Майданера протестхошна герзаш диттинаш говза топ туху, Iамийна нах бу
"The Daily Beast" хаамийн журналана тIехь шен таллам гIарабаьккхинчу Деттемер Джеймис бахарехь, цуьнан сурташа гойту, майданехь герзаш диттинарш Януковичан ницкъашна юкъара нах хилар.
http://www.thedailybeast.com/galleries/2014/03/30/exclusive-photos-of-kiev-s-russian-trained-killers.html?source=socialflow&account=thedailybeast&medium=twitter
ХIиннцалц ша Януковича а, Кремло а чIагIдора, герзаш диттинарш арахьара чубаьхкина оппозицина гIортор ян гIерташ хилла нах бара я, демонстранташна юкъара националисташ бара, бохуш.
Майданахь герзаш довла дуьйладалале жимма хьалха, цунна кхо квартал генахь туп тоьхна йолчу Украинан Кхерамазаллин Урхаллин штабан кертахь даьхна ду и сурташ.
Сурташна тIехь гуш ду, цхьаболу ницкъахой Iаьржа тIеман барзакъ доьхна, пхьуьйшах можа, билгалонан цуьргаш дихкина бу. Цара каралаьцна ю снайперан тоьпаш а, тойина, Калашниковн тоьпаш а.
Эксклузив: Киевера Оьрсийчохь Iамийна болу нах байъархой: http://t.co/17L6HJF8HL pic.twitter.com/OmkyHTvwlo
— The Daily Beast (@thedailybeast) Охана 1, 2014
ХьастагIа Маршо радионан гIазакхийн редакцица къамел динчу Деттемера дийцира, цуьнан сурташа гойту, «Альфа тоба» цIарца бевзаш болу, Янукович Викторехьа болу Украинан Леррина Ницкъаш.
Деттмер: «Вай ца боху вайгахь тоьшаллаш ду, билггал оцу лаьтташ болчу наха герз диттина. Ма-дарра гуш дерг хIун ду аьлча, антитерронан говзаллаш Iамийна нах бу уьш, цхьаберш снайперш санна Iамийна. Чиллан-беттан 20-чу дийнахь Майданехь герзаш довлале, машенашна чу ховша кечамаш беш бу уьш.»
Оцу юкъанна, Маршо радионан Украинан сервисо видео яьккхина Чиллан беттан 20-чу дийнахь оццу бедаршца а, изза билгалонан цуьргаш пхьаьрсах дихкина, кхаа кога тIе хIоттийна снайперан топ а, изза карлаяьккхина Калашников а йолу нах бу цу тIехь, Майданехь протест ечарна тIе герзаш детташ.
Майданехь Iенийна цIий хIинца пропагандин тIеман дакъа ду. Кремло шаьш Украинан лидерш а, Iамерка а бехке йо адамаш дайъарна. Оьрсийчоьнан пачхьалкхан телефизионо а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацера оьрсийн векало Чуркин Виталийс а чIагIдарехь. Киевера Iамеркан векалалла ю цигахь дакъа лаьцнарг.
Януковичан Iедалехь Украинан Кхерамазаллин Сервисан куьйгалхо хиллачу Якименко Олександро бахарехь, снайперш, протестхошна юкъахь бара. Деттмера бахарехь, цу бехкашна тоьшаллаш дац. «Видео я суртийн тоьшаллаш далон ма деза. Цхьана я шина протестхочуьнгахь топ хилла, амма уьш бехке бац, цу дийнахь, мел лаххара а 53 стаг верна. Британера кхелан лоьрийн-экспертийн тоьшаллаш ду» боху шайгахь Деттмера, «цигара хьал дикка талла а теллина, цара къастийна, герз дийлина меттигаш стенгахь хилла. Iедална карахь хиллачу гIишлош чура диттина ду уьш.»
Майданера дукхах болу нах коьртах я уккул чу герз детташ байъина бу. И чевнаш «говза топ тухучо» бен ян йиш йолуш яц аьлла хета Деттмерна.