ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн къомана диц ца делла цIерадахар. Амма меттигера Iедалша дихкина


Нохчий махках бахарна лерина Дудаев Джовхаран Iедалехь хIоттийна хилла хIоллам бохийна Кадыров Рамзанан Iедало
Нохчий махках бахарна лерина Дудаев Джовхаран Iедалехь хIоттийна хилла хIоллам бохийна Кадыров Рамзанан Iедало

Ямартлонца Советан Iедало нохчийн къам, кхечу кегийчу къаьмнашца цхьаьна, дохорах лаьцна дийца магош дац Нохчийчохь хIокху деношкахь. Стигалкъекъа беттан 10-чу дийнахь билгалдоккхур ду аьлла дIатеттина, ах къам хIаллакхьхилла де. Амма нохчийн юкъараллехь и де диц ца делла. Цкъачунна-м, хIете-вете а. ХIора шарахь леш, дIабовлуш бу, цIерабахар де хIинца а хьалха лаьттарш.

70 шо хьалха Чиллан баттахь нохчашна деана ирча 23-гIа де дагалоцуш, Даймахке сахьийзаш хан яьккхинчарна, мацаллех, цамгарх, къизачу Iедалийн карахь беллачарна тIера сагIанаш дохуш бу нохчий цIахь а, махкал арахьа а. Нохчий цIерабахаран тешаш белла дIабевлла. Кегий бераш долуш и бала Iийшинарш а, и де цкъа а дицлур доцурш, лела ца луш, могуш боцуш бу.
ГIиргIийзойчу хьовсийначу нохчийн доьзалехь дуьненчу яьлла ю, пенсехь йолу Тамара.

Тамара: "ГиргIийзочура Токмак-гIалахь бара тхан доьзал. Цигахь диъ бер дуьненчу делира. Вай дIадахана кхо шо даьлча йина ю со. Йоккхах ерг яра со доьзалехь. Тхан денанас сол а тIаьхьа дина хилла ши бер мацалла делла алара. Да-нана балхахь дара. Цигахь йоккхучу цхьана каналехь белхаш беш. "Стахановцаш санна аша болх бахь, шуна алапа алсам лур ду" олуш хилла. Амма тIаьхьуо, кхечарна санна бен луш ца хилла. Меца хан яра. Массо хенахь яахIума езара."

Наггахь а доьзал карор бац Нохчийчохь, цIерабохучу хенахь чуьраниг, я гергарниг тIепаза ванза. Шайн доьзалех лаьцна Тамарас дийцира.

Тамара: "Тхан доьзалера цхьа а ца вайна. Жимма таронаш хилла хиларна, бала ца леш, чекхбевлла. Амма сан марзхойх дукха белла. Шортта девежарий, дейижарий хилла цуьнан. Уьш цхьаьллиг цхьаъ дийна ца висина. ХIара кийрахь волуш, эскаре дIавигина хилла цуьнан да, юха (ШолгIа Дуьненан) ТIама тIе вигинера. Цигара иза тIепаза вайна аьлла, документ деана хиллера. Вайначу стагана пенси ца луш Iедал дара Советаниг."

Уггар хала лайначу баланех цхьаъ, мацалла яра. Тамарас дийцарехь. Да-нана ший а болх беш хиларна, иза берийн бешахь кхиъна. Нохчийн бераш дIаэцара гIиргIизойн берийн бешашка, аьлла деллачу хаттарна жоп луш цо элира.

Тамара: "ХIинца хуур дац суна цунна жоп дала. Канал тIехь балхахь дара тхан да-нана. Цхьана агIора эцчух тера ду. Со а яра берийн бешахь, сан йиша а яра. хIетахь цигахь даьхна сурташ дара тхан, хаза тIе хIума а юьйхина. Дерстина а дара тхо. ЯахIума дика хилара берийн бешахь. ЦIахь мацалла яра."

Тоьланашна, божалшна чу ховшийна баттахь а, кхин сов а цIерпошташкахь Азе бигина нохчий. Шаьш даьхна хIусам дагалоьцуш, Тамарас дийцира.

Тамара: "Нах гIийла Iаш бара. ЦIенка яьккхина хIусамаш яра дукха хьолана. Сан дененан цIерачара ахча а делла, эрз тIетоьхна цIераш дайтинера. Эрз тоьхнарш хIетахь дика лоруш хилла. Тхан йоккхачу денанна жима чоь яра, тхан берриг доьзална ши чоь яра, юкъахь пеш йолуш. Оцу пешана тIехь "лежанка" яра. Цу тIехь йовха ю олий, бераш цу тIе дийшадора.
Амма дечигца долу гIуллакх ледара дара. Тхуна уллехь шекаран завод яра. Цунна тIейоьлхучу цIерпошташна тIера чуэгна кIора лахьон додара тхан да-нана."

