ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жим-жима санкцеш йохуш ю Iамерка а, Европан Барт а Украинера ГIирма дIаяьккхинчу Москохана дуьхьал


Iамерка -- президент Обама Барак Воишнгтонера КIайчу ЦIийнахь Украинера кризисах лаьцна къамел деш, 17Заз2014
Iамерка -- президент Обама Барак Воишнгтонера КIайчу ЦIийнахь Украинера кризисах лаьцна къамел деш, 17Заз2014

Евроберто а, Цхьатоьхначу Штаташа а цхьа могIа санкцеш юккъеяхна Оьрсийчоьнна дуьхьал, и пачхьалкхе Украинин дакъа долу ГIирма шен дола яккхагIертарна.


ВорхI Оьрсийчоьнан хьукматхо, виъ Украинин, а аьлча а, ша хIинца йозуш йоцу пачхьалкхе лоруш йолчу ГIирмера верг – иштта ду оршот сарахь Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Баракъа куьг таIийначу официала кехатехь санкцеш хьакхало аьлла билгалбаьхначу нехан терахь.

Уггаре а бевзаш болу нах цу могIаршлахь – Федерацин Кхеташонан спикер Матвиенко Валентиний, Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча волу Сурков Владиславий, президентан хьехамча волу Глазьев Сергей, премьер-министран гIовса волу Рогозин Дмитрий ву, Цхьанатоьхначу Штатийн администрацин сайто бинчу хаамца.

Ю царна юккъехь иштта оьрсийн доьзалийн гIиллакхаш сема лардарца евзаш яьлла йолу депутат Мизулина а. Цу шен Малхбузенна дера критика ярца а, цигара Iадаташ а, низамаш а аьшнаш дарца а гIараяьллачу зудчуьн кIант, ала дашна, Белгехь вехаш а, болхбеш а ву дуккхаъчу шерашкахь, ткъа ша Мизулина кест-кеста и шен доьзалхо волчехь хьошалгIахь хуьлуш ю.

ХIинца дуьйна амма тамаша бу цуьнан иштта маьрша Европехула дIасалела аьтто хилахь. ХIунда аьлча, и оьрсийн Iадаташ хесторхо иштта Евробертан санкцийн могIаршлахь а ю.

Евробертан санкцеш хьахийначара аьлча, цара, итт стаг совнаха виллина шайн гIуда даран тептаре. Царна юккъехь, Цхьанатоьхначу Штаташа билгалбаьхначарех цхьаццаберш хилла ца Iаш, иштта ю керла цIераш. Масала, Пачхьалкхан Думин депутаташ Железняк Сергей а, Миронов Сергей а, Клишас Андрей а, иштта цхьа могIа кхин а, шуьйрачу юкъараллийна башха гIарбевлла боцу нах а.

Царна цу санкцех хуьлучу хIуьттаренах а, новкъарлонех а лаьцна аьлча, хьахон догIу, оршот сарахь, ша Цхьанатоьхначу Штатийн санкцешна кIелавахар гучудаьлча, масала, Клишас Андрей цIе йолчу Думин депутата сонта дIахьедар дира, иза шена бен а дац, аьлла, хIунда аьлча, шен цу пачхьалкхехь цхьа а бахамаш а бац, я банкашкахь чоташ а яц, аьлла.

Амма жимма тIаьхьо ша Евробертан санкцеша а лаьцнийла хиъча, олуш ма-хиллара, „пес йохъйелира“ цуьнан, сонталла мича яхана ца хууш дIа а йолуш. ХIунда аьлча, цуьнан, гучудаларехь, Швейцарехь масийта вуно исбаьхьа гIишло хиллера. ХIинца и гIишлош, депутата, схьахетарехь, шен Даймахкана тоьллачех низамаш дохуш, „хьанал“ къахьоьгуш эцна хилла йолу, еса лаьттар ю, дас доладан йиш йоцуш.

Иштта йиш йоьхна хила там бу шен шовинистийн хьежамашца гIарваьллачу депутатан Железняк Сергейн а. Даима а Оьрсийчуьра Iер-дахар хестош а, Малхбузе емалйеш а волчу цуо шен кхоъ йоI Лондонерчуй, Швейцарерчуй уггаре а езачех дешаран тушпхьанашкахь дIатарйинера. ХIинца амма мехкаршна сагатделча дадин царна тIекхача йиш хир яц, ша и мехкарий шаьш дадас сел хесточу Оьрсийчу юха ца берзахь.

