ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Голос" къийсамера дIаваха дезна Умханов Шарипан


Youtube тIера схьаэцна сурт, 6Гез2013
Youtube тIера схьаэцна сурт, 6Гез2013

Оьрсийчура телевизионехь дIахьучу «Голос» къийсамера Умханов Шарипан дIаваха дезаро дог дохийна, цуьнгахьа косташ туьйсуш, сагатдеш хиллачу нохчийн. ПохIма долу и жимастаг, цкъа делахь, ша вовзийта кхиина. Вукху агIора, Оьрсийчура дIавахчий бен аьтто хир бац цуьнан, Оьрсийчура мафин кепарчу шоу-бизнесехь, бохуш яздо интернетехь, цунах дог лозучара.

Умханов Шарип «Голос» цIе йолчу къовсадаларна юкъарваккхаро инзаре цецбаьхна эзарниш нохчийн бахархой.

«Стигалан Iаьрчаш кхин а хьалаойбуш, ана кевне кхаччалц хьала долуш, хьекъале кхате ца даллал чIогIа, зевне ду цуьнан аз» «Голос» проектан говзанчаш а боллушехь цу къовсадалар юкъарваьккхина нохчийн кIант-«зарзар» Умханов Шарип. Юкъарваьккхина цуьнан озах цецбуьйлучу хьовсархоша шозза-кхузза а.цуьнан эшар а дIа ерзале тIараш тоха гIирттиншехь, Шарипа куьйгалхочуо Градскийс шен 60% цунна дIаеллашехь.

Юкъарваьккхина, хьовсархоша чIагIдарехь, цу къовсадаларехь цкъа ца лекхначу кепара цо эшар Iаламат башха а, шовкъе а инзаре лакхарчу зевналлица а леккханшехь. Нохчаша кхеторехь и бохург дац цуьнца ахфиналехь къовсавелларг ледара вара бохург. Вацара, делахь и ца кхочура Шарипе боху могIарерчу наха. Цунна къеггина тоьшалла лору цара нийсонан а, бакъонан а да волчу Градскийс Умханов Шарип харжар.

Стенна нисделла ишта? Хилларг хIун ду? Мел бух болуш ду и жамI? Цу а, кхечу а хеттаршна жоьпа каро гIерта ,эзарниш аьлчи а харц хир доцуш, могIарера нохчий. Ма-дарра аьлчи цу кIанта, цхьа къам самадоккхуш санна. цхьана а политико а, цхьана а Iедалдас цадинарг деш,уьйр-марзонаш карлайохуш, къоман кхетамехь барт-машар, цхьаалла деборехь, хаза нехан санна беркате гIулч яьккхина.

Цунна тоьшалла ду, шайн дегнийн лааме ладогIар бен, цхьана Iедалдас-маьхькIамхочо дош аьлла, бина кхайкхам а я тIедиллина хIума а доцуш, эзарниш могIарерчу наха, вовшашка зIенаш еттар, «Шарип ву шуна тховса, ледар ма хилалаш, кхаьжнаш тасалаш» бохуш, вовшийн ир-кара хIиттор. Цунах дуьйцуш дара массо пхьоьгIанашкахь а, доьшийлашкахь а, белхан меттигашкахь а. Стигалделе ирх а вехьна, вазвина Шарип вийцарехь шовкъе хьийзаш бара ишколера дешархой а.

Баккхийчара Умханов юкъарваккхар дузу тахана Оьрсийчоь нийсонах, бакъонах къилба а дина сацам бан кийча цахиларца. «Кхечу пачхьалкхашкахь Iаьржа чкъор долу стаг-муьлххачу а тIегIан политик хила тарло президента дарже кхаччалц, цхьа къестамаш а боцуш мел лакхарчу даржехь министар я кхин хьаькам хила а тарло…Амма иза генара гене ю Оьрсийчоьнна тIе а доьгIан аьлчи». Ишта хьажам бу цхьаболчера.

Масалш а далош царех ша-ша цадийцархьама, Умханов Шарипах аьлчи нохчашна чIогIа новкъа деъна иза цу къовсадаларна нацкъар висар. Дуьненахь хьуна хезар дац моьттучохь – туьканашкахь, ишколашкахь ,ши-кхо стаг вовшах мел кхеттачохь вийцаре во и иллиалархо.

«Валлай, массара кхаьжнаш тийсинехь хIинца а чекхваьлла-м хир вара.Цига ахфинале а дика кхаьчна-иза-м. Новкъа-м хета. Хьалха а чекхваьлла хилча , нах паргIат Iийна моьтту суна-м. ТIе ца тоьуш жима аьзнаш дисир-кх. наха хIун дуьйцу-м ца хаьа суна и суьдхой чIогIа реза а болуш, дика тIелаьцна-м вара Умханов.Цо санна оригиналехь а ца локху бохур-кх цара шаьш. Цуьнан аз хеззашехь тIаьхьий ,хьалхий тIебоьрзур-кх суьдхой.»

Цхьаболчу бахархоша тидарехь цхьа бозбуанчалла лелийна хьовсархойн кхаьжнаш дагардеш. «Гирий шуна,юьхьанца Шарип мел хьалха вара, дагардор чекхдолуш цхьана маьIаргонехь хьалха ваьккхира цара и Волчков»,- боху цхьаболчара шовкъе. «И нохчо хилар и цхьа бахьна ду и кIелвитаран»,- чIагIамаш бо кхечара.»Ахфинале а дика валийтина иза-м»,- олу кхечара. Доцца аьлчи цу кIанта вуно чIогIа ир-кара хIоттош,бахархойн ойла самсайоккхуш, массеран а самукъадоккхуш, цхьа дарбане молха а хилла, бедацаран хоршара къам арадаьккхича санна, самалхадаьккхина шен махкахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG