ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь нах маьрша бу гуламашка бийла


Европа --Нохчийн гулам
Европа --Нохчийн гулам

Ерриг а Оьрсийчохь а дац кхин даладелла хьал, Iедална шайн резабацар кхайкхо урамашка нах бовлар царна Iуданашца деттарца а, полицино еттарца а, ткъа цхьаццаболучарна набахтехь яккха хенаш тохарца а доьрзу. Ткъа Европехь муха ду те протесташца долу хьал? Дуй те цигарчу нахана Iедалх лаьцна шайна хетарг алар кхераме?




Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн конвенци тIехь а, Европерчу пачхьалкхийн шен-шен конституцешна тIехь а билгалйаьхначу коьрта адамийн бакъонех цхьаъ ю шена хетарг алар а, шена хетарг массарна а хезаш кхайкхор а. Амма кхайкхорах ца тоьуш, Малхбузехь и бакъо, цхьана агIор Iедало ша вуно чIогIа ларъеш а, вукху агIор наха жигара пайда оьцуш а схьайогIуш ю.

Иштта, масала, цхьа могIа Европерчу пачхьалкхашкахь, нагахь санна, цхьана стагана я тобанна муьлхачу цхьана бахьанца дуьхьалонан акци, митинг хуьлда иза, пикет я демонстраци, ян дагадеънехь, цуьнан, дукхахьолехь, шен петарера аравала а ца деза, иза дIаяхьа шена Iедалера бакъо яккхархьама. Интернетухула цу хIуманна тIе йиллинчу хьукмате кехат яздичахьана, схьалуш ю и бакъо.

ТIаьхьарчу иттех шарахь хийлаза дуьхьалонан акцеш а, митингаш а, демонстрацеш а ша йина а, я, кхечара йича, дакъалаьцна а ву Австрехь вехаш волу нохчийн политикан а, юкъараллин а жигархо волу Исханов Хьусейн. Цуо дийцарехь, Iедалера кхерам-м тешна а бацара протесте арабевллачарна, мелхо а, полицино ларбо и нах, церан хьежамашна резабоцучаьрга царна цхьа новкъарло я зулам ца дайтархьама.

Исханов: „Кху иттех шарахь дукха митингаш а, пикетащ а йина оха кху Австрехь, тIамна дуьхьал а, цу оьрсаша вайна тIехь лелочунна дуьхьал а. Кхузара Iедал мелхо а цецдолу вай митингаш а ца йича, вешан бакъонаш лар а ца йича.

Иза хIора стеган бакъо ю – Дала елла бакъо а ю, Iедалша елла бакъо а ю иза – шен бакъонехь къийсар. Хьо чохь Iийча, ахь хьайн чохь хьайца юьйцу харцо къийлича, тIаккха цхьанна а хуур дац вайн хьал. Кхузахь вуно йоккха маршо ю нахана протесташ ян. ТIехула тIе Iедало полисхой а бохкуьйти, ларбо дуьхьалонан акцешка арабевлларш, царна дуьхьала цхьанга а питана ца дайтархьама“.

Цхьана агIор, Оьрсийчохь я Нохчийчохь политикан Iедалах дерг, я тайп-тайпанчу хьукматийн векалийн леламех, я полисхойн шогаллех лаьцна шайна хетарг ала ца хIуттуш, шаьшна а, шайн доьзалшна а и бахьана долуш ницкъболчара бекхам бар кхоьруш, бат дIа а къевлина, легашкахь къурд сацийна Iаш дукха нах белахь а, вукху агIор амма, меттигерчу Iедалша ма-луъу протесташ ян а, хетарг кхайкхон а маршонаш юьтучу Малхбузерчу пачхьалкхашкахь шарахь цхьа-шозза дуьхьалонан акци вайнехан диаспораш кхайкхийча, цига ван реза ца хуьлу масех бIе стаг.

Цхьа ша-башха нийсонах я шаьш лелочу бахьанийн эвсараллех ца тешар а даьржина Европехь бехачу вайн махкахошлахь. „Дукха йинера вай и митингаш-м. Царех болуш пайда а бац“ - олу хеза кест-кеста.

