ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Чиллан бутт чIогIа вайх, нохчех, хьаьрчина бу-кх"


Нохчийчоь -- Дышни-Веданахь лехамаш беш бу оьрсийн салтий, 18Тов2006
Нохчийчоь -- Дышни-Веданахь лехамаш беш бу оьрсийн салтий, 18Тов2006

БухIан юртахь и бохам хиллачу хенахь, Чадаева Асетан 30 шо дара. Карарчу хенахь иза Iамеркехь ехаш ю, Нью-Йорк-гIалахь. ХIора шарахь Чиллан-беттан 5-чу дийнахь и ирча деана де юьхь-дуьхьала хIуьттуш Iа ша бохуш дийцира цо маршо радионца шен телефонехула хиллачу къамелехь.

БухIан юртахь и бохам хиллачу хенахь, Чадаева Асетан 30 шо дара. Карарчу хенахь иза Iамеркехь ехаш ю, Нью-Йорк-гIалахь. ХIора шарахь Чиллан-беттан 5-чу дийнахь и ирча деана де юьхь-дуьхьала хIуьттуш Iа ша бохуш дийцира цо маршо радионца шен телефонехула хиллачу къамелехь.

Чадаева: «4 даьлчхьана дуьйна хьалагIаьттина, и де хIинцца долуш санна, хеташ ю со. Ойланашка а яхана, яздеш, и нах дагалоьцуш... Царна тIера сагIа а даьккхина, царна тIера Еса а дешийтина, сайна тIера Еса а дешийтина. Валаран киртиг тIекхаьчна де дара иза тхуна массарна а.
14 шо даьлла иза хилла. Тахана иза долуш санна, керла лаьтта суна иза. Нийсса 9 даьлла хан яра суна (оьрсийн) салтичо деган юххе топ Iоьттина.
Аса дуьненан хIума кхин тергал ца до хIокху дийнахь - болх ца бо, марха а кхобу, чохь Еса а доьшуьйту, кIадъяллалц, Хадсон-хи йистехула а лелий, чуйогIу со. Ишта и цхьа ритуал ю аса лелош.
И де дицделла цхьа а ца Iа вай - я БухIан-юртахь берш а ца Iа. МоттаргIанаш лелор ю. Амма иза дицлур дац. И де дагалацар, беллачарна тIера сагIа даккхар ду иза. шена тIе вуо деъча, тезат дIа а хIоттийна, иза дIадахьа деза. Беллачарна Дала гечдойла, церан гIазот Дала къобалдойла.»

Чадаева Асет а, цуьнан вежарий а, хууш бара, 5-чу дийнахь оьрсийн эскархой богIур буйла. Царал а хьалха цигахь хиллачу эскархоша дийцинера, кхин тIе а богIуш бу шуна, бохуш.

Чадаева: «(Чиллан беттан) 4-чу дийнахь дуьйна тхуна хууш дара уьш богIур буйла. Суна со а, жима стаг а верах хIума хетар дацара. Цхьа а герз доцуш, цхьа бахьана доцуш воккха стаг гуш ма ву, доьзалхочух йолу зуда а гуш ю, бер а гуш ду. Царна таIзар дарх, къиза уьш байъарх цецъяьлла Iаш ю со. Бакъдерг дийцича, иза дие аьлла, арахецна нах а бара уьш. Ишта дацахьара, бехкениг жоьпе оьзна хир вара. Цкъачунна цхьаннена хIумма а ца дина.
Чиллан бутт чIогIа вайх, нохчех хьарчина бу-кх.

Уьш эскархой ма бацара, цхьа акха жIаьлеш санна, цхьа хIуманаш яр-кх.
Цара лазийна а, чевнаш а йина а болче нахе хьоьжуш яра со.
Цу дийнахь, чохь яахIума ей аса аьлла, картол цIанъеш яра со. БIарзвелла хьийзаш сан ши ваша а, да а вара. "ХIун хир ду те", бохуш, хоьттуш. Хьалха хиллачу тIамах а чекхваьлла вара и шиъ. Ваха а, ван а меттиг яцара. "Шаьшшиъ-м вуьйр вара, хьуна коча багIахь, хIун дийр ду?", эли.

