ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдиев Микаилан керла жайна зорбане даьлла Британехь


Нохчийн яздархочуьн Элдиев Микаилан ингалс маттахь арадаьлла жайна
Нохчийн яздархочуьн Элдиев Микаилан ингалс маттахь арадаьлла жайна

Нохчийн литература евза-езачарна дика хууш ю поэтан Элдиев Микаилан цIе. Цуьнан байташ а, дийцарш а, гочдарш а арадийлина тайп-тайпанчу литературан журналашкахь а, газеташкахь а. ТIаьхьарчу масех шарахь Норвегехь вехаш волчу Элдиевн дагалецамийн киншка араяьлла дукха хан йоцуш Британехь.


Эльдиев Микаилан поэзи а, проза а, иза литературехь дуьххьара гулчаш яхаволавелча дуьйна схьа а яра ша-башха хатI долуш, цхьаьнца а иэян я юуста йиш йоцуш. Цуьнан поэзехь коьртачу мотивех дерг – даймохк, адаман цхьалла, безам – дерриге а бакъйолчу поэзехь хуьлуш ма-хиллара дара, амма хIетте а цхьа тамашийна, цхьа ша-башхачу гIайгIанца и дерриге а чахчийна долуш санна хеталора.

Итон-кхелара ГуьйтIахь вина а, кхиъна а волу Микаил ишкол яькхинчул тIаьхьа Соьлжа-гIала деша а, болх бан а охьавеанера. ХIетахь дуьйна Нохчийчуьрчу литературин зорбанан гIирсашкахь арадийла дуьйладелира цуьнан прозехь а, поэзехь а долуш йозанаш. Зорбан цIийнахь болх беш вара Эльдиев Микаил хьалхара тIом балале болчу муьрехь, тайп-тайпанчу газеташкахь а, журналашкахь а редактор а, журналист а санна.


Лондонера книгийн туьканахь шен книгин тIехь куьг таIош ву яздархо Элдиев Микаил
Лондонера книгийн туьканахь шен книгин тIехь куьг таIош ву яздархо Элдиев Микаил
Эльдиев Микаил оьрсийн а, нохчийн а маттахь яздеш ву. Иштта прозехь а, поэзехь а ю цуьнан кхоларалла. Амма Микаила ша шена поэзи гергарох ю олу. Поэта ша дикох дуьйцу цунах лаьцна.

Эльдиев Микаил: „Суна поэзи сайна гергарох хета. ХIунда аьлча со поэзехь волавелла ву. Проза суна мелла а халох а хета. Прозехь, поэзехь санна, сурт диллар дика ца нислуш санна хета суна.

Маршо радио: „Микаил, Нохчийчохь хиллачу тIемаша хьайн йозанашна тIеIаткъам бича санна хетий хьуна?“

Эльдиев Микаил: „Инзаре боккха тIеIаткъам бина. ХIунда аьлча тIемаш буьйлабалле хилла волу со верриге а сайн бухца а, амалца а хийцавелла. Доллу дуьне а кхечу агIор гайтина суна цу тIемаша. Со дикка вевзачу наха а и хьалхара тIом а, фильтрационан лагер а чекхйаьллачул тIаьхьа олура соьга, шаьшна билгал хьо вуйла хууш ца хилча, хьо шайна вевзара а вацара, олий. Ткъа и дерриге а йозанашкахь а, кхоллараллехь а гуш ду аьлла хета суна.

Хьалхара тIом боьдуш болуш, 1995 -чу шарахь оьрсийн эскархоша лаца а лаьцна, цхьана баттахь къиза таIзарш лан дезна Микаилан шен къизаллийца цIарна цIёе яхана хиллачу Ханкалачу фильтрационан лагерехь. Цигахь шена гинарг Iеминарг а иштта дуьйцу поэта.

Эльдиев Микаил: Со лаца Шуьйтахь лецира, хьуьнхахь. Цхьа бутт баьккхира ас цигахь. Цул тIаьхьа сан арахь бисинчу накъосташа оьрсийн ши эпсар йийсаре а лаьцна, царех хийца а хийцина, араваьккхира со. Суна цигахь гинарг дуьнентIехь жоьжахатен хьалхара сцена яра ала мегар долуш хIума дара. Суо цига кхачале суна дуьненчохь и тайпа къизалла хила йиш юйла а ца хаьара.

Адамаш адамашца иштта къиза хила йийш юйла а ца хаьара. Амма хIетте цу хьелашкахь а адамийн сибатехь бисина нах а гира суна, къинхетаме берш а гира. Цига оцу Ханкаларчу лагерехь церан оьрсийн лоьро накъосталла ца динехь, цуо сан чевнашна дарба ца динехь, со дийна висина а хир вацара. Я царна мотта а ца моьттура со дийна вуьсур ву. Суна цигахь гинарг коьртаниг – муьлхачу а Дала адамна тIехIоттийначу хьолехь стаг, шена лиъча, адам дисса йиш йолу ву-кх.

