ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркел Ангела - Аьхка Сочехь хила еза G8-саммит юхаяккха тарло


Еарий дийнахь шайн парламентехь къамел деш Германин канцлера Меркел Ангелас хаам бина, Европа экономикан санкцеш дуьхьалъяха келуш ю Оьрсийчоьнна, аьлла. «КхолагIа фаза» ша олуче Украинера хьал кхачахь, иза долучул а телхаш меттиг нислахь, тIеоьцун йолу санкцеш а хир ю шога, бохура Меркела.

Москох бахьана долуш цуьнца G8 олучу пачхьалкхийн юкъаметтигаш эшна, хIинца и юкъаралла оьшуш хилар а ду шеконехь, аьлла хета немцойн канцлерна. ЕвроБертан кхеташонехь пIерасканде дерзале къастар ду цо муьлха таIзар доккху Оьрсийчоьнна дуьхьал.

Цигахь, гарехь, сацам бийр бу аьхка Сочехь хила еза G8-саммит юхайоккхуш. Иштта шагдийр ду оьрсашна Европе визанаш ялар а, шорйир ю уьш яллане а ца лучу хьакамийн тептар. Украинан премьер-министр Яценюк Арсений а ву Европан Бертан кхеташоне кхайкхина, тарло Европаной Украиной, шайн гергарло чIагIдеш, куьйгаш яздан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG