ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кбаада-150: Кавказ "къарйина" де


Туркойчоь -- Истамбулера чергазийн гулам, 2Чил2014
Туркойчоь -- Истамбулера чергазийн гулам, 2Чил2014

Кавказан тIом шаьш толамца берзор даздеш, Iаьржа хIорда йистерчу чергазийн Кбаада-майданахь эскарийн гайтам хIоттийна оьрсаша. И эшаме хилам дагалоцуш конференцеш, гуламаш дIабаьхьна кавказхоша дуьненан дуккха а маьIIашкахь.




Чергазашлахь уггаре даккхийчех ларалуш дара Кбаада-майданахь оьрсаша голатоьхна, аьлча а, дайначийн могIара кхачош, цIийла карчийна убыхийн къам. Оцу меттиган цIе ЦIен майда (Красная Поляна) а тиллина, базбина оьрсаша шаьш кавказхошна тIехь баьккхина толам.

ГIебартоша, чергазаша, адыгейша хIора шарахь а хьехабо шайна хилла эшамаш и де тIехIуттучу муьрехь. Тезетан ден а олу кху беттан 21-чу дийнах.

150 шо кхачар билгалдоккхуш гуламаш, конференцеш дIахьош бара чергазий а, цаьрца цхьана кхиболу кавказхой а дуьненан массо а континеташ тIехь санна. Москох 12 сахьт долуш тийналлин минот хIоттийнера дерриг а дуьненарчу адыгаша.

Истамбулехь бара Тезетан денна леринчех цхьа барам – историкийн, политикийн, кавказхойн баланийн бала болучийн конференци. Цигахь дакъалоцучу Туркойчоьнан вахархочо Абу Хьамза Ахьмада йовзийтира шайн Iалашо.



Кхеташ ду, Туркойчохь, Iаьрбийн мехкашкахь, Европехь, Iамеркахь бехачу кавказхойн кхетамах къаьсташ ду Оьрсийчуьрчу адыгийн Iедало 150 шо хьалха Кавказера тIом берзарца дузуш, хиллачун-леллачун мах хIоттор. Кремло Кавказехь хьаькамалле хIиттийначара а даре до и Iаьржа де цкъа мацца а деъна хилла хилар.

Амма Оьрсийчоьно шен кога кIел Кавказан къаьмнаш дийшор хенан йохалла церан ирс хила хьаьгIна дара боху къамелаш хезара кхаарийн дийнан барамашкахь Нальчикехь, Черкесскехь, Майкопехь.

Делахь а иштта хьахийна а, хьаькамаша бохаман де хьахор а доккха хIума хета кавказхошна.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан президента Коков Юрийс Нальчикерчу гуламехь иштта долийра къамел.

Коков: «Адамийн оьмарехь кIезиг ца хилла тIемаш. Делахь а Кавказан тIом шен бохаллица, къизаллица, баларш дукха хиларца ша тайпа меттиг дIалоцуш бу. И тIом бахьанехь адыгийн халкъан доккхахчу декъан даймохк бита дезна, дерриг дуьнентIехула даьржина. ТIамо адыгийн халкъан массех чкъуран кхоллам хийцина».



КхидIа Коков Юрийс мел ирсе бу Оьрсийчохь баха бисина адыгаш бохучу маьIнехь дийцира.

ХIун ду 150 шо хьалха Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь Кбаада-майданахь хилларг, хIун тIаьхьало нисъелла, хIун маьIна дара оьрсийн империно цигахь баьккхинчу толаман? Оцу хьокъехь Маршо Радиоца къамел дира историн доктора Вачагаев Майрбека.



Хьаькамаша шайгахь халкъан бала хилар, шаьш а цуьнан кIентий, мехкарий хилар гойтуш дина къамелаш дуьйшур ду кхин а цхьа шо даллалц. Ткъа Кавказан баланийн, халкъаша шайца кхобу дагахьбаллам-м бац цкъа а кхачош.
Делахь а, Вачагаев Майрбека ма-аллара, Кбаада-майданахь эшаро декъазчу хорша дерзийна дахар бердаш шуьйрра, маьршша долчу некъа даллалц дуьтур дац кавказхоша эшамаш дагалецар а, паргIатоне сатийсар а.
XS
SM
MD
LG