Украинин малхабалерчу регионехь доьлхачу тIемашкахь дакъалоцуш бу ГIалгIайчура бахархой аьлла дIахьедар дина цу республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Коммерсант-газетана ша еллачу интервьюхь цо дуьйцу, шен махкахой шина а агIор тIом беш бу бохуш. Евкуровс ца элира билггала маса гIалгIа ву Украине тIом бан вахана.
Амма, цо чIагIдарехь, царна юкъахь байинарш а бу. Евкуровс ша дуьхьал ву бах гIалгIай Украине тIамтIе бахарна. Стигалкъекъа-баттахь Украинехь тIом беш нохчий хилар даре дира Ночхийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И нах шайн лаамехь бахана бу цига бохуш вара иза.