ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ненан маттахь дешначунна, кхин меттанаш кхин а сиха карадоьрзу


Соьлж-гIала - школера ара а девлла, цIадоьлхуш ду бераш, 21ГIа2012
Соьлж-гIала - школера ара а девлла, цIадоьлхуш ду бераш, 21ГIа2012

Дукха хан йоццуш, Нохчийчура Iедалийн цIарах дIахьедар дира, республикехь ненан мотт кхион а, шорбан Iалашонца комисси кхуллуш ю аьлла. Цул тIаьхьа, кхин хIара ду аьлла, цу комиссех хир долчух лаьцна хIума хьахийна дац. Оцу юкъанна, Маршо радион корреспондент Хасимиков Iусман волавелира школашкахула, ненан меттан хьоле ладогIа. Цо дийцарехь, цхьаболу дай-наной а, шаьш хьехархой а саготта бу, школехь ненан мотт алсамбаккхахь, берашна юха гIазакхийн мотт ледара хаарна. Царна аьттехьа хуучух тера дац, ненан мотт шера бийца а, язбан а, беша а хуучу берана бен, кхин меттанаш сиха карадоьрзуш хиларх лаьцна Iилманчаша чIагIдийриг.


Нохчийн юкъараллехь юха а дийца даьккхина тахана ненан маттехь яллош ерг гIело хилар а, оьцуш хьакъдоллу пайда а боцуш иза Iуьллуш хилар а. Дийца хIуьттуш бацахь а яздархоша а,Iилманчаша а дика кхетадо, цунна, маттана беш болчу харц тIеIаткъамах и хьалха баккха ницкъ берш уггар хьалха Iедалдай белахь а, зевне дIахьедарш дар доцург, цунах дезар дина и дахаре берзо,пачхьалкхан мотт аьлла кхайкхийнехь а, уьш цуьрриг сиха цахилар.

Нохчийн хаамийн гIирсашкахь: телерадиохь а, газеташкахь а карарчу хенахь шуьйра пайдаоьцург оьрсийн мотт бу. Кхидолу къаьмнаш кхарддал беламе нисло цкъацкъа.Масала кху деношкахь телехьожийла ду гойтуш.

Бу боху артисташ бу, шайна юкъахь Ташаева Марем а йолуш, берашна эшарш лакха Iамош. Эшар нохчийн маттахь локху,ткъа къанбеллачара хьехарш оьрсийн маттахь до «вот так надо петь, тяни голос, не опускай голову» иштта дIа кхин а.
Тахана цуьрриг керла дац нохчаша нохчашка оьрсийн маттахь къамел дар.

Урхаллехь берш а, министарш а, маьхькIамхой а бахьнехь, цу иэхьечу хиламна бух тахана ишколашкахь буттуш а лору цхьаболчу хьехархоша. Дуьйцуш деза, нохчаллех дуьзна къамелаш а долуш боху цара, ишколашкахь тIетохар метта, ненан меттан сахьташ дIадохуш ду.

Цу хьокъехь соьга дуьйцуш ю Новр кIоштан цхьана ишколера 3-чу классан хьехархо Хьалимат.

Хьалимат: «Цхьа сахьт дIадаьккхина кхушара. Стохка цхьатерра нисдинера, ткъа кхушара эшийна. Нохчийн мотт айба беза бохуш дуьйцуш хабарш а долуш и стенна леладо-м ца хаьа. Нохчийн меттан бала а болуш лелош хIумма а дац.»

Хьалхарчу классашна ненан маттахь хьехар хьахаделча цхьаболчу хьехархоша кхеторехь,чIогIа хала хир ду тIаккха берашна оьрсийн мотт караберзо.Ишта хьажам болчех ю цигга Новр кIоштера 2 –чу классан хьехархо Зураъ.

Зураъ: «Суна хала хир ду аьлла хета тIаккха оьрсийн мотт Iамо.Тхо ишта шина-кхаа шаре ма довлу цунна тIаьхьа ца кхуьуш. Хала хир ду нохчийн матте дешар даккхахь».

Дукхахболчу хьехархоша дийцарехь юьхьанцарчу классашка нохчийн меттан цхьацца сахьт дIадаккхаро халонга баьккхина церан болх. Цара дийцарехь дуьххьала ишколе даьхкинчу кегийчу берашца уьш ларалуш бац кхачо йоллуш элпаш Iамо,къаьсттина шалха элпаш.Стенна аьлчи боху цара цхьа элп Iамо делларг цхьа сахьт бен дац,ткъа иза тоъане тоьуш дац.

Лакхарчу тIегIанахь нохчийн маттах а, гIиллакх-Iадатех а, нохчаллех а дуьйцуш цхьаъ долуш, сахьташ урс хьаькхча санна дацдар, цхьа шалхо лелор санна туьду ша бохуш дуьйцура Теркйист кIоштерчу хьехархочо Байсета.

Байсет: «Нохчийн меттан сахьташ дIадахар сан лазам бу-кх. Со кхеташ яц. Со цецьяьлла-кх и хиъчахьана а. Мел новкъа деъна суна иза. Телевизионехь Iедалехь болчара дуьйцуш цхьаъ ду, ткъа лелош кхин ду. Кхин сахьташ тоьуш дацахь, кхидерш дIадахий а нохчийн маттана дIалохьа. Оьрсийн маттана сагатдан оьшуш хIума ма дац.

Сагатдан безарг къоман мотт ма бу. Корта лазам хьаха хила безара.ас цхьа дош эшийча,тIаьхьа вогIучо ши дош эшийча, хIара нохчийн мотт дIа а баьлла.и къам оьрсийн къоме а дирзина дIадерий те аьлла лазам, сингаттам хила безар-кх. Берашна цу дела сохьта ма Iема гIазкхий мотт. Цунна сагатдан а,корта лаза а оьшуш кIадда а ма дац.»

Цхьаъ, шиъ шо хилла ца Iа махкахь юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн маттахь ца нисдахь и Iамор, караберзар галдалахь бен нислур дац бохуш дийцаре деш схьадогIуш долу.

Бакъду, тахана ала хала ду,кхана, лама, шо даьлча, маца дIадолор ду Iедалехь болчара нохчийн маттана гIо дар? Ала хала стенна ду? Дера ду, цу хиламна дуьхьало еш, ур-аттал, нохчийн мотт лакхарчу доьшийлашкахь хьоьхуш и мотт бахьнехь баха хевшина, юкъараллехь гIарабевлла, цIарца бийца а йиш йолуш. профессорш биста кхаччалц Iилманчаш хиларна.
XS
SM
MD
LG