Эльдиев Микаилан дагалецамийн киншка британехь яраяьлла. Кху деношкахь Лондонерчу цхьана киншкийн туьканахь и киншка арахецначу зорбанто вовшахтоьхнера яздархочуьнца цхьаьнакхетар а деш, литературан суьйре. „Стигал цIарах йоьлхура“ киншки юккъера кийсакаш нохчийн а, ингалсан а маттахь еша а йоьшуш, гулбеллачеран хеттаршна автора Эльдиев Микаилас жоьпаш а луш, вуно кхиаме дIаяхара и суьйре. Эльдиев Микаилас дуьйцу.

Эльдиев Микаил: „Стигал цIарах йогу“ аьлла цу киншкин цIе нохчийн матте яьккхича. Кхаа декъех лаьтташ ю иза. Хьалхарниг – I994-чу шеран лахьан беттан 26-чохь и тIом дIаболабелча дуьйна схьа и тIом чекхбаллалца сайна гинчух лаьцна ду.

Шозлаха дакъа дерриге а фильтрационан лагерехь сайна гина а, айса лайна а чух лаьцна ду. Ткъа кхозлагIниг – иза кху шозлахчух тIамах лаьцна ю. Дагалецамийн хьесапехь язйина ю киншка. Цуьнан шен бахьанаш а ду. Суна коьртаниг – бакъдерг яздар дара.

Ткъа бакъдерг сайна гинарг ас яздичий бен, дийца йиш яцара сан. Иштта суна мехала дара цу киншки тIехь нехан цIераш ца яхара, хIунда аьлча нах чIогIа хьийзош бу, дийнаберш хьийзина а ца Iаш, беллачийн гергарниш а тIаьхьа. Цу киншки презентаци Лондонехь дIаяхьира, киншкаш юхкучу туьканахь. Дукха нах а бара цига баьхкина, къона а, къена а. Суна вуно мехала дара цу наха дуккхаъ хеттарш деш хилар а, и тема царна евзаш хилар, церан цуьнца интерес хилар а.

Маршо радио: „Микаил, хьайн кхоллараллера хьайна уггаре дукхаезачарех масех байт ешахь вайн радиоладогIаршна“

Эльдиев Микаил: „Цхьаццайолу сан байташ со цIахь волуш язйина ю, иштта кху Европе со схьавеъначул тIаьхьа язйинарш а ю. ХIара шиъ йоьшур ю ас. Хьалхарниг Нохчийчоьнах ю.

Хьан кIентий гIурба деш бу хьуна, нана,
Шайлахьа гIийланиг сагIийна велла,
Хьан эвхье йоI-йиша йоьхки-кха цара,
Кху мехкан къа-бала хьан лазам хилла-кх.

Ламаз деш ду хьуна хьомсара бераш,
Хьан бIаьрхийн сирла куз когаш кIел тесна,
Уьш бен кхин вац-кха хьан дуьненахь верас,
Амма... Хьан хIусамах-м сийна цIе тесна.

Хьан доьзал доIа деш бу хьуна. Деле,
Хьан деган цIийх дуьзна куьйгаш а кхийдош,
Дуьне а, эхарт а Кхоьллинчуьн кхиэлехь,
Амма... Хьан буоберийн дегнаш ду-кх шийла.

Хьан кIентий «элалла» оьцуш бу хьуна,
Хьан цIеста кIудал дIайоьхкина, нана,
Хьо ларъеш эгначийн тезет ду хьуна,
Хьайн бIаьрхиш лачкъадай хьо орцахъяла.

Лохьа хьайн къинхетам хIора а дагна,
Баккхахьа хьайн доьзал дажалан багара...

ЛадогIархошна гIайгIанца дукха ницкъ ца бархьама, лирикера хIара цхьаъ а еша лаьа суна:


Хьох къехка везийла-м хаьара суна,
Буоберийн рицкъанах кура къу санна,
Ткъа дог ма аьрха ду-кх, хIун де ас цунна,
Муьлхачу Iазапан кхиэл е ас сайна?

Везара хьан бIаьра хьежа-м со гIийла,
Лечкъадеш сайн дагна даI дина дерташ,
Мукъамо, вайн синош хьистинчу хийла,
Со маьрша-м ца вуьту, чIир хилла хьерчаш.

Вай цхьаьна ца дарах везара кхета-м,
Iаьржа лам ца хьоьсту сийначу хIордо,
Делахь а сан синна ма ирсе хета-кх,
Ша хьеста хьан эмалк синна ца кIордош.

Вай даха-м дезара къера а хилла,
Дуьненан гIиллакхех тоам бан Iемаш...
Делахь а вайшинна ма готта хилла-кх,
Дуьненан доккхалла, даржийча тIемаш...
XS
SM
MD
LG