ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Менеджер Хлопонин инарлах Меликовх хийцина. Стенна?


Оьрсийчоь -- Бочаров Ручей резиденцехь Путина текхайкхира шена Оьсрйичоьнан эскарийн штабан буьйранча Рогозин Николай а, Къилбаседа Кавказехь полицин эскарийн коьртехь волу инарла Меликов Сергей а. Къилбаседа Кавказан федералан коьрте хIоттийра цигахь инарла Меликов, 12Заз2014
Оьрсийчоь -- Бочаров Ручей резиденцехь Путина текхайкхира шена Оьсрйичоьнан эскарийн штабан буьйранча Рогозин Николай а, Къилбаседа Кавказехь полицин эскарийн коьртехь волу инарла Меликов Сергей а. Къилбаседа Кавказан федералан коьрте хIоттийра цигахь инарла Меликов, 12Заз2014

Хийцамаш бина Къилбаседа Кавказан куьйгаллехь. Цигарчу шен векалан Хлопонинан метте президента Путин Владимира хIоттийна къомах лаьзги волу инарла-лейтенант Меликов Сергей. Керла кхоьллина Къилбаседа Кавказ кхиоран министралла а.




Красноярскна Кавказ тешор цхьа шатайпа къайле ю Путин Владимиран. Диъ шо ду цо и кеп хаьржина. Ерриг Оьрсийчоьнан Iедалан гIантден гIовс а веш, Къилба федералан гоне хьажийра Путина диъ шо хьалха Красноярскера губернатор Хлопонин Александр. ХIинца иза оцу даржах мукъаваьккхинехь а, витина Москох хIетахь цунна деллачу хиллачу пачхьалкхан урхаллин даржехь.

Кавказах жоп луш ши куп хир ю хIинца дуьйна. Хьалха хилла Пятигорскера федералан го а, Москох деношкахь кхоьллина Къилбаседа Кавказан кхиоран министралла а. Оцу керлачу министраллан коьрте хIоттийнарг а ву Красноярскера. Хьалха Хлопонин а санна, хIинццалц цигахь губернатор Iийнарг.

Путин: «Оха Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолу, Къилбаседа Кавказ кхиоран министралла кхуллу. Хьуна министран дарж а кховдадо оха. И министралла, кхечу шатайпа терго оьшучу меттигашна а санна, кхуллуш ю федералан Iедалан тидам Къилбаседа Кавказ кхиорна тIехьажорхьама».

Ткъа Хлопонин Iийначу федералан гонан коьрте дуьххьара хIоттийна Путина кавказхо – лаьзги Меликов Сергей. Бакъду, хало ду цунах кавказхо ала – Москохна гена доццуш вина а, кхиина а, полицерчу эскаршна коьрте кхаччалц тIеман даржехь хьалаваьлла а, Кавказерчу гIаттамхошна дуккха а дуьхьалваьхна а стаг ву иза.

Стенна эшна Оьрсийчоьнан президентна Хлопонинехь кхаьбна гIант гарадаккха, цуьнан дарже, шен амалехь ма-хиллара, тIеман говзанча хIоттийна а ца Iаш, Москох Къилбаседа Кавказна шенна лерина министралла кхолла?

Оцу хаттарна жоп далар Маршо Радионо дийхира Москох дика вевзачу Кавказерчу политикан говзанче-эксперте Сухов Иване.

Сухов: «Суна хетарехь, керлачу хьелашкакхь экономикан хьажар хийцадаларца доза иза, хIунда аьлча, федералан бюджетехь ахча лекъаш ма дуй. Кхеташ ду, ахча кхачалуш лаьттачу а, Кавказерчу куьйгалхоша шайга лучу ахчанах шайн лаамехь пайда оьцуш лаьттинчу а хьелашкахь цхьаъ ца дича ца долийла. И хьелаш телхаш лаьтта. Цуьнга хьаьжжина, кхерамзалла а эшна хир ю. Цундела инарла экономикан менеджерал а пайде хирг хир ву-кх».

Логикаца догIуш а, маьIналле диллина дийца даьккхича а, беккъа дIа кавказхошна стенна кхачош ю оццул дукха терго боху хаттар а гIотту. Уьш безарца билгалваьлла а воцчу Путин Владимира хIун ду шен гIулчана бухадуьллург?

И хаттар а дира оха экспертца Сухов Иванца дийцаре.

Сухов 2: «И дерриге а хIуманаш шаьш-шаьш яьхначу министралле а, урхалле а декъар – иза, суна хетарехь, ду федералан го шина декъе бекъар. Цхьана декъо, инарла Меликовн урхалло, жоп лур ду кхерамзаллах.

Ткъа экономиках дерг карахь латтор ду лаккхарчу Iедалехь кхуллучу Къилбаседа Кавказан гIуллакхийн министралло. Иза махках шатайпа куьйгалла даран кеп ю. Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолу министралла кхоллар - къаьмнаш колони кIел, кога кIел латторан некъ бу. Иза пачхьалкхерчу цхьана махкана тIехь тIечIагIъеш леррина режим ю».

Шина декъе – тIеман а, экономикан а жоьпалле декъначу олалле инарла Меликов ваийтар цхьа ша тайпа историн горгали боькуш санна хета дайн иэсехь бехачу кавказхошна. Уггаре эшначех зама хилла лаьттина Кавказна тахана коьрте хIоттийначу инарлан санна тайпан цIе йолу инарла 19-чу бIешарахь паччахьо урхалле хIоттийначу заманахь. Лорис-Меликов даиманна а висина дагалецамашкахь къиза адам санна.

Ткъа хIун лардан деза хIинца кху Меликовгара, бохуш, ладегIа бевлла Iа тахана нах.
XS
SM
MD
LG