ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къуръанца дарба до Венерчу имамо


Бусулба нехан уггар деза жайна Къуръан
Бусулба нехан уггар деза жайна Къуръан

Къуръанан гIоьнца, адаманна чуьра жиннаш арадахар бусулба дарбанашна юкъахь уггар а даьржинчех цхьаъ ду. Европехь шуьйра вевзаш ву и тайпа дарбанаш деш волу, Венерчу цхьана маьждиган имам Фаракъ Мухьаммад. ХьастагIа Венерчу университетехь лекцеш еша кхайкхина а вара иза, шен Iилманах лаьцна дийца.

„Оха шуна Къуръанца доуьйту, имдиллинчарна дарба а, къинхетам а шеца дерг, ткъа харцо лелочарна цунах зе бен хир дац“, - иштта ду Сийлахьчу КъурIанан цхьана Аятехь яздина. Цу дешнашна тIе тевжа шен дарбанашкахь йоллучу Европехь шуьйра вевзаш волу Къуръанца дарбанашдархо Фаракъ Мухьаммад.

Венерчу „Аль-Бухари“ маьждигехь имам санна болх беш волу иза тIаьхьарчу ткъе итт шарахь бусулбачу нахана дарбанаш деш ву, жиннаш лаьцначарна чуьра уьш арадохуш. Бакъду, шиннаш арадахархо я экзерцист шех алар башха ца деза Мухьаммадна. Цуо ша Къуръанца дарбадархо ву олу.

ХIора пIераскан дийнахь Венерчу „Аль-Бухари“ маьждиге сарахь 8 даьлча дIагулло иттанашкахь, наг-наггахь амма бIеннаш а дарбане сатессина баьхкинарш. Уьш Австрера хилла ца Iа, - Белгера а, Францера а, Германера а, кхечу Европечу пачхьалкххашкара а оьху шейх Мухьаммадна тIе нах, дарбане сатоссий. Дукхахьолахь цуо тIеоьцуш берш шизофрени цIе йолу синан лазар а, эпилепси а, тайп-тайпанчу депрессийн кепаш а ю. Ур-аттала къоралла а, бIаьрзе хилар а ду Мухьаммада Къуръан гIоьнца гIоле йинчу лазаршна юккъехь.

Цу стеган башхачу похIмех лаьцна хезначу Венерчу Университетехь бусулба дин хьехаран факультетан куьйгалло кхайкхинера кху деношкахь Фаракъ Мухьаммад лекци еша. Дерриге а дарба Делера ду, бохуш, дийцира цуо студенташна. Ша уггарре а чIогIа кхоьручех хIума ду, дарба деш верг ша ву аьлла нахана моттар, цунах уггаре а доккха къа - ширк, я Делаца накъост лацар, - хир дара тIаккха, ша лелош берг бахьана бен доцийла нахана дIахаийтар шена вуно мехала ду, элира цуо. Ткъа дарба, - юха а, тIаккха а, - Делера ду.

Цул совнаха, Фаракъ Мухьаммада дийцарехь, милла а иманехь волу стаг таро йолуш ву ша шена дарба дан а, я кхеттане а жиний цамгар шех ца кхетийта а. Цу Iалашонца хIун дан деза цуо иштта дийцира:

Фаракъ Мухьаммад: „Цхьа шиша оливийн даьтта а эций, - муьлха а цIенадаьккхина долу оливийн даьтта мегаш ду шуна, - цу даьттана тIехь Къуръан деша деза, ворхI-ворхIаза „Фатихьа“ а, „Аль-Фалякъ“ а, „Ан-Нас“ сураташ а доьшуш. ТIаккха цу даьттанца хIора сарахь шен доллучу дегIана массаж ян еза. Иштта хIора сарахь шен хIусамехь КъурIане ладогIа деза. Я кассета хуьлда иза, я диск хуьлда иза, я компьютер тIехь. Жимма чIогIа а хозуьйтуш, цуьнга ладогIа деза, бIаргаш дIа а хьаьбба, меттахь шена аьхна долчу агIор а ваьлла. Доллу дегI паргIат а даьккхина, садоIа деза цуьнга ладугIучу хенахь. Мел кIезга а дийнахь цкъа дан дезаш ду иза.“

Ала догIу, къаьстина тIаьхьарчу хенахь, Соьлжа-гIалахь цигарчу Iедало жиннашца къйисам лелон институт а кхоьллина, цигахь нахана дарбанаш лан долийчахьана вуно дукха и жиннийн тема нохчашлахь а йийцаре яьккхина хилар. Цхьаболчара дуьйцу, цу институтехь жиннаш арадоху бохуш, шайна тIебаьхкинчу лазархошна, къаьстина зударшна , вуно къиза етта бохуш. Бакъду, и хабарш тIечIагдина тоьшшалаш дац цхьаннгахь.

Вукхара цатешарца тIеоьцу жинницн цамгар адамех кхеташ хилар а, цунна дарбанаш деш хилар а. ХIетте а жиннаш дуйла хаар а, уьш хиларх тешар а бусулба динан баххех цхьаъ ду, уьш дацаре дан бусулбачу стеган бакъо а йоцуш. ХIунда аьлча КъурIан чохь Дала Ша аьлла а ду: “Ас жиннаш а, адамаш а кхоьллина...“, аьлла.

Цундела жиннийн цамгарш хуьлуш хилар а, царна дуьхьал дарбанаш дешначу нахехь, масала, Венерчу шейхехь Фаракъ Мухьаммадех санна, хилар а шеко йоцуш лара догIу.
XS
SM
MD
LG