ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лергах мехий дахахь а, нохчашлахь салафийан могIарш бесташ бу


Мисара -- "Белш белшах а тоьхна, вай кхуллу керла пачхьалкх" бохучу лозунгна уллехула йолуш ю салафийа-зуда", Эл-Калубиа гIала, 31Деч2011
Мисара -- "Белш белшах а тоьхна, вай кхуллу керла пачхьалкх" бохучу лозунгна уллехула йолуш ю салафийа-зуда", Эл-Калубиа гIала, 31Деч2011

Мехкан администраторан омра кхочуш деш, дийнахь а, буса а ша шайтIанийн цIе тоьхна нах – "вахьабхой" - лохуш ду Нохчийчуьра Iедал. Деношкахь махкара оцу бахьанийца бевдда Малхбале кхаьчначу кегийнехан тобано хоьттура Маршо Радионе, шаьш жима долуш ислам Iамаде бохуш, Iаьрба мехкашка хьийсадора къомо, ткъа дешна девлча, шайх мостагIий дина, стенга даха деза шайн къа. Дац царна цкъачунна дала жоп, ткъа Кадыров Рамзанан дош цхьаъ ду – устаз ца хоржуш висинарг дакъаза ваккхар.




2014-гIа шо доладелчхьана массо тайпа доьшийлашкахь кеста богIу хьеший хилла дIахIиттина ФСБ-н, полицин, муфтиятан векалш, кхиболу Iедалхой. Iалашо - "вахьабхой" шаьш олучу нахах кегийрхой хербар.

Дешархой, масала, кхетош-кхион кху тIаьхьарчу цхьана баттахь дуккхаъчу школашка кхузза баьхкина, цкъа низамхой а, шозза муфтятан геланчаш а. Цара динчу къамелийн маьIна герггарчу барамехь ишта ду: гIуллакх доцу ойланаш ма кхаба, шайн дайша ма-ярра Далла Iамал а еш, IадIе, тIаккха шуьга цхьаммо а хIумма а бохур дац, шу цIерачийн, гергарчийн са а гатдийр дац.

Лакхарчу классийн дешархошца дIадаьхьначу цхьаьнакхетаршкахь дашца тIеIаткъам беш, «ХIун ю вахьабизм?" цIе йолу агиткаш екъна баьхкинчара.

Цу тIехь салафийан боламна юьххьехь лаьттинчу Мухаммад бин Абдул-Вахьабах Пайхамаран тIаьхьенех волчу Iилманчо шейхуль –Ислам Ахмад Зайни Дахлана аьлла дешнаш ду далийна: «Кхиина вогIуш цо дин Iамийна Пайхамаран гIалахь - маьлхан Мединехь. Цуьнан да а, ваша а Iилманчаш-Iеламнах бара. Царна а, хьехархошна а гинера цуьнан леларца а, аларшца а лартIа доцу хIуманаш. Цара цуьнга бехкаш дохура, кхиберш цунна тIаьхьабазарх ларбора.
Бусулба нах делах цатешарш беш генаваьллера иза..."

Цу кеппара бу школашкахь дIасадекъначу кехатан чулацам. Цара бен болх мел эвсаре бу ала хала ду. Бакъду, цхьаболчу бахархоша а, цигга школашкахь болчу хьехархоша а чолхе а, гена а долуш а лору "вахьабхойх" дозаделла хаттар.

Соьлжа-гIалара хьехархо Хьаваши ю дуьйцуш.

Хьаваши: "Суна сайн цIахь, юьртахь девлла зуламаш хаьа и болам бахьанехь. КIанта шен да вейтира тхан юьртахь. ДIавалахьара хьо царна тIаьхьара бохуш, воьлхуш Iашшехь, кхин цо бохург ца деш, шен да вейтир-кх цо, цунна дуьхьал а ваьлла. Хьалакхиъна а валале и маж а йитина, акха а ваьлла. И лаца баьхкича, дас дIа а ведда, эскархой шена тIаьхьа а баьхна, шена герз тохийтира, цу юкъа кIира долале юха и кIант ша а вийра. Цу тIе, девежаршна, шичошна сингаттам а баьккхира.

Ас ишта масалш а далош, цу боламах болучу сингаттамах лаьцна дийцира берашна. ВорхIе а дайшкара дуьйна схьадогIу дин дийцар а, лелор а нийса стенна дац? Нохчийн сих-цIийх доьлларг дIадаккха а ца гIерташ, цул а нохчийн мотт Iамабе, гIиллакхаш Iаморна тIеерзае шайн корматалла! Оьзангаллах а хедаш ду къам, маттаца доьзна ма ду массо хIума а. И караберзийча бакъахьа хетара-кх суна".

Тамаше хеталург ду кегийрхой «иймане» бало Iедалехь болучара «кIеда-мерза а», луьра а тIеIаткъам беш лаьтташехь, дин лелор а, Далла Iамал яр а шайн кепехь лелочийн могIарш, дукълахь бен, нилхадовлуш цахилар. Хьаьрччина духар лелош болуш мехкарий а бу совбуьйлуш ур-атталла ишколашкахь а...
XS
SM
MD
LG