Доьзалшна юккъера чIираш дIайохуш ГIалгIайчоьнан Iедал хьийзахь а, цхьаболчу наха бехкедо уьш яржорна ша Iедал.
Тахана юккъахь чIираш йолуш дуккха доьзалш бу махкахь. ТIаьххьарчу тергамашца мел кIезиг а 100 доьзал бу ишттачу хьолехь. Ткъа шо сов хьалха муфтиято леррина маслаIатна кхоьллина комисси ю церан барт беш. Цаьрца хилира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан цхьанакхетар.
Президентан хьехамча волчу Торшхоев ХIарона Маршо Радиога дийцира, махкахь чIираш йолчу доьзалшца хIун болх шаьш бо.
Торшхоев: «ЧIираш дIаяьхна 60 доьзал бу кхузахь. Цхьаболу чIирхой ларамаза стаг вер нисделла а бу. ДIадерзо томехь дерш, некъан бохамехь а, ца хууш а, вовшалетта а, нах байина а - ах со девнаш ду. Цу тIехь къахьоьгуш ю и комисси».
Къам махкахдохийна 70 шо кхочуш кхиа а дуккха а доьзалш бертабалийча гуттар а дика хир дара, аьлла, сацам бина мехкан куьйгалхочуьнца шайн хиллачу цхьаьнкхетарехь оцу комиссин декъашхоша, бохуш, кхин дIа а дуьйцу Торшхоев ХIарона.
Торшхоев: «Дала мукъалахь, Чиллан-беттан 23 де тIекхачале дикка къа а хьоьгур ду девнаш дIадерзош. ДIадерзо йиш йолу девнаш дIа а дохур ду шаьш, боху цара».
МаслаIат Дала а, наха а къобалдеш делахь а, цхьа дов дIадирзича, кхерланаш довлийта бахьанаш махкахь шортта довлу. Манкиев Баматгири ша а цхьана юкъанна министр а, мехкан парламентехь депутат а хилла ву. Цо бахарехь, дуккха а ду и тайпа бахьанаш.
Манкиев: «ЧIираш алсамйовлуш юйла-м хаьа суна кхузахь. Шадерг а... шалхенаш ю-хьуна лелош ерш. Делан дуьхьа аьлла хIума лелош стагга а вац-хьуна. Нахе ма олий кхара, вай имане дахка деза, олий. Имамаш ду шаьш бохуш лела нах толуш ца хилча, толур дуй хьал? И девнаш дукха хилар-м Iедалан бехк буй. Суна хууш дуккха а масалш ду, Iедалан белхахоша нах а бойуш, иза тIемалошна тIе а тоьттуш».
Къаьсттина хьал талхораш Манкиев Баматгирина хета махкара низамхой. Цара нахаца яллочу къизалло латтадо хьал чолхе, боху цо.