Шема тIом бан вахана а лелла, децIа юхавеъна дагестанхо Нурмагомедов Шемал ву Хасу-Юртарчу кхело левеш. Амма кхаарийденна кхайкхийна хьалхара ладегIарш, девна цхьа агIо тIе а ца еъна, тIебогIучу беттан юххье теттин кхел. ЦIумада кIоштара Нурмагомедов лецира кху Iай. Цунна бехкедо низамехь йоцчу тIемалойн тобанехь хилар, герзаш лелор. Бехк тIечIагIбахь, 6-7 шо хан набахтехь тIакхийта тарло цуьнга.