ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Кхечу мехкийн агенташ» - диверсанташ, шпионаш?


Оьрсийчоь -- Парламентан харжамашна резабоцчийн гуламера лаьцна вуьгуш ву "Мемориал" юкъарлонан куьйгалхо Орлов Олег, 06ГIу2011
Оьрсийчоь -- Парламентан харжамашна резабоцчийн гуламера лаьцна вуьгуш ву "Мемориал" юкъарлонан куьйгалхо Орлов Олег, 06ГIу2011

Оьрсийчохь Iедалера харцо ловчу нахана тIаьххьарчех дуьсу гIо а дIалакъош ду, бакъоларъярхойн центр «Мемориал» Петарбухарчу кхело дIакъевли, аьлла даьржийна оьрсийн а, дуьненаюкъарчу а зорбанехь. Юьйцучу юкъарлонан куьйгалхочуьнца Орлов Олегца зIене девлира тхо. Орловс иза гIалат ду, юьйцург шайн санна цIе йолу Петарбухара дискриминацина дуьхьалояран юкъарло ю, элира. Амма хаийтира Маршо Радиога шайн юкъаралла а Iедало юхучу кхачийна хиларх лаьцна.



Петарбухахь кхел йинарг ю «Мемориал» цIе а лелаеш, дискриминацица къийсам латтабе юкъаралла. Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думано кхечу мехкийн агенташ олу институт юкъаяккхарцана, кхечу бакъоларъярхойн организацешка санна, цуьнга а бохура, ша арахьарчу юкъараллаша кхобуш а ю, Оьрсийчуьра политика емал ечех а ю, алий, юстицин министралле кехат а яздай, оцу могIарчийн реестре яла.

Юкъаралла реза ца хилла иза дан, ша-шена тIе «диверсант», «шпион» бохучух йогIу цIе тIекхолла ца лаьа цунна.

ТIехь йинчу шина кхело лаамза аьлла цунах хIинца «кхечу мехкийн агент». Ткъа оцу цIарца яха ца лаьа организацина, цо шен болх сацош бу оцу бахьанийца.
Цуьнан санна цIе елахь а, цуьнан структурах яц гоьяьлла евза бакъоларъярхойн центр «Мемориал». Делахь а, кестта хир ю и тайпа кхел оцу Орлов Олега куьйгалла дечу юкъараллан а. Ткъа хIинца, кху деношкахь шен дахар кхачийначу дискриминацина духьало латточу юкъараллах лаьцна иштта дуьйцу Орловс.

Орлов: «Дискриминацина дуьхьал йолу «Мемориал»-центр эшнера кхелан хьалхарчу инстанцехь, селхана эшна шолгIачу инстанцехь а. Иза ду и юкъарло дIакъевли бохург. ХIунда аьлча, цо хьалххе дIахаийтинера оцу кепехь ша регистраци йийр йоцийла.

Бакъонашларъечу «Мемориал»-центрх дерг аьлча, тхан хиндерг а ду кестта луьстуш. Охан-беттан 15-чохь Москох Замоскворецкан кхелехь 10 сахьт даьлча долор дов листа. Цигахь оха къовсар ду прокуратурано тхо кхечу пачхьалкхийн агенташ ду, оха иштта регистраци ян а еза бохуш чIагIдийриг.

Сайггара цхьа хIума тIетухур ду ас. Селхана Оьрсийчоьнан конституцин кхело бинчу сацамо некъ биллина Оьрсийчуьрчу бакъоларъяран а, кхечу а, масала, экологин организацешна духьал харцонаш лелон а, репрессеш ян а. Со тешна ву, оцу конституцин сацамо ирча тIеIаткъам бийр бу кханнехь тхан кхолламна а».

Оьрсийчохь диктатура чIагIлуш ю. Дено-дено херцош ю демократин институташ, лакъош бу нахана Iедалера юьйлу харцонаш ялхон некъаш. Ткъа кийтарлонца, маршонах ша етта ценаш а ца гойтуш, до иза пачхьалкхо, боху «Мемориалан» куьйгалхочо Орлов Олега.

Орлов: «Кхечу мехкийн агентех долчу низамо, цуьнан маьIна, иза прокуратурано а, юстицин министралло а кхочушдар, организацешна ша тайпа шалго югIуш ду – я кхечу мехкийн агенташ а ю шаьш, арахьара ахча а оьцуш, политикаца йоьзна ю шаьш олу цара (иза иштта дацахь а), я мелла а сиха шайн болх а берзийна, репрессешна кIел йоьлху уьш».

«Кхечу мехкийн агент» боху официалера цIе, цуьнан маьIна тIеоьцийла дац ша-шега мелла а ларам болчу, шена ша оьзда хетачу бакъоларъяран юкъаралло. Амма бакъоларъярхошна бисина кхин некъ а бац, я хьо агент ву, цо кхачочу массо а маьIница лела дезаш, я ахь, оцу могIара ца вала, дуьту нехан бакъонашларъяр. И цIе тIе ца оьцуш, шерашкахь нахана орца кхачош лелла, набахте кхачочуьра, цигахь хIаллакбечуьра бIеннаш нах къелхьара бохуш лелла шен «Мемориал» а декхаре хир ю дIакъовлаяла, боху Орлов Олега.

Орлов: «Тхан олийла дац тхайх «кхечу мехкийн агент», цхьаьнхьа а регистраци а йийр яц оха. ХIунда аьлча, иза тIехь доцург кхоллар ма ду! Кхуллур яц оха тхаьшна тIе и цIе. Iехор яц я Оьрсийчоьнан а, я дуьненан а юкъаралла. Ур-атталла, оццул къиза тхоьца долу вайн Iедал а. Иза оха дийр дац, стаг я организаци ша шена тIе боьха цIе кхолла декхаре яр – иза низмамехь дац, иза гIелояр ду, бакъонаш дIаяхар ду.

Карарчу ханна цхьа организаци, Iедалх йоцу цхьа организаци бен яц оцу реестрехь, ша-шех кхечу мехкан агент ала реза хилла.
Ала деза кхин а, мичахь ду оцу низаман хIилла – и боьха мухIар организацина тIетухурш хьаькамаш бац, цара и цIе тIекхуллуш хилча-м хIун дара, тIаккха-м шаьш шайна тIеоьоцура цара къа, тхоьга тхаьашка тхайна и цIе тIекхолла ма боху цара.

Тхаьш тхайна мотт тоха, айкхдовла, арзде ма боху тхоьга. Юстицин министралле, оха доьху, дIаяздахьара тхо кхечу мехкан агенташ ду алий, арадовла ма боху тхоьга. ТIаккха дуьхьалдеттар ду, аш шаьш ма тиллина шайна и цIе, бохуш.

ХIуъа а, мухха а нислахь а, иза оха дийр дац, оцу кепехь кехат яздийр дац. Ткъа кхин дIа хIун хуьлу гур ду-кх».

«Кхечу мехкийн агенташ» аьлла, ченала хьакхочу юкъарлонийн терахь тоъал доккха ду. Ткъа и цIе шен лаамца тIеэцначу юкъараллийн бита безар бу шаьш хIинццалц харцонах нах къелхьара бохуш бина болх. Бу кхин цхьа некъ а – «агенташ» а хилла, даима шаьш Iедална муьтIахь яцар, цуьнца гамо шаьш лаьцна хилар даре а дина, шаьш бехкалахь а лоруш, къахьегар - цунах «къахьегар» ала тарлахь.

Оьрсийчохь адамийн бакъонаш Iедало муха хьоьшу хьовсу юкъарлонаш кестта йоцчу дер дуйла гойту хIоьттинчу хьоло. Амма иза иштта цахилийта арабевлла нах а ца го я Москох а, я кхечу гIаланашкахь а...
XS
SM
MD
LG