьнабаха лууш болу украинхой бу, Украинин президенте Янукович Викторе шегара дарж охьадиллар доьхуш, Киев, ГIуран беттан 1, 2013.

Лахлуш дац Киеверчу Майданера къепе дацарш. Януковичан Iедало Европехьа букъ берзорна резадацар гайта арабевлла хилла болу маьрша нах кху мукъаденошкахь полицино къиза дIасалахка гIортар бахьана долуш кхин а алсам даьлла дуьхьалонан акцин декъашхойн терахь

Украинин коьртачу шахьарехь Киевехь марсайовлуш ю дуьхьлонан акцеш, ткъа мукъаденошкахь гIовттамхой ницкъаца дIасалахка гIоьртина хилла болу меттигера Iедалхой шаьш лерина хьал юккъедаккха дагахь бац, бохуш, керисталла деш бу.

Шота буса нуьцкъалле операци дIаяхьира Украинерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Майданехь дуьхьалонан акци дIахьош болу маьрша наха дIасалахкархьама. Официалан хаамашца 30 стаг лазийнера цигахь. Цул совнаха, кIирандийнахь дуьхьалонан акцийн декъашхошца хиллачу тийсадалашкахь 75 полисхо а лазийна, 40 сов журналист а лазийна, бохуш чIагIдо меттигерачу Iедало.

Цу кепарчу дерачу тийсаларшка и Майданера хьал меттигерачу „Беркут“ цIе йолчу леринчу полисхойн тобанан бIаьхоша машаречу дуьхьалонийн акцин декъашхошна, сахуьлучу хенахь тIе а летта, къиза еттар бахьан долуш дирзира.

Украинин куьйгалла, гаррехь Оьрсийчуьрчу Iедалша тIеIаткъам а бина, хьалхех дуьйна Евробертаца бан лерина хилла болу интеграцих болу барт ца беш, юха а теттина, сацар бахьана долуш шайн резацадацар гайта арабевлла цхьа кIира а дара украинхой. Дуьхьалонан акцеш дIайолаелчахьана Майданехь болх беш йолу журналист Черных Раяна ВолхIа а яра Iедалхоша Майданера шайн дуьхьалончаш дIасалахкаран теш. Цу хиламо меттигера адам юха а цхьаъ хилла дIахIоттийна боху Раянас, могIарерачу бахархошна тIера гIаланийн дайшна тIе кхаччалца.

Черных Раяна ВолхIа: „Хьал муха ду аьлча, демонстрацешка арабевллачу нахана Iедало къизаллийца варзакъаш йиттинчул тIаьхьа, украинхой вуно оьгIазбахана бу. Доллу адам, - университетийн ректорашна тIера гIаланийн дайшна тIекхаччалца (масала, Тернополан а, Львован а мэраш бу царна юккъехь), - иштта эпсарашка кхаччалца халкъе урамашка арадала, „хIан-хIа“ ала Iедало ницкъаца вайн хеттаршна жоьпаш даларна, „хIан-хIа“ ала шен къомана дуьхьал Iедало зуламаш дарна, бохуш, кхайкхамаш бан доладелча, цу мIаьргонехь суна кхеташ дара, Киев а, Киев йоцург а иштта атта дIатуьйра йоцийла“.

Нагахь санна Iедало шен къизалла гайтале Майданехь масех бIе стаг бен ца хиллехь, „Беркут“ тобанан цу кепарчу леларо бIеннаш эзарнаш нах урамашка бехира, бохуш дуьйцу журналиста Черных Раяна ВолхIас. Украинерчу Iедалийн уггаре а доккха гIалат дара боху дуьйцу цуо и тайпа репрессеш халкъан дуьхьала дIаяхьар.

Черных Раяна ВолхIа: „Официалан Iедалийн боккъал а вуно доккха гIалат дара и нах иштта дIасалахкар. ХIунда аьлча, пIераскан буьйсанна, масала, суо Майданера дIайоьдучу хенахь, суна гуш дара цигахь, мел дукха а, 3-4 бIе стаг бен воцийла. Уьш а бара масех дийнахь дIасагIур болуш, хIунда аьлча барт хилла ма баьллера цигахь, цхьа дуьхьалончийн юкъараллин болам кхуллур бу, аьлла. Нах дIасагIур болуш ма бара.