Тхан корехь Iуьллуш цхьа граната яра. Цхьана оьрсийн салтичо йорах йоьхкинера тхуна иза.
Аса элира, "хIокху метта сан дагана улле дIаехка, цхьа а шеко яц хьуна...", аьлла, иза сайна тIе дIа а йихкина, деа дийнахь лийлира со.
Уьш (салтий) баьхкинчу дийнахь жIаьла а, адам а хьерадаьлла, хьаьвзинера. ХIоккхуза хьожу со, воккха стаг ву Iуьллуш, вукхузхьа хьожу со - багара кхема а баьккхина Iуьллуш йоккха стаг ю.

Со кертал араяьлча 7 шо кхаьчна йоI яра мохь хьоькхуш "Сан нана йийна цара!" ДIогахь догIуш цIенош дара.
25 литр чуйоьду канистр эцна, со керта едча, кхо дакъа дара Iуьллуш. ЦIий дуьйлуш, цунах гIоттуш Iа а йолуш. Кайпа зудий, 5I шо кхочуш хиллера цуьнан цу дийнахь, мила ву ца хууш волу ши стаггий, бIаьргашна тоьпаш йиттина, байъинера уьш.
ДIасадаха йиш йолуш дацара тхо, вийна маса ву чоьте эца а. Ринжанашна чухула дIасалелара тхо. Урамашка ваьлча, БТР йогIуш, хазахета а, иччархоша санна хьажайой, маса топ тохара.

Оха вагарвира тхайн агIора маса сиаг вара а, вукхара шайн агIора мел вара а... Цхьаммо элира, лакхахь 27-28 стаг вийна. Тхо долчехь 16 хили. ДIанехьа лакхахь а, оццул хили. Тхан юкъара дIаяхана зуда шен йоI йолчехь йийнера. Оха иза хьесапе эцнера, цигахь болчара а ягаръйинера. Цхьаберш, цу кепара, шозза язбина хиллера.
И гIуллакх хиллачул тIаьхьа, бакъонашларъеш бу бохачарех цхьаъ веанера интервью эца.
Со-м иза вайца бала кхаьчна лелаш ву моттара. Терахьашкахь галморзахаллаш хиллера-кх.
ТIаккха аса деллачу терахьехь а 6 стаг сов вара.

Урамашка араваьлла, хьо уьш массо багарбан воьлча, хьо вуьйр волуш хан ма яра иза. Терахь нийса дуй хьоьдуш лела аьттонаш бацара.
Юха яздинера, "байъинарш оццул ца хиллера, нохчаша тIутуху (байъинарш" аьлла язди. ТIаккха аса мел аьлларг хаттаран хьаьрка бухахь ма нисло.

Аса боху тIаккха цуьнга, тIом боьдучу хенахь (Дуьненан ШолгIа ТIом) 50 миллион вийна бохучу хенахь, хIун хаьа цигахь 55 я 49 миллион хиллийла? 6 миллион жуьгти вагийна бохуш дIаяздина ду, хIун хаьа, цхьаъ сов вагиний? Шуна ма атта ду и тхоьца дерг? Тхан цIий ма атта, дораха хета шуна? Тхачул аттий, дораххий цIий дуьненахь дан а дуй аьлла хаьттича, реза воцуш санна, кеп хIоттийна, дIанехьа велира иза. Iаночу хенахь, вайн цIий чIогIа дораха ду.

ХIетахь Нохчийчохь болх бина хилла волу Маршо радионан журналист Бабицкий Андрей а, лоьрийн йиша йолу Асет а Iамеркан Конгрессе кхайкхинера, БухIан-юртахь хилларг дийца. Шайна хезначух уьш цец-акъ бевллера, амма цул тIаьхьа хIумма а ца хилира, бохуш дуьйцу асета.

Чадаева: «Соьга дехар динера Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацера Адамийн бакъонашна тIехьожучу Комитетера цхьана зудчо. Нохчийчохь бакъонаш йохорх лаьцна болх кечбеш яра ша, аьлла. Суна хIетахь ингалс мотт ца хаара. Цхьана шарахь аса Iамийра иза. Юха Конгрессехь аса дийцира сайна мел хуург. Цец-акъ бевллера уьш, амма цул тIаьхьа хIумма а хила-м ца хилира.»

14 шо хьалха БухIан-юртахь хилларг дийцира карарчу хенахь Нью-Йоркехь ехачу Чадаева Асета.
XS
SM
MD
LG