Оьрсийчоьно ГIирма ах-гIайренан доккхах дакъа шен куьйгакIел дерзийна бохуш дуьйцу Малхбузерчу политикаша. Ткъа массо а дуьненан маьIIехь кхозлагIа дуьненан тIом бала кийча бу аьлла кхерабелла бу нах.
Масех де а ца ийши Украинехь лаьтташ дерг цу пачхьалкхан чоьхьара гIуллакх долчуьра, я вуьшта аьлча, коррупцино а, стешхалло а лаьцначу шайн урхаллийна дуьхьало ян арабевллачу маьршачу гIовттамхойн а, Iедалан ницкъийн къовсамера, - дуьненаюкъарчу конфликте дерза. Цхьаццаболчу Малхбузерачу аналисташа тоххарехь и хьал мацах цкъа даханчу бIешеран 60-гIа шераш долалуш иккхинчу „Кариберчу кризисца“ дусту.
Ткъа хилларг хIун ду? Москохано, ма-дарра аьлча, шен куьйгашца ГIирманера Iедал хийцина, масех де хьалха массо а низам а дохош, цхьа а кворум ца хилар тергоне а ца оьцуш, къайлаха схьагулйинчу цу автономан республикин Лакхарчу Радане шена оьшуш болу сацамаш тIе а эцийтина, аьлча а, цуьнга ГIирман кхолламах йолчу референдумах сацам тIе а эцийтина, Украинин низамца и тайпа референдум янне а йогIуш яцахь а.
Иштта Москохано меттигера урхалла хийцина, шена муьтIахь волу стаг цуьнан коьрте а хIоттош. И хилла ца Iа. Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш бу эзарнашкахь ГIирманахь дIасалелаш, урамашкахь гаррехь Украинин байракхаш а ягош, баха а, бахка а меттигера нах маьрша ца буьтуш, мацах цкъа Октябран революци йоккхучу муьрехь большевикаш санна, поштий, телеграфий, цIерпоштий дIа а лаьцна.
ГIирма Украинех дIа а къастийна, шен куьйгакIела ялон Iалашо йолчух тера ду Кремло юхьаралаьцнарг, масех шо хьалха Гуьржийчоьнах ша дIакъастийна Къилба Осетий, Абхазий санна. Цуьнан тоьшалла ду иштта Оьрсийчоьно хIинцале а ГIирмина 6 миллиард доллар меха гIо дийр ду аьлла хилар а.
Европехь вехачу нохчийн политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, ГIирма ах- гIайре Оьрсийчоьно дIахоьцур яц, хIуъу дина а, хIуъу мах белла а. ТIом бан безахь, и шен йоцу, амма шена вуно мехала йолу территори къевсина, тIом а бийр бу Кремло аьлла хета цунна.
Асхабов Хьамзат: „Цу Оьрсийчоьнан массо а паччахь исторехь дуьйна оцу ГIирман тIехь дола дина ца Iаш, иштта Босфоре а, хIинца Истамбул лаьттаче а кхача гIиртина, паччахьшна тIаьхьа Советийн куьйгалхой а гIиртина. Амма иза цаьрга ца даделла, ца дайтина цаьрга иза. Цундела а бу царна Iаьржа хIорд мехала. Цара ГIирма дIахоьцур яц, иза дIахецахь церан Iаьржачу ХIурдан флот йовр ю“.
Гуш лаьтташехь йозуш йоцучу пачхьалкхан дозанаш а хадийна, цу пачхьалкхан цхьана кIоштанахь, шайн цIакхаьчча санна, лела оьрсийн эскархой тергалбеш йолчу Малхбузено цкъачунна цхьа а гIулч ца яьккхина, и хьал хийца я сацон. Бакъду, хIора дийнахь аьлча санна Малхбузенан куьйгалхоша цхьацца зевне дIахьедарш до, Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал агресси яхь, шаьш иза могуьйтур дац, бохуш.
Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Баракъа ши де хьалха шен Путин Владимирца хиллачу къамелехь кхерам тессинера цунна, нагахь санна Оьрсийчоьно шен эскарш Украинина чоьхьа дахахь, „цуо цунах дукха деза жоп лур ду“, аьлла. Амма Путинна и кхерам лерах а ца хьакхабеллийла гойту, цуо цул тIаьхьа шен эскаран жигаралла кхин а алсам яккхаро. Иштта тергал ца деш дитина Путинс Меркела шега кIирандийнахь телефонан зIенехула дина хилла къамел а.
ХIинцалца схьа Малхбузенан векалша динарг билгал цхьаъ бен дац – тIейогIучу аьхка Сочехь дIаяхьа леринчу саммите шаьш догIур ца хилар дIахьедар. Ткъа цу юкъана интернет машанехула а, урамашкахь а наха дийцаре деш ду, адамалла кхозлагIа дуьненан тIом баларан зил тIе хIиттина бохург.