ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алиев ГIапур дагалоцуш


Нохчийн байтанча, илланча Алиев ГIапур
Нохчийн байтанча, илланча Алиев ГIапур

Кху баттахь кхо шо кхаьчна инзаре говза байтанча, карзахе пондарча-иллиалархо Алиев ГIапур дIакхелхина.

БIаьрганегIар тоххал юкъа юй те аьлла хетало Алиев ГIапур воцу. Оццул сиха чекхтили кхо шо зама. Гуттаренна а даха дисна цуьнан исбаьхьаллин дош, дека дисна ГIапур-иллиалархочун дуькъа, гIоргIа аз а, дог ир-кара хIоттош, йийсаре лоцуш, даиманна а дека дисна цуьнан дечигпондаран зевне мерзаш а.

Мила ву орцане мохь бетташ, къомана тIебазбелла тIеман кхерам дIаайа санна, вайнах цхьаалле боьхуш, ладегIаме, луьра, хеттарш бен жоьпаш доцчу 1990-чу шерашкахь исбаьхьаллин дашца, бIеннаш дегнашна тIеIаткъам беш, шалхо йоцу дош хазийна байтанча Алиев ГIапур?

Цу хаттарна, соьца нисделлачу къамелехь а, зорбанехь а дуьззина жоп делла ГIапурин юххера накъост хилла чекхваьллачу, исбаьхьаллин литература талларехь вахчавеллачу, яздархочо Бурчаев Хьалима. Ишта яздо цо масала «Даймохк» газетехь ГIапуран синхаамечу турпалхочух.

«Алиев ГIапуран лирикан турпалхочун кхин цхьа агIо а ю: мел хала, Iадаме хийцамаш ша ловш велахь а, иза сатесна ву маьршачу, ирсечу дахарехь ваха. Карарчу хенан хало лан ницкъ бу цуьнан кхана хиндолчу ирсан дуьхьа. Ткъа кхане хир яц тахане йоцуш, мел къиза и елахь а.

Цуьнан тохарш лан а лайна, кханене гIулч таса ницкъах вуьзна волчу вешан турпалхочух дозалладаран синхаам буссу вайн дегнаш чу. ХIунда аьлча «жимий, воккхий ца къаставеш, барзах угIуш, оьздий, осаллий вовшех иэдеш», «жIаьлех леташ» еана хан, дегIе цалабаллал бала бохьуш еана, иза вайн халкъ юх-юха а зеран, дахчадаларан мур бу цунна».

Байтанчин лирика жимма а евзаш волчунна хаьа мел шен метта ду Бурчаев Хьалиман ахкаме язораш.

Алиев ГIапурин хьокъехь, цуьнан «ларш» зуьйш вистхиллачу Бурчаев Хьалимас санна дика эр дуй те кхечаммо аьлла, бала кхочург шеконашка а воккхуш, боьдуш тIом а болуш, нохчийн кханенах тешош, декна цуьнан иллеш. «ГIапурин-илланчин тийно-гIоргIа аз хезара массо нохчийн ярташкахь.

ХIора денна Iожалло каетташ дIахьочу нохчийн кIентех, мехкарех, кегийчу берех дог Iийжаш, царна орца кхойкху иллеш дара уьш, рогIера шен бала хьегарх Нохчийчоь юха доьналлица чекхъериг хиларх махкахой дегнаш чу тешам бижош:

Къоркхокхий декар ду, цу нохчийн лаьмнашкахь,
Ламанан баххьашкахь лечарчий ловзур ду.
Дависа хьан делаI, сан хьоме Нохчийчоь,
МостагIех цIаньелла хьо хьанна гур ю те?

Ишта яздина Алиев ГIапурин кхолларалла хьокъехь ша «Ас цкъа ца яздо сайна ца гинарш» цIе йолуш, «Вайнах» журналехь зорбане яьккхинчу эссе тIехь Бурчаев Хьалимас.

Дашна ала байтанчин мах хадорехь, нохчийн литературехь уггар тоьллачех цхьаъ лара а хьакъ долуш, кIорге а йолуш, вуно дика язбинчех цхьаъ бу Хьалимас зорбане баьккхина болх.

ТIеман кIуьрлахь, дуьйлуш герзаш а доллушехь, мангал хьоькхуш бIаьрзе Iожалла а йоллушехь, догIанна язьелла Iаьржа мархаш санна, тIебазбеллий лаьтташ кхерам а боллушехь, мехкан, къоман, беза-бевзачийн бала ца кхочуш Iийна вац ГIапурин синхааман турпалхо. Цуьнан даггара дуьхе кхиа а гIерташ, бала кхочу Даймахкахь тергаллучу хиламийн:

ДIо гене боьду некъ кхачийна, кхачийна сатийсамаш.
Замано йийсаре валийна, севцина сан къийсамаш.

