И тоба кхолла дагадеанарг ю Москохара журналист Кириленко Анастасия. Иза дан цо сацам бина кавказхойн хелхар майданашкахь дан дехкарна дуьхьалоярхьама.
Деношкахь цхьана кавказхойх а боцчу кегийрхоша, гарехь, уьш азиаташ бу, видеокийсак яржийна интернетехула, шаьш Москох кавказхойн хелхар деш гойтуш. Цара лелочух хелхар олийла а дац, кавказхойниг-м муххале а. Куьйгаш а айдина, цхьа теманаш до цара, хелхарх тардеш.
Амма къаьмнашка цабезам шорбеллачу юккъараллин иза кавказхойн хелхар хиларх шеко яц, цундела реза боцурш бу интернетехь хелхар аьшнашдеш дукха а.
Шена оцу хьолехь уггаре а ца тайнарг - комментареш еш болу нах бу, бохуш дуьйцу социалан машанехь кавказхойн хелхар Кремлана герггахь дендолу тоба вовшахтоха йолаеллачу Кириленко Анастасияс.
Кириленко: «Суна уггаре а цатайнарг ду Керлачу Шеран буса ЦIечу Майданехь муьлш бу а ца хуучу наха, хIун ю ца хуург лелош, хелхабийлина, уьш кавказхой бара аьлла даржор.
Иза кавказхойн хелхар ду олийла а дац. И видео 2 минотехь бен яц. Ткъа комментареш: "мича хьоьжуш ю полици", "Москох оьрсийн юхь-сибатш наггахь дац гуш", иштта кхин дIа а. Иза гуш лаьтташехь доцург кхоллар ду.
Нагахь санна ЦIечу майданехь шина минотехь хелхавала а йиш яцахь... Иза, тIехула тIе, кавказхойн хелхар а дац. Оцу хIумано гойту къаьмнаш цадезар мел чiогIа дистина юккъараллехь. Сан белхан накъостий- журналисташ а бу уьш санна. Кавказхойн хелхар - иза низам дохор ду, хьошалгIа баьхкинберш хьалхабуьйлуш бу кхузахь, олу цара а.
Со, бакъдерг дийцича, ца кхета, мичара баьлла и цабезам? Ирх герз кхийссар-м, со кхета, дика хIума дац . Со Москох еха дукха хан ю, амма кавказхойн хелхар деш суна гина дац цкъа бен. Иза а цхьана даздаршкахь. Ткъа интернетехь видеороликаш ю, и хелхар ког баькхинчохь долуш санна. Нах реза бац шайна интернетехь гиначунна. Цигахь-м дукха хIума гур ма дуй».
Дуьненахь а, лоруш долу хазачу кепаца а, кура ког шаршорца а кавказхойн хелхар Кириленко Анастасияс вовшахтоьхначу тобано дийр ду тIедогIучу оршотдийнахь. Оцу тобанехь кавказхой банне а бац. Дуккха а наха, шайний-шайний хууш делхьара, шаьш а догIур дара хелхаршка, бохуш яздо цуьнга.
Кириленко: «Оьрсаша ца до арахь хелхар. Суна ца хаьа, иза цхьа комплекс а хила мега. Оцу кавказхойн хелхаран коча дахна адамаш. Цхьа гIалгIа-м чувоьллина. Доцца аьлча, и хьал да воккхвийр волуш дац. И тоба кхоьллина ас. Кхо стаг ву цу юкъахь. Оршотдийнахь хелхадевр ду тхо ЦIечу Майданехь. Кхиберш хьовсур бу. Коьртаниг - кавказхоша шайн хелхар лардина а ца Iаш, изза оьрсаша а дича, кхузахь цхьа гетто ю ца моттийта..».
Оьрсийочьнан дог ларалучу Москохарчу ЦIечу Майданехь кавказхойн хелхар шаьш дар дукхачу нахана товр доцийла хаьа Кириленко Анастасияна. Амма уьш ца кхета, боху цо, ша дийригг церан дуьхьа дуйла. Цунах лаьцна кхин дIа а дуьйцу журналиста.
Кириленко: «Суна хетарехь, нахана товр дац ас долийнарг. Суна хIинцале цхьацца хаамаш кхаьчна интернете, со хьекъал долуш яц, аьлла. Цара бахарехь, хелхар Iовдалчу нахий бен ца до. Кхин цкъа а олу ас, оцу хIумано гойту юккъараллехь мел кIоршаме даьлла къаьмнийн юкъаметтигашца дерг.
Царна моьтту, и кавказхойн хелхар цхьа вон хIума ду. Суна кхин комментареш а гина, масала, шена а хууш делхьара, ша а йогIура яра, вогIур вара хелхаршка, бохуш. Суна коьртаниг ду екъаелла йолу юккъаралла меттаялор. Иштта кхин дIа а долхахь КхозлагIчу Рейхе кхочур ду вай. Хелхарна дуьхьал болу нах Кавказ дIакъастае бохуш бац. Уьш дукхачу хьолехь импариалисташ бу.
Царна моьтту, Оьрсийчоь шен хIинцалерачу дозанашца хила еза, амма кхечу къаьмнийн ламасташ лелор дехка деза, аьлла. Иза лартIехь дац. Ас сайн блог чохь яздина, кавказхойн хелхар дарца ас оьрсашна а гIо до, аьлла. Оцу хIумано пайда бийр бу. Цаьрга ойла йойтур ю. Иза ца яхь, вай Бирюлеверчу накъостийн кепе доьрзур ду».
Тахана Оьрсийчохь цхьана а тайпа хелхаршна гонах гIовгIа ца лаьтта, кавказхойн хелхарна гонах санна. Хьо мичча а дIа а хIоьттина, маьттаза лоруш долу ламбада ваьлча а мега, "хIорс тох" бохуш, кIант а, йоI а ца даьлчхьана. Бразилхойн латар а, хелхар а лоруш долу капуэйра а хилла цхьана хенахь Iедалша ца магош. И латар ду а ца олуш, цара иза хелхаран кепехь дина, бIеннаш шераш хьалха.
Нохчийчохь цхьаболучара забаренна олуш ду, синбахамаллан министран даржера мокъаваьккхинчу Музыкаев Дикалус вайнеха хелхарца цхьа хийцамаш а бина, иза леларца а, вадарца а цхьана а доьзна, кхиберш ца кхеттачу агIор юккъедаьккхича дика хир дара, олий.