ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шегара кхин мехкаш а дIабахарх йогу Украина


Украина --Донецкерчу Iедалан ЦIенна хьалха гуламехь лаьтта Оьрсийчоьнехьа болу зударий, 8Оха2014
Украина --Донецкерчу Iедалан ЦIенна хьалха гуламехь лаьтта Оьрсийчоьнехьа болу зударий, 8Оха2014

Кремло Украинехь бехачу оьрсашлахь гIаттийначу сепаратизман мох хьийза хIинца Киевна малхбалехьа лаьттачу къошташкахь. Донецк, Харьков, Луганск ю къепедацаршкахь. Цигахь мохк гара ца балийта хьовсийна Украинан Iедало шен долахь дукха бисина а боцу ницкъаш.




Украинан цхьаалла йохорна дуьхьал низам шагдеш ю Лакхара Рада. Харьковра Iедалан хIусамаш уьш дIалецначу Оьрсийчоьнехьа болчу нахах мукъаяьккхина полицино шинарий Iуьйранна.

Ткъа цкъачунна лаьцна латтош ю оьрсийн мотт буьйцучу сепаратисташа Донецкера Iедалан хIусам. Луганскехь а ду изза хьал – бевзаш боцучаьргахь ду цкъачунна мехкан урхаллин цIа.

Дела денна санна хаамаш бо Iедале Украинан кхерамзаллин урхаллаша, Оьрсийчуьра баьхкина диверсанташ шаьш лийци бохуш. Оцу юккъехула пачхьалкхан Радехь а бовлу сепаратисташкахьа болу депутаташ – уьш бу, доккхачу декъанна, «Регионийн партера а», коммунистех а.

Муха го бухара сурт, нехан дог-ойла теллира Маршо Радионо Харьковн къоштарчу Лозова-гIалахь 30 шо сов вехачу нохчочунна Митаев Русманна.
ЦIера Сиржа-Эвлара ву Русман. Лозовехь 30 шо сов веха. Шен накхаршца къахьоьгуш карийра тхуна иза. Цо тоьшалла до, шайн къоштахь цхьа бевзаш боцчу наха гIаттийна сепаратизм, ткъа бахархошна товш бац и болам бохуш.

Русман: « ГIирма дIалацар я иза Оьрсийчоьнах дIатохар хьахийча, иза цхьана агIор кхетон а тарло. Цхьана хенахь иза Оьрсийчоьнан дакъа хилла, Хрушевс дIаделла, я иштта кхин аьлла.

Ткъа кхузахь кхетош дац наха, Харьковн, Донецкан я Одессан къошт Оьрсийчоьнах дIакхета еза бохург. Уьш-х яций цхьаммо а Украинана елла, уьш Украинан латтанаш ма ду! Стенна дуьйцу д1атохарх, референдумах, федерацех лаьцна – иза ду-кх нахана ца кхеташ. ХIун бух бу иза баха Оьрсийчоьнехьа болчу нехан? Иза ду-кх нехан латта дIалацар, иза ю-кх кхечу пачхьалкхана дуьхьал агресси».

Мохк Оьрсийчоьнах дIакхетча дика хир дара, иза Украинаца богIуш бац аьлла хеташ нах ца хуьлийла дац шун гIалахь, гонахарчу къошташкахь, аьлла шеца долийча, хададо Мицаев Русмана тхан къамел.

Русман: «Аьттехьа а дац, и тайпа къамелаш кхузахь ца до. Мелхо ишттаниг цхьамма телевизонехь аьлча, цучухула и гIурташ, карчамаш гайтича, Харьковн, Одессан я кхин мохк Оьрсийчоьнах дIакхета гIерташ санна, иштачо сагатдо нехан, могIархойн сагатдо, хьаькамийн а сагатдо.

Кхузахь шайн мохк, пачхьалкх езаш нах бу. Церан дан хIума-м дац, амма церан догъэтIа. Иза хилийта тарлуш дац. Ца теша нах, кхузахь и тайпа референдум чекхъер ю аьлча а. Харцонца-м далур ду иза, алалур ду, наха кхаьжнаш тесна, референдум толамца йирзина, аьлла. Ах процент а хир дац кхузахь царна оьшу жамI. Кху тхайн гIалахь суна-м ца хезна цхьа а ша Украинах дIакъаста реза ву олуш.

Цхьа а вац Оьрсийчоьнна дуьхьал. Ву шен къоман, мехкан патриот-м. ГIазакхашна вон хуьлийла ца лаьа. Ткъа хIара шен латта ду, шен даймохк бу, ша стенна луш бу цхьанна дIа, боху-кх».

ХIоьттинчу хьоло сингаттамехь латтабе хир бу Украинан малхбалера бахархой аьлла шега деллачу хаттарна иштта жоп делира Русмана.

Русман: «Оцо гIайгIане бина нах, сагатдо бохург а доцуш, мохк бохорах дечу къамелаша шаьш сийсаздо аьлла хета нахана. Суна хетарехь, бахархой хьаькамел а баккхий патриоташ бу. И суна хетарг ду. МогIархо баккъал а кийча ву ша маршоннна дIавала а, эшахь дахарх вала а. Уьш алссам саготта бу. МогIарчу нахх иштта олийла ду сан»

Малхбалерчу къоштийн Iедал ша а дац, Киевна ма-оьшшу пачхьалкхана муьтIахь. Масала, Донецкера, Харьковера, Луганскера полицин дакъош дерраш дац Украинан цхьаалла ларъян реза, бохуш бо Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Аваков Арсена халкъе леткъамаш.

Донецкехь къошт муьлхачу статусехь юьсу – Украинаца я ша - и хаттар бутт баьлча референдуме даккха луучийн болам бу гIеххьа ницкъалахь а, цу тIе Москохарчу Iедало цим а тесна, марсабала тарлуш.

Де-факто Оьрсийчоьнах дIакхеттачу ГIирмехь санна, дукха оьрсий Малхбалехь бацахь а, Украина кхидIа а кескашка яла тарлуш кхерам лаьтта цигахь беха оьрсий бахьанехь.

Украинана юха а тIебазбелла бала а кхетош, керла дIахьедарш до тахана Европано а, Iамерко а. Атлантикан тIеман альянсо хаийтина, Оьрсийчоьнна могуьйтур дац дуьнено, нагахь санна цо ГIирмехь хIоттийна сценарий хIинца Украинан малхбалехь а хIоттаяхь аьлла.

Ишттачу дIахьедаршна дуьхьал деза, кура жоьпаш хеза Кремлера. Ткъа муха хир ю Украина дакъазаяккха леринчу оьрсийн хьаькамийн рогIера гIулч хаа аьтто бац. Ца хаьа иза Кремлан дайшна бен.
XS
SM
MD
LG