Нохчийчоьнан Новр кIоштаца доза долчу Ставропол мехкан Нефтекумск кIоштан Тукуй-Мектеб эвлахь, эзар сов стаг дIа а гулвелла, шатайпа гулам дIабехьна бахархоша. Дукхах берш ногIий а болуш 3500 стаг вехачу цу юьртахь кху деношкахь карзахе хьал латтар бахьна ду Iедалехь болчара бусалбан нахана тIеIаткъам бар.
Юьртахоша дийцарехь, ницкъаллин структураша, бехк-гуьнахь а доцуш лаьцна дIа а вигна, кхо стаг вийна кху тIаьххьарчу 6-7 баттахь. Кху мангалан бетта I3 –чу дийнахь къайлахчу сервисан белхоша тIекхайкхина 27 шо долу Таибов Замир, коьртах йина чов а йолуш вийна схьакарийна I4-чу дийнахь. Эпсар даржехь полисхо болх бина волу шайн юьртахо вер дазделла бахархошна.
Нефтекумск кIоштан Тукуй-Мектеб юьртахь дIабехьначу гуламехь дакъалаьцна ур-аттал Ставропол махкан Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин коьртачу урхаллин хьаькамо инарла лейтенанта Олдак Александра а. Бахархойн хеттаршна жоьпаш а луш цигахь йийцаре йинарг ю нехан кхерамазалла. ХIун дина, хIун ца дина къастош изза гулам –цхьаьнакхетар дIахьур ду аьлла, тIелацам бина Ставропол мехкан полисхойн куьйгалло.
Низамхойн, я кхечу Iедалехь болчеран харцо-кхачамбацарш, йийцаре еш гулам дIабахьа тарлой Нохчийчохь? Тахана урхаллехь болчара нийса кхетор дарий те, бIеннаш нах вовшах а кхетта, нийсо, бакъо ялхо хIиттича? Iендало бакъо лур ярий теша дуккха а нахана гуламе а бевлла, шайн сагатдийриг гIардаккха?
Ма-дарра аьлчи дукхахболчу вайнаха шеконца тIеоьцу лакхах далийначу хеттаршна тахана махкахь жоьпаш каро хьелаш ду бохург. Царна иза цхьа туьйранера хIума хета. Иштачех ву соьца къамел деш волу Гуьмсан кIоштера вахархо Рустам. Цо вах ца луш доцца элира IадIийча сийлахь хир ву бохучу маьIнехь.
Карарчу хенахь махкара хьал-де дика девзачех ву Мусаев Рамзан. «Кхийранчун нана йилхина яц» бохучу маьIнехь цо элира вонна-диканна а бакъо толийта аьлла Нохчийчохь аравалар кхераме хилар.
ДIа лен ваьккхинчуо даре а деш, схьагучу суьртехь, тахана махкахь тергаллучу хьолаца, ша ву-вацца а ца хоуьйтуш, Iедалехь болчаьрца юкъаметтигаш а ларьеш, вахар санехь ду хIора а нохчочунна.