Референдум ерзарцана дуьнене а, шаьш шайн верас лоручу Оьрсийчоьне а дIахьедарш дира ГIирмехь шайн Iедал дIакхайкхийначу наха, оьрсаша, мохк марша а бели, цунах хIинца йозуш йоцу пачхьалкх а хили аьлла.
Оцу юккъехула яхара делегаци Москох ГIирма Кремлан караяла.
Цхьа а ант доцуш, цIена чекхбаьккхина лору гIирманхоша а, ша а Украинан дакъа Оьрсийчоьнах дIатохар президента Путин Владимира.
Амма цхьана а чоьте ца эцна агIонаша ГIирмин бакъ-дайшна гIезалошна хетарг, луург. Сталина боххорах, децIа шайх дакъа бен кхаьчна а боцчу гIезалойн ницкъ ца кхаьчна шайн махках я жоп дала а, я цуьнан дола дан а – уьш кIезиг бу шайн лаьтта тIехь.
Референдум йоьдучу дийнахь хIара къамел дира Маршо Радиога ГIирмерчу гIезалойн цхьана юьртарчу вахархочо.
ГIезало: «Шога ницкъ хьалха а баьккхина, Оьрсийчоьнан цIуьхIарша хIоттийна Iедал ас къобал ца до. Цара мел дийриг ГIирман къомана дуьхьал ду, суна дуьхьал а ду. Иштта, конституци а талхош, дIахьочу бараме кIезиг хир бу боьлхурш гIирман гIезалошлахь».
Тахана Кремло ГIирмехь шен эскарш а латтош, халкъан лаам а хьошуш, бухара Украинан тIеман дакъош гонехь а кхобуш, шена товрриг дина.
ХIоьттинчу хьоло дагалоцуьйту Нохчийчохь 2003-чу шеран Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь хилла референдум. Хьерабаьлла боьдуш махкахь тIом а болуш, дIабаьхьира хIетахь и барам. Бухаюьллуш яра еккъа цхьа Iалашо – халкъе Нохчийчоь Оьрсийчоьнца юьсу алийтар. Бен-башха а дацара бакъ-сурт, бакъ-лаам, коьртаниг референдум хIоттор дара.
Оцу дийнахь Соьлж-ГIалахь Iедало доьза байина шайн гергарнаш лоьхучу нехан гулам бара лаьтташ. Цигара ду хIара аьзнаш.
ХIетахь мелла а шайн кхаьжнаш белира нохчаша мехкан керла конституци а, Iедал а къобалдеш. Цунах тоам а хилира Кремлана шен аьлларг тIедаккха. Нахана уггаре хьалха луург дара тIом сацар.
Мел башхалла ю Оьрсийчоьно дIакхехьначу а, хIинца ГIирмехь хIттийначу а референдумашна юкъахь дийцира Маршо Радиога дохийначу Ичкерин Iедалан хьалханчас, Европехь бехачу нохчийн лидеро Закаев Ахьмада. Иштта довзийтира цо шена хетарехь дуьнено хIинца дан догIург а.
ГIирма Оьрсийчоьно, дуьненаюкъара низамаш а дохош, долаерзоро Европа а, Iамерка а декхаре йина хиллачун жамIаш дан а, Кремлана дуьхьал санкцеш яха а. И тайпа барамаш берраш а дIакхайкхийна бевлла а бац цкъачунна. Цхьаъ ду гуш билггал: къарглуш, шорлуш ду бакъо коьрта ниIмат лоручу дуьненний, муьлхха а бакъо талхо кийча йолчу Оьрсийчоьнний юкъара цакхетамийн Iин.