ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн президенто Соче ца ваха сацамбарх дозалладо немцоша


Германи -- Немцойн президент Гаук Йоахим ву Брюсселехь къамел деш, 17Заз2012
Германи -- Немцойн президент Гаук Йоахим ву Брюсселехь къамел деш, 17Заз2012

Сочехь ши бутт баьлча хила еза дуьненаюкъара олимпиада байкоте яккха еза олуш политикаш бовлура хьалха, ткъа хIинца ца хеза оцу кепара дIахьедарш деш. Амма дIахьедар ца динехь а, ша цига гIур вац ала хIуттуш ваьлла деношкахь цхьа политик – немцойн президент. Цуьнан сацам къонахчалле буьллу дуьненан зорбано.




Немцойн президента Гаук Йоахима дIахьедар дина, ша Сочерчу ловзаршка гIур вац, аьлла.

Хьалхо Гаука масситтаза а шен къамелашкахь Оьрсийчоьнан куьйгалле кхайкхамаш бинера, бакъонан пачхьалкхан декхарш кхочуш даре а, хаамийн гIирсийн маршонаш а, адамийн бакъонаш а ларъяре.

ХIинца Малхбузерчу куьйгалхойх хьалхарниг хилла иза, Сочерчу Олимпиаде ца ваха болу шен сацам массарна а хозуьйтуш дIакхайкхинарг.

ХIинцачул хьалха хиллачу Лондонехь дIадаьхьначу Олимпан ловзаршка немцойн президент ваханера шен къоман спортхошна белшаш гIортон.

Ткъа Оьрсийчу иза ца вахар цо ша „бойкот“ бохучу дашца, политикан дипломатица догIуш ма-хиллара, билгал ца даьккхинехь а, амма деккъа цу цхьана хIумано а гойту – иза протестан сигнал юйла. Шен доллучу дахарехь а адамийн бакъонашка къийсарца гIараваьлла волчу немцойн президентан Оьрсийчуьрчу хьолана резацахилара гойту цо.

Иштта кхетта цунах Германера тергамхой а, дуьненаюкъара хаамийн гIирсаш а.

Британерчу „Гардиан“ газетехь, масала, цу хьокъехь яздинера, „эххар а цхьаьна сийдолчу политико бойкот йи-кха Сочерчу ловзаршна“, аьлла.

„Гаукан синкхетам“ аьлла цIе тиллинчу шен хьалхарчу агIонан артиклехь немцойн уггаре а нуьцкъалчех долчу „Зюддойче Цайтунго“ билгалдаьккхира, „Олимпикан ловзарш кечдан долийча дуьйна схьа а гучуевлира таханлерачу Оьрсийчоьнан проблемаш: гигантомани а, коррупци а, цхьанна а тайпана бакъонаш йоцучу, лай санна бацочу белхан мигранташца харцо лелор а, ткъа иштта массо а тIегIанна тIехь нехан бакъонаш хьешар а, меттигерчу бахархошна кхерамаш тийсар а“, аьлла.

Цундела немцойн президент Сочи цавахар – иза синкхетам шеца бисинчу политико ца дича йиш йоцург лору артиклан авторша. „Дера, - бохуш яздо цара, - Гаук мила ву? Иза ца веъча хIун ду? - бохур ду оьрсаша. Ткъа Кремло юха а шена санехь долчу агIор туьдур ду и хIума- спорттий, политикий вовшашца иэян ца оьшу, аьлла.

Амма Гаук, кхиболу политикаш санна стаг вац– цо шен леларо хIун тIеIаткъам бийр бу те, аьлла, ойла йина ца Iаш, даима шен синкхетаме а, даге а хотту: „Суна лаьий баккъал а демократи хьоьшучу режимо хIоттийначу спектаклехь дакъалаца?“ олий. Ткъа цуьнан синкхетамо цуьнга „хIан-хIа“ аьлла.

„Иза маршо ю, - бохуш яздо „Зюддойче Цайтунго“ кхин дIа а, - кхечу агIор ойла ян баьхьачийн маршо – шен синкхетамна муьтIахь хилар а, шен леламашца ша хийца хIума дацахь а, амма даима а шен даго бохург дар. Ткъа ишттачу наха хийлаза харцийна дуьнентIехь харцоне хийла пачхьалкхе“.

Ала догIу, ширачу Элладехь, хIинцалерчу желтойн дайша – эллинаша, шаьш Олимпан ловзарш кхуллучу хенахь, церан коьрта маьIна – машар а, барт а, хьуьнарш а лерина хилла, уьш кхоьллина долу къам - эллинаш - мел буьрса нах хиллехь а.

ТIемаш совцош хилла цара и ловзарш дIадовлалца, лайшца къинхетаме хуьлуш хилла, юкъараллехь нийсо леларна тIехь тидам беш хилла. Ткъа таханлерчу Оьрсийчохь Олимпан ловзарш коьртачу декъехь тIеман тийсадаларша а, коррупцино а йийсаре лаьцна йолу Къилбаседа Кавказ машаран а, кхиамийн а гIайре хилла дIахIоьттина, цигахь массо а хIума дика ду боху харц кхаъ дуьненна гайтаран Iалашо кхобуш ду, аьлла хеташ бу Малхбузера тергамхой.

Цундела а дозаллийца тIеоьцу немцойн юкъаралло шайн президент цу ловзаршка, я вуьшта аьлча, спектакле ца вахар.

Ткъа Меркел Ангела цига йоьду я ца йоьду хIинца а хууш дац. Меттигера хаамийн гIирсаш а, Малхбузера тергамхой а, бакъду, хIинцале шайхаллаш деш бу, кхин муьлхарчу пачхьалкхан куьйгалхочуьнгахь майралла хир ю те Соче ца ваха, бохуш.
XS
SM
MD
LG