Нохчаша гуттар а вовшашка олуш-хоттуш цхьа хIума хилла.

Тамара: "Хьалха, салам лучу меттана "Вай цIадохуьйту ца боху?", алара. Жимачуо, воккхачуо а иза хоттуш хилла. Вовшашка багахь аьлларг бен, кхин хаамаш ма бацара. ЧIогIа цадаха сатесна дара адам. Бехк боцуш, гуьнах боцуш, цIахь мел дерг охьатасийтина, арадаьккхина адам цIадаха сатесна дара.
ЦIерпоштана тIехь бехачу новкъахь дукха эхь-бехк хеташ, гIуллакх дан ара ца ваьлларг, цомгуш хуьлуш, леш хилла."

Нохчий цIерабаха омар къобалдина Сталин Иосиф веллачул тIаьхьа, цуьнан бехкенна цIерадаьккхинчу къоман Даймахка юхадерза хиллла дегайовхо алсамъяьллера. И велла де дагадогIу Тамарина а.

Тамара: "Сталин веллачу дийнахь со берийн бешахь яра. Тхан мел болу бехахой боьлхуш бара, саца ца туьгуш. Цаьрга а хьовсуш, юха тхо а, бераш а тIаьхьа, делха хIиттина, совца ца делча. хи мийлош, тхо метта дахкийта уьш лелла дага догIу суна. Иза велча а, кхоьруш, ца белха баьхьаш ца хиллачух тера дара нах.
Сталин веллий хаа а, цо хIун дина хаа а, со дукха жима яра."

Тиран-Сталин дIа а воллале, цIабаха ларчанаш вовшахтоьхна, I3 шарахь гулбина хилла бахам буха а буьтуш, цIахьаьдира нохчийн хьалхара тулгIе.

Тамара: "ШолгIа (цIабоьлхучарца) даьхкина тхо цIа. 1958-чу шарахь, Чиллан баттахь дара иза. Со 5-чу классехь яра, цхьана дийнахь цхьана кIанта классан у тIе "Кавказ" аьлла дош яздича. ХIетахь, тхан да КГБено лаьцна, чувоьллина вара. Кавказ йийца а, нохчийн хьал дийца а тхан чуьраниш баьхьаш бацара. Нехан чохь иза дуьйцуш хиллачух тера дара. Аса цу кIанте хаьттира, Кавказ бохург хIун ду? Цо элира, "вай кеста дIадохуьйту ма боху."

Хьалха баьхкинарш, цара (гIазакхаша) шайн чу а ца буьтуш, хьийзинера. Шайн чуьра хIума а евзина, "хIара маьнга са бу" аьлча, из дIа ца луш, лаьхкинера.
Тхан де декъан тIехь, цIенош хаьрцина, гу бен бацара. Поппаран кибарчигах хIусам йира шо даьлча, белхий а беш.

Доккха эхь ду тахана, дерриг къоман дог дохош, Нохчийчохь къам цIерадаккхар Чиллан беттан 23-чу дийнахь билгалдаккхар дихкина хилар. Сочехь Iаьнан Олимпан ловзарш дуьйлале масех шо хьалха дуьйна а, Москохара омар доьссинчех тера ду Соьлж-гIала, нохчийн цIерабахар ма хьахадайта, аьлла.

Тамара: "ХIокху деношкахь иза дуьйцуш дац, хьахош дац. ЦIечу Эскаран дийнахь ямартлонца адам гул а дина, шийлачу Чиллан баттахь адам цIерадаккхар нахана дицлур ма дац. Реза боцуш бу. БIаьстенна дIатеттина и де. И де дицдалийта политика ю лелош ерг. Нахана дицлур-м дац иза."

Цул хьалха, Москохара Нохчийчу боьлхучу хьаькамашна ца тов аьлла, Маьхкадаьттан институтана дехьа агIора, Первомайский ураман юьххьехь йолчу майданахь хIолламана хIиттийна чурташ буха а даьхна, вовшашна тIек-тIекIала кхийсира. ВорхIе дайх дисина и чурташ санна, кегаелла ю нохчийн истори а. Божалан чохь Хьайбахахь 700 стаг вер толлуьйтуш дац.

Шина тIамехь эзарнашкахь къиза байъинчу нехан кешнаш достуьйтуш дац. Амма Соьлж-гIалахь бу, Нохчийчу воккха, жима а вен баьхкинчу оьрсийн салтийн а, инарлан Трошев Геннадийн а урамаш. ХIетахь яздира, «Нохчийчохь массара къобалдина тIе ца эцна, урамийн цIе хийцар». Ма-дарра аьлча, цхьана нохчочуо ца эцна. Цхьамма бен.
XS
SM
MD
LG