ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаевна 4 шо хан тоьхна. ХIун диначунна?


Нохчийчоь -- политик Кутаев Руслан,11Чил2013.
Нохчийчоь -- политик Кутаев Руслан,11Чил2013.

Нохчийчохь чекхъялла политикна, Кавказан къаьмнийн ассоциацин лидерна Кутаев Русланна тIехь еш хилла кхел. Нах цецбуьйлу хиллачух...

Кутаев Русланан тIехь йолу кхел оршотдийнахь дIайирзина. Цхьа сахьт ца кхоччуш хан ийшира, Хьалха-мартан кIоштерачу кхелхочуьнна Дубков Владимирна, ша бина болу сацам дIабовзийта. Набахтехь чохь даккха 4 шо ду, цул тIаьхьа, кхиъ цхьа шо, шен цIахь даккхар а ду цунна кхайкхина. Оццул дехнера Кутаев Русланан оцу процессехь бехкбиллархо волчу прокурора. Кхелхо, шен сацамехь,тIетайна цуо бохучуьнна.

Кутаев Русланан адвоката Заикин Петра, бахарехь, кхело цхьанна а тайпан, шаьш далочу тоьшаллехь пайда ца ийцира, сацам хIоттош. Оцу бахьанца, шена, цхьацца ойланаш ю, элира цуо Маршо радиога вистхуьлуш.

Заикин: «Кхело цхьанна тайпа, мах ца хадийра, тIехуттучу агIоно далочу тоьшалшна. Тхан шеко яра, цара буьйцуш болу тешш, 20 дийнахь, уьш оцу юртахь хилла аьлла. Яккхий башхаллаш йолуш тоьшалш дара, амма, кхело терго ца йира царна. Суна, сайна хетарехь, кхело, шен болх я дика ца бина, я цхьана бахьанца, биниа цуо и сацам. Кхин ойланаш сан яц, уьш я хила а йиша яц».

Наркотикаш лелийна аьлла, шен дахарехь, я молуш, я узуш хилла воцу, чувоьллинчу Кутаев Русланан, цхьанна а тайпа, дегйовхо яцара, и кхел, нийсонна тIехь хира ю аьлла. Цуо иза билгалдаькхкинера пIераскан дийнахь, шен тIаьххьарчу къамелехь. Цундела, 5 шо тохар- цунна а шена а цецволуш хIума дацара, бохуш кхин дIа а дуьйцу адвоката Заикин Петра.

Заикин: «Русланий шеко яц, Оьрсийчоьнан бехкъастархойн система, нохчийн кепера хийцалура ю аьлла. Цундела, иза, йохьанца дуьйна, тIехоттархойн ойланашка а ца хьоьжуш, цуо бохура, нийсонца кхел хира яц аьлла. Хууш вара иза. Со адвокат хиларе терра, суна, моьттура, соьга и сацам байталура бац аьлла. Амма, иза хила ца хили».

Хьалха-мартан кIоштерачу кхелан хьалхахь, тахан сацам бийра бу аьлла хьоьжуш, Кутаев Руслани накъостий а, гергар нах а бара гулбелла. Церан, жимма а сатийсам бара, Русланан тIера мел болу бехк дIа а баьккхина, иза мокъ волуьйтура ву аьлла. Амма, кхайкхинчу хено, шаьш чIогIа цецдаьхна бохуш дийцира, Кутаев Руслан коьртехь волчу «Кавказерачу къаьмнийн ассамблеийн» президентан гIовс волчу Хизриев Iабдула.

Хизриев Iабдул: «Кхузахь мел лаьтташ верг, коьртахь хIума тоьхча санна Iаш ду-кх оцу сацамех цецдоьвла. ХIуа а дича а, иштта сацам хира бу аьлла ма дацара тхуна. Оха иштта дуьтура дац иза. лаккхарчу кхеле дIалура ду».

Кутаев Руслан дIалецира хIокху Iай, Гихтахь, шен гергар стаг волчохь хьошалгIахь волуш. Иза далаьцначу полисхошна карийна бохуш дара, цуьнан киснахь, 3 грамма наркотик. ДIалаьцначулла тIьахьа, цунна йиттина, цуо ша дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнна администрацийн коьртехь волчу Даудов Мохьмада а, Лорд олучу а, чоьххьарчу гIуллакхийн министрийн гIовс волчу Алаудинов Аптис а.

Бакъонашларъярхочуьнна, цуьнан белхан накъостий тIекхаьчча, царна гинера, Русланийн дегIа тIехь, йиттина ларш. Оцу ша долчу хIуманна терго ца йина кхело. Мелхо а, иза йолалучу хенахь, кIеда-мерза химлла волу кхелхо, цхьа цIеххьана хийцавеллера.

Кутаев Руслан воьвзучеран, цхьанни а шеко яц, цунна доьхьала долийна долу гIуллакх,политикан бух болуш ду аьлла. Кхелан тIаьххьарчу кхеташоне баьхкинера, цуьнан накъостий, политикаш а, космонавт а. Амма, цара а лаккхара, цуьнан мах хадор новкъарло ца хилира, тахана кхайкхинчу сацамна. Ткъа, Iедалшна Кутаев Русланехь ца атйнарг, дара цуо, нохчийн къам дIадохорна лерина юккъаралхой а, политикаш а вовшах а тоьхна конференци дIаяхьар.

Хан кхайкхинчулла тIаьхьа, адвокатийн бакъо ю гергарчу I0 дийнахь, кхелан сацамна аппеляци ян. И хIума дийра долуш ду, кхана дуьйна. Амма, мел хуьйцура бу и сацам республикан лаккхарчу кхело, гойтура ду замано.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG