ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерка тасаелла Оьрсийчоьнца


Iамерка -- Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон, Вошингтон, Оха82014
Iамерка -- Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон, Вошингтон, Оха82014

Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Барак Обамин администрацино Кремлаца къуьйсуш алсамъяьккхина, Украинан кризисехь лаьтташ дов а долуш, шаьш еш йолу риторика. Цунах лаьцна яздина Маршо радионан корреспондента Шрек Карла. Иза гочъйина Умарова Аминас.


Кремлаца юкъаметтигаш ца йохон гIерташ, Обама Баракан урхаллин хьалхарчу пхеа шарахь ца лелийначу кепара, Украинехь чолхе долучу хьолана тIехула шаьш деш долу дIахьедарш эвсар даьхна Iамеркан президентан администрацино.

Оьрсийн билламаш цхьацца а бохуш, ма-барра бовзийта Iалашонца хаамийн гIирсаша дуьйцург а, Обамас хьалхарчу муьрехь Вошингтонера президенталла дIакхоьхьуш, Москохца йолу юкъаметтигаш «каралайохуш» лелийна дипломати а кхоччуш къаьсташ ю.

«Къамел доцуш, аз хийцаделла. Амма иза, иштта, хийцаделла оьрсийн агIора а. И ловзар ловзон ши агIо оьшу,» элира, Обамас Москохца йолу юкъаметтигаш «карлайохучу» муьрехь Iамеркан президентан администрацица уллехь болх бинчу Iамеркан Iедалан векало.

2013-чу шарахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Магнитский низамехула санкцеш кхайкхийна, шина агIонан юкъаметтигаш цIеххьана телхича а, Шемарчу махкахойн тIамана тIехула а, Iамеркера веддачу, цу пачхьалкхан Къайлахчу Сервисашкара аналистана Сноуден Эдвардана Оьрсийчоьно тхов-кIело елча а – Украинехь кризис иккхича йиначух тера цхьаьнабертахь, дуккха а тIегIанаш йолу информаци цкъа а ца хезнера Вошингтонера.

Гуш лаьтташехь, Москохо керста а деш, Оьрсийчоьнехьа болчу герз карахь хиллачу наха Украинан малхбалера Iедалан хьукхматаш дIалоцучу юкъанна, Iамеркан Iедалан векалша анддий дIахьедарш дира.

«Украинера хьал махкахойн тIаме доьрзуш ду бохуш чIагIдо Оьрсийчоьно. Амма, цигахь хуьлуш дерг, оьрсийн провокаторш а боцуш хуьлийла дац,» аьлла яздинера Iамеркан пачхьалкхан департаменто шен Твиттерна тIехь Охана-беттан 13-чу дийнахь.

Оццу дийнахь хьалхуо, Iамеркан пачхьалкхан департаменто ша-даьккхина дIахьедар динера, "«Украинера хьал дохоран тоьшаллаш» ду аьлла а, Оьрсийчоьно Украина хьокъехь дина итт харц дIахьедар ду аьлла а.

Зазадоккху беттан 5-чу дийнахь Iамеркан пачхьалкхан департаменто Оьрсийчоь бехке йира, «Украинехь ша лелон низамехь доцу хIума бакъдан гIерташ, цо дийцинчунна. Бехке вира оьрсийн президент Путин Владимир цо девнах лаьцна бакъдоцург даржорна.

Iамеркан лакхарчу даржашкара Iедалдайша шайн доларчу Твиттершна тIехь а гIортор йира цу кампанина. Цу юкъахь яра, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь Iамеркан векал йолу Пауэр Саманта а, Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьанабелхан а Организацехь Обамин векал волу Баэр Даниэль а.

Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьанабелхан а Организацин кхеташонехь Баэра дIахьедар дира, «харцдерг дийцаран кампани дIакухехьарца» Оьрсийчоьно дуьненаюкъарчу юкъаралле а, шен махкахошка а «ларамазалла» гойту, аьлла.

Украинехь жигара протесташ юьйлаялале, даханчу шеран Лахьанан баттахь, Обамин администрацин белхахошна юкъахь хилла хийцамаш, Москохца йолу юкъаметтигаш «каралаяхаран» политикина тIера, мелла а шога хиларна тIебоьлхуш гира цхьаболчу аналисташа.

Цу хийцамах цхьаъ бара, Нуланд Виктория Iамеркан пачхьалкхан секретаран Европан а, Евразин а гIулаккхашна когаметта хIоттор. Иза цу дарже хIотторна гIортор йира, Обама Кремлаца кIеда-мерза хиларна бехкеш болчу политикаша-республиканхоша Маккейн Джона а, Грэм Линдсис а.

Iамеркан Сенато шен даржехь чIагIъйинчу Нуланада дIахьедар дира, Вошингтоно Киеверчу Iедална ондда гIортор а йийр ю аьлла.

Оццу хенахь, Украинехь Iамеркан векал хиллачу Пайфер Стивенна хетарехь, Вошингтонан къамел хийцадаларан бахьана, Украинехь дагахь доцчу кепара хиламаш. ХIокху масех шарахь хилла цхьанацадараш диц а деш, тIаьхье муха хир ю ала а хала ду боху цо.

«ШолгIа Дуьненан ТIом чекхбаьлчхьана дуьйна, дуьненахь лелла маьIне низамаш Оьрсийчоьно буххера дуьйна дохор санна туьду Iамерко Кремло лелорг. Оцу низамех цхьаъ – кхечу пачхьалкхан латтанаш дохуш тIеман ницкъ ца лелор ду. ГIирмехь Оьрсийчоьно динарг билггал иза ду,» элира Пайфера Маршо радионе.

ГIирма дIаяккхар, цигахь алссам бехачу, гIазакхийн мотт буьйцучу меттигерчу нехан лаам бу аьлла дерзийна Кремло. 2008-чу шарахь Косовоно гонаха хилла хьал а дуьстина цуьнца. Косово йозуш ца хиларна гIортор йира Малхбузено. ХIетахь Оьрсийчоь дуьхьал яра. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, НАТОно а и тайпа дустар бух боцуш лерира.
Украинехь Оьрсийчоьно лелочуьн хьокъехь шайн реза ца хилар тIечIагIдеш Iамерко а, Европан Берто санкцеш ехира цхьа-моггIа Украинан а, Путинна гонерчу Оьрсийчура а политикашна а, хьоладайшна а дуьхьал.

Амма, цхьаболчу Вошингтонера аналистийн хьесапехь, Обаман администрацин кхерамийн, хила ма-беззара, онда бух бац.

«Къамел кIеда а, карахь онда чхьонкар а хила еза алара сан турпалхочо Рузвельт Теддис. Ткъа аша шога къамел до, амма шун карахь цхьа ледара гIаж бен яц. Аьлча а, чIура бу,» аьлла дIахьедар дира Путинан луьра оппонент волчу Аризонера сенаторо республиканхочо Маккейн Джона, Сенатехь Оханан-беттан 8-чу дийнахь хиллачу ладогIаршкахь.»

Шен агIора, Керрис кхин дешнаш далийра, Iамеркан 26-гIа президент лаьттинчу Рузвельтан.

«Хьан доттагIчо рузвельта кхин а аьллера, хьалха а бевлла, цхьана хIуманна тIекхача гIертачуьнгахь бу ларам. Билггал и ду оха деш дерг. Рузвельтан и принцип ю аса юьхьарлаьцнарг»!.
XS
SM
MD
LG