ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яздархочун Бексултанов Мусан 60 шо кхаьчна


Нохчийчоь - Яздархо Бексултанов Муса
Нохчийчоь - Яздархо Бексултанов Муса

Нохчийн литературе тоьлла хазна доьхьуш веъначу яздархочун Бексултановн Мусан 60 дузар даздина махкахь. Къона, шовкъе ойла гIаттош, къоман уггаре къаргера гIиллакхаш марздеш, иштта замано кхачийна сакхташ къахьдеш ю Мусан кхолларалла.

Эзар исс бIе дезткъалгIачу шерашкахь, исбаьхьа литературан цхьаьнакхетараллин «Пхьарматан» «бенара» схьаваьллачех цхьаъ ву халкъан яздархо Бексултанов Муса. Наггахь, шеран юьххьехь, хIан-хIа, кхаа-деа шеран юьххьехь цкъа бен гуш воцу дела ду а хаац, суна Муса даима а къона го: хьалхьаькхна месаш, куро-о болар, дуьненан къайленах кхиъначу хьекъалде санна хьажар.

…Теша хала ду цуьнан 60 шо кхаьчна аьлча. «Хуьлийла а дац иза!»- ир-кара хIутту са. «Муха Бексултанов Мусан 60 шо? Селхана ма ду цо хазделлачу адаме хастаме дешнаш баьхна!»-хаттаре, кхетаман цхьа са къагош, леста синхаам. Амма дахаро а хьоьху шен бакъ. Цуьнан тептарш листа воьлча кхетало, "дуьйцучух уьш дIа а ца кхеташ, яздан мехкарша волийна" Муса.

Ма-дарра аьлчи шен турпалхойх тера ду цуьнан шен «дагардийцар» а. «Я хьан тухур буьйсанна хьан неI…» жарги юьххьехь цо йина ойланаш карлайоху ас.

Ша иттаннаш, бIеннаш дийцаршкахь кхоьллина, шалхо йоцчу турпалхойн вастех тера, церан дог-цIеналлех йозаелла ю цуьнан хIорш а:

«БерхIиттара ваьлча дуьйна схьа тIехьийцзаш йоI а хилла, цаьрца бен са а ца Iехаделла, зама цара а йицйина», «Лам баккхар коьрта ца хетта, цига беш болу некъ бен…», «Къеллин чам а бевзина…», «Уггар коьрта къонах лору, дуьне кхин дош а ца хетта, ирс хIун ду а ца кхиъна», «Маца лийр ву а ца тидина- Iожална цхьа а тIаьхьа ца вуьсу,-дуьненан даьхнел дукха сайх дика дош-м дезнера суна», «Яздо бохуш, хан яйина, цхьа дийцар а ца нисделла…» и кх. дIа а.

Цу кепара цуьнан ша-шен вийцарца, цуьнан аларшца , жим-жима гуш, схьаго, хаало, цуьнан турпалхой-къонахий, церан доьналлин аматаш, шатайпаналла, бIешерийн кIоргенера схьайогIу церан нохчалла.

Бексултанов Муса хеста а, цуьнан кхоллараллин хьакъдоцуш лакхара мах хадо а, цунах воьзна цахиларна сан е а хьашто яц. Делахь а дерг ду ала деза. Нохчийн исбаьхьаллин литературехь тахана дукха бац цо санна, шен турпалхошкахь Нохчалла, Къонахалла, Оьздангалла, Доьналла, Стогалла, Куралла ишта кхин дIа а вайнаха еза а, мехала а мел лерина синмехаллаш йийцина а, гайтина а. Гайтина дешархо теша а веш, жимма а бала кхочург шен ворхIе дайн гIиллакх-амалех воккха а вевеш.

​Оцу Бексултанов Мусан 60 шо кхачар билгалдаьккхина-кх кху дкеношкахь Соьлжа-гIалахь, нохчийн Нурадилов Ханпашин цIарахчу Пачхьалкхан театрехь, декъалван баьхкина цхьа могIа министарш а, лераме хьеший-яздархой а, шайн лаамехь схьагулбелла могIарера бахархой-дешархой а болуш.

Цигахь кIезиг ца хазийна довха дешнаш а, декъалварш а, «куьг бехкечунна» кхайкхийна деза совгIаташ а. Уьш хьахдар доцург царна кхин тIетовжар а ца деш, суна хIара ладугIийла дерзо лаьа цуьнан кхоллараллех дуьйцуш, Мусан дийцарш тIера цхьаболчу турпалхойн амалш карла а йохуш, церан стогаллин, адамаллин «чам» шуна бовзийта а гIуртуш.

Бексултанов Мусан дукха ирташ ю ахь дIайоьшучу хенахь хьуна дагна а, сина а гилгаш а дохуш, хьан кхетамна вуно дика, беркате тIеIаткъам а беш, кхаъ хуьлуш ешалуш, Мискъалзарратал шеко йоцуш цу могIарера ду хIара дийцарш а:» ТIаьхьенна дисна цIа», «ТоргIа»,»Iаьржа бIаьрг», «Къола», «Некълацар», «Буо», «Басмин коч» ишта кхин дIа а.

Дустарца аьлчи Бексултанов турпалхой хIора социйлехь цIерпошт тIера я машен –автобус тIера охьабуьссучу некъахойх тера, итт шо, 40 шо, я бIе шо хьалха,чIуг етташ кхихкинчу дахарехь лар юьтуш, дIаяханчу цIерпошт тIера, машен-ворданна тIера «охьабиссина», яздархочо вайн дуьхьа «юхаденбина», бовзийтина турпалхой бу.

Ишта охьавоьссина ву Муртазан ТоргIа а, цуьнан езар Баччал а. Цу масало таро ло яздархочу похIмех кхиа а, адамийн мах хадо амал –сибаташ цуьнан турпалхошлахь мел лераме хилла хаа а.

Шен езар ехачу юьртахь ловзаргахь хилла ТоргIа. хабар деъна ловзарна салташа го бина аьлла. Шена мотт тоьхнийла хиъна ТоргIийна. Тхамданан стоьла тIехь йогуш мехкадаьттан аьнгалин лампа хилла. ТоргIас мохь тоьхна: «И лампа яйа стаг вац те ловзаргахь?» Кхо кхозлагIа мохьтоьхча хьалагIаьттинчу Баччала лаьттах тоьхна йохийна лампа.

Юха маьхьарий а, тоьпаш а, мехкарийн цIогIанаш а дIа а тийна кхин ласпа латийча, я ТоргIа а, я Баччал а ца карийна. Баччал ТоргIас ядийна цу буса. ТоргIас ша ядийна хьош, ТоргIига кхайкхира ша бохуш,дийцина Баччала. ша хьош верг ТоргIал вуйла а ца хууш.

ТоргIа вийначул тIаьхьа, ткъе цхьайтталгIачу дийнахь, мацалла елла Баччал, ялтех мотт ца тухуш.

ТоргIа тешнабехкаца лаца а лоций,вехка а