Амма цу Iедалан иштта къинхетам боцуш хиларо тIаьххьарлера собар кхачийра нехан, тIаккха уьш урамашка а хьаьвдира. Киеван урамашкахь цхьаьна масех сохьтехь эзарнаш адамаш гулделира цул тIаьхьа. Иза вуно тамашийна сурт а дара. Ши сахьт далале цу масех эзар стагах цкъа хьалха I0 эзар, тIаккха 20 эзар, тIаккха 400 эзар адам хилира. Ткъа сарахь, со цигара дIайоьдучу хенахь, суна хиира, цигахь цхьа миллион, 600 эзар стаг хиллийла!“

Хийцабелла, Киеверчу Майданера репортажаш ечу журналиста Раяна ВолхIа Черных ма-дийцара, хIинца дуьхьалоне арабевллачу нехан кхайкхамаш а. Хьалха цара евроинтеграцех болу барт тIечIагIбе бохуш хиллехь, хIинца цара иштта кхойкху, тIаьхьарчу 20 шарахь дуьххьара меттигерачу Iедало маьршачу украинхошна тIехь ницкъ барна шаьш бехке лоруш волчу президенте Януковиче шегара дарж охьадилларе.

ТIаьхьарчу деношкахь, къаьстина Iедалан нцикъаша маьршачу гIаттамхошна дуьхьал ницкъ бинчул тIаьхьа, шуьйра дийцаре даьккхина ду, Украинерчу куьйгалло Оьрсийчуьрчу эскаршка гIо деха там бу, шен халкъана дуьхьал хIотта, бохург.

Севастополерачу гIалин кхеташонан депутат волчу Смольянинов Сергейс тоххарехь кхайкхам бина Оьрсийчоьнан президенте Путине, оьрсийн эскар Украинина чудаладе, Цхьанатоьхначу Штаташ я НАТО -тIеман альянсо шайнарш Украине дахкадале, аьлла. Черных Раяна ВолхIина хетарехь, и „оьрсийн салтечун эткех“ долу хабар питанчаша лерина даржош хила мега, Майданера адам кхерадархьама.

Черных Раяна ВолхIа
: „Бакъдолш, цу буса демонстранташ дIасалаьхкина хилла йолу „Беркут“ тоба вуно къиза хиллера. Уьш дукъа къиза а, къа ца хеташ а леларна украинхой шаьш а цецбевллера. ПIераскандийнахь, цара и къизала гайтале цхьа де хьалха, массара а олура Майданехь: „Беркут“ ураме ер яц цкъа а, „Беркуто“ цкъа а зударшна-берашна тIе куьг хьур дац“, олий.

ТIаккха цара и адам мел чIогIа догмовла даьккхина хила деза! Суна схьахетарехь, цундела даьржина и хабарш, цу буса маьршачу нахех летта хилларш украинхой бацара, бохуш долу. „Я дукхох болу бахархой Оьрсийчоьнгахьа ойла йолуш йолчу ГIирмера хилла хир бу уьш, я Оьрсийчуьра лерина схьабахкийна болу „Витязь“ тIеман тобан декъашхой хилла хир бу уьш“, бохуш дуьйцу наха.

Ткъа шаьш Евромайдан кхоьллиначара а, иза дIахьош болчара а цу хьокъехь шайн агIончашка дехарш до, питанечу эладиттанех ма теша, бохуш. Оьрсашний, украинхошний юккъера гамо а ма чIагIйе, оьрсий украинхошна дуьхьал бу бохучу хабаршка ла а дугIуш, боху цара. ХIара Украинин чоьхьара гIуллакх ду, хIара машарае Майдан а ю боху цара юх-юха а“.

Цу юкъана оршот дийнахь Украинехь лерина хьал юккъедаккха там бу Iедалша боху хабар ду даьржаш. Жимма хьалхехь цу пачхьалкхан тIеман министро Лебедев Павелс и эладитта дацаре динехь а, амма Iедалхойн дешнех тешаш берш кIезга бу таханлерачу Украинехь.
XS
SM
MD
LG