Женевехь бертан къамелашка хевшина болу Шемара президентан а, гIаттамхойн а векалш вовшахкхийтира шинарий дийнахь. Царна юкъарло деш вара Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин векал БрахIими Лахьдар. Шайна товш хийцамаш бан сацам ца бахь, шаьш дIагIур ду Женевера, бохура Шемарчу оппозицино.
Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс шегара дIахьедина, Цхьанатоьхначу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин кхеташоно президента Асадан лаамаш а ца лоьруш кечйинчу резолюцин проектца резахуьлийла дац, аьлла.
Цхаьццайолчу хьостанаша хаам барехь, проекто санкцеш дуьхьалйоху Шема гуманитаран гIо ца кхочуьйтучу бухарчу Iедална. Оьрсийчоь Шемарчу Iедалан накъост ю, цо цигара терроризм емал ярах болу сацамаш бен къобал а ца бо, элира Лавровс.