Моьттинарш моьттинчохь хадийна, тIекхаьчча цамоьттинарш.
Сирлачу хьегамо Iехийна, Iаржьелла сан ойланаш.

Бакъдолчо бакъдоцург далийна, гIап хIоттош бу баланаш.
Ез детташ, цIогIанца кхайкхийна, нохчалла ю кегаеш.

Алиев ГIапурин синхааман турпалхо холчохь ву, гуш лаьтташехь, къоман мехаллаш хIаллакьеш, хьере хьийзачу заманан сиха болар лахдан ша гIорасиз хиларна а, кханене, «гене боьдучу некъан чаккхе ца гуш», ган а ца лууш, зовкх хьоьгуш, «бал отуш йилбазаш» маса хьийзаш хиларна а:

Тешамо цатешам толийна, сох буьйлу со вийлинарш.
Къадоцчу къиноша хьовзийна, язлуш ю сан гIайгIанаш.

Ямарта тоба а дохийна, сол тоьлла со кхаьрдинарш,
Сан метта сан некъа хIиттина, бал отуш ду йилбазаш.

Сан метта сан некъан хIиттина, сох буьйлу со вийлинарш.
ДIо гене боьду некъ кхачийна, язьелла сан гIайгIанаш.

Комаьршша кхечаьрца безам, йовхо йоькъуш, Iаламах дIаэвелла ваха Iемина ГIапурин синхааман турпалхо, тахана къизаллин теш хилла, ницкъала халонаш шен къоман лан дезнехь, цуьнан къинхетаме дог тешамах дуьзна ду кхана:

ГIан санна дIаер ю бехъелла зама, деньелла Нохчийчоь цкъа гIоттур ю. Генарчу мехкашкахь хевшинарш баха, хIун дуьне, хIун бахам аш гулбийр бу?

Сан миска Нохчийчоь. Хьан некъийн ченаш
Хетта-кха дерриге дуьненан меха!

Хууш ма-хиллара, Алиев ГIапур бухбиллархо лара а тарлуш, цо нохчийн исбаьхьа литературан байталлехь чIагIйина, шуьйра пайда а оьцуш, яржийна, дуьххьала ингалсахой жигара «тIетийжина» сонетийн кеп.

Цаьрца дерзадо ас ГIапурин кхоллараллин хьокъехь сайн доца къамел. Философан ойланан кIоргене кхийдаш ека масала 125 сонет. Йис йиллина корта белахь а, цуьнан синхааман турпалхо смнтемзаллица юхахьоьжу ша бинчу дахаран некъе. Шегара дийлина гIалаташ бахьнехь цу некъаша ша чехош санна хета цунна.

Мотт бийца Iемича ас дина некъаш-
Даьяла, ма хабарш хир дара уьш,
Со Iадош тIаьхь-тIаьхьа, тIаьхьа а текхаш,
Цкъа мацах мел хилларш бIарлагIе гуш.

Шерашна юккъера гучу а дуьйлуш,
Барт хоттур бара со чеха а веш,
Сан вонаш, диканаш терзанца узуш,
Ас кхочуш цадинчух хир вара теш.

Тхайн тишчу хIусамехь синтем а байна.
Некъаша идийна со генна дIа.
Ца хила йиш хилларш ас хийла лайна,
Хуьлийла луъчунна тIаьхьа мА идда.

Сан дагчохь даима ас дина некъаш
Ду соьга барт хоьттуш, со буьрса чехош.

Муьлххачу а дала дезачу адамна санна, ГIапурин турпалхочунна хийра дац забаре дош аьлла доггаха велавалар а, хазаниг хаза ду-кх аьлла къера хилар а. Сийлахьчу байтанчин Алиев ГIапурин I27 –чу сонетаца дерщзадо ас цуьнан синхааман турпалхочух дагавийлар.

ТIехъели, де дика дойла хьан олуш, со тIаьхьа хьаьжжинчохь латта виси.
Ас куьйгаш кхийдадо собарде бохуш,и, юха а хьаьжна, елакъежи.

ТIаьххьара йисна церг гучу а йоккхуш. Со цунна дуьхьала велавели.
- ХIун боху ахь. Дада? - къайлаха йоьлуш, суна тIеена, юххехь сеци.
Дависа, голаш, шу мА чIогIа егий, «тIох-тIих» деш. Сан дог а тохадели,
- Воккха стаг, цIа а гIой, цо соьга эли - Хьайн йоккха стаг хьаста, хабарш а дитий.

Шераш ду сан духкуш. Оьций аш, кIентий? Къоначу дагана уьш сов ма девли.
XS
SM
MD
LG