Амма и лакхахь хьахийна волу масех стаг хилла ца Iа шаьш сел емал ечу Малхбузехь яккхий таронаш IаIийначарна юкъехь. Массо а аьлча санна Оьрсийчоьнан лаккхара хьукматхой Европерчу пачхьалкхашкахь банкашкахь чотанийн, гIишлойн, петарийн дай бу. Бакъду, царех дукхахчара хьалхехь дуьйна шайн таронаш шаьшна тIе а ца язъеш, я шайн хIусамнаношна, я берашна я хиллане а хийрачу нахана тIе язйина. Цундела и церан таронаш билгалъевллачул тIаьхьа а уьш цаьргара схьаяха низамехула некъ ца хуьлу.

Ша-шаьш хьукматхой а боцуш, Оьрсийчоьнна, пачхьалкхенна санна, цу санкцеша деш долу зе дийцича, Францино динчу дIахьедарца, цу пачхьалкхено Оьрсийчоьнна „Мистраль“ тIеман хIурда кеманаш дохкар сацор ду. И тIеман кеманаш оьрсийн эскарна сел оьшуш йолу реформа ярехь цхьа мехала дакъа дара. Цул совнаха, НАТО тIеман альянсан инарла секретар волчу Расмуссен Андерса дIакхайкхина, шайн альянсо Оьрсийчоьнца мел долу цхьаьнаболхбарш совцош ду, аьлла.

Политологин Iилманча волчу, Венерчу университетан магистрана Чапханов Русланна хетарехь, Оьрсийчоьнна цу Малхбузенан санкцеша деш долу зенаш а, цатам а тIехула дIахьаьжча гучул дуккхаъ сов бу. Цунна хетарехь, генарчу перспективехь хаалуш хир ю цу санкцийн тIаьхьалонаш.

Чапханов Руслан: "ХIинца а и санкцеш йолаелла яц. Цкъачунна Цхьанатоьхначу Штаташа а, Европано кхайкхиначу санкцеша я Оьрсийчоьнна а, я оьрсашна а цхьа зе дийр дац. Амма хаа деза, цхьана дийнахь ялур йолуш яц и тайпа санкцеш, хIунда аьлча, еккъа цхьана Германин мел кIезга 6000 фирма ю Оьрсийчохь болх беш.

Царна хан оьшу, кечамаш бан. Бакъду, Путинна а, Оьрсийчоьнна а ма-моттара, иштта атта дуьссур дац и гIуллакх. Уггаре а хьалха и санкцеш могIарерачу бахархошна тIеIаткъам беш хир ю. ХIунда аьлча сурсаташ европехь дIахьош ду цига. Иза лакхарчу технологийн сурсаташ ду. Оьрсашка я Индера а, я Бразилера а я кхечу БРИК юккъе йогIучу пачхьалкхашкара эцалур доцуш.

Кху деношкахь я кIиранашкахь гучу ца ялахь а, амма беттанашкахь гуш хир ю цу санкцийн тIаьхьалонаш. Хенаца цига еш йолу инвестицеш а совцур ю, керла ахчанаш чуоьхур дац Оьрсийчу, инвестицеш севцича.

Санкцех гIуллакх хуьлуш ца хилахь, оьрсийн сом механа дайдан йиш хир ю кхеран. ТIаккха массо а хIума язлур ю Оьрсийчохь. Мехаш хьаладовлахь, бахархой Iедална резадацар совдер ду, митингаш дIайолалур ю."

Ткъа цу юкъана G8 цIе йолчу дуьненан уггаре а нуьцкъалчу пачхьалкхийн цхьаьнакхетаралло сацам бина шинари дийнахь Оьрсийчоь цу тобанехь хилар сацадан. Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Фабиус Лорана динчу дIахьедарца, рогIера цу цхьаьнакхетараллин саммит Оьрсийчоь декъа а йоцуш дIахьур ю.

Мичахь я маца хир ю хьалха цкъа Сочехь мангал баттахь, хьеший тIеоьцуш Оьрсийчоь а йолуш, дIаяхьа лерина хилла йолу и саммит бохург цкъачунна ца довзийтира цуо. Амма кхеташ ма-хиллара Олимпиадин дашо кIур мелла а айбеллачу Сочина и беза хьеший, шеко а йоцуш, гур бац.
XS
SM
MD
LG