Я муьлха а цхьа петици, - хуьлда иза мотт ларбарехьа а бакъонашка къийсарехьа, - къобалйеш куьг таIдахьара аьлла кхайкхам интернетехь баьржича, „эрна дара иза-м, хIинцалца схьа а ца дина цу петицеша кIаддаъ“ бохуш, цхьа мацах классикан литератехь хиллачу „дерриге а массарел гIолехь хуучу сесан“ амалехь къамел до дукхаъчара.

Исханов Хьусейна хетарехь, и тайпа шаьшна юкъара хIума бенцахетар кхайкхош болу нах, бакъдолчехь, кхоьруш хуьлу, шайна цхьанна а кепара шайн леламех зулам даларна.

Исханов: „Оцу шайна бенцахетарх цхьа тIехула долу чкъор дина цара. Ма-дарра аьлча, кхоьруш хуьлу. Цаьрца къамеле ваьлча, схьа ма дуьйций цара. Коьрта бахьана – иза шайн цIахь гергарнаш бу, царна зулам даларх кхоьру шаьш бохург хуьлу.

Шаьшна сарташ дахарх кхоьру, суна хийла хезна иза, дIо оцу оьрсийн векалтана хьалха дуьхьалонан акци ян хьо дIахIоьттича, цигахь сарташ доху бохуш цара и хабраш дуьйцуш. Я, масала, кхузахь дукха нах бу цIаоьхуш, юха схьаоьхуш лелаш. Уьш кхоьру, шаьш цхьанхьа митинге арабевлича, шайн сурт даккхарна а, тIаккха кхана-лама, шаьш цIадоьлхучу хенахь, шаьшна доза-йолан хьукматехь цхьа бала хиларна. Иштта и проблемаш ю церан.“

Дуьхьалонан акцешкахь дакъа ца лацар – иза бакъ я харц ца довзар дац, аьлла тешна ву Исханов Хьусейн. Амма и шайна девзаш долшехь, кханенан ойла а ца еш, тахана, хIокху мIаьргонехь, шаьшна бу аьлла хеташ болчу кхерамах оза а луш, тахана долчул совнаха, хиндолчехьа, ойла ян нахех дешна хилар а, кхетам а ца тоар ду аьлла хета цунна.

Исханов: „И гIаскхи Iедал къобалдеш ма баций и нах. Нахана дика ма хаий, дика хIун ду, вуон хIун ду. Къаьстина кху Европехь бехачу нахана гуш ду, Iедал муха хила деза, Iедал адамашца муха хуьлу а гуш ду кхузахь. Ала мегар долуш, вайна юккъехь дукхаъ нах дешна ца хилар ю вайн проблемех йоккхахйерг цхьаъ. Коьртаниг – кханенна ойла ян кхетам беза. И кхетам, ала мегар долуш, дуккхахьолехь, боцуш бу вайца“.

Даханчу шарахь Москохарчу Болотная урамехь дуьхьалонан акцешкахь дакъалаьцначу цхьаццаболчу Оьрсийчоьнан бахархошна тIехь кхел хIинца-хIинца бен чекхйаьлла а яц. Къам дIадохоран де дезде кхайкхийначу Iедалшна ца товшехь, нохчийн бохаман денна лерина конференци дIаяхьа воьхьна волчу Кутаев Русланна тIехь дIахьош ю Соьлжа-гIалахь „гайтаман кхел“ шех ала мегар долу кхел. И дерриге а гушболу вайнах я цIахь а, я арахь а а хIутту шайна хетарг ала.

Бакъду, даима а хилла адамаллин исторехь цхьа хIума – наггахь санна цхьана къомо я адамийн тобано шен бакъонаш охьакхийсахь, уьш Iедало схьаоьцу, аттачу декъаца юха а ца ерзайо. Ткъа цуьнан тоьшалла ду КъурIанчура дешнаш: „Бакъдолуш, Дала цхьана къомана тIера хьал хуьйцур ма дац, нагахь санна и къам ша хийца ца лахь» .
XS
SM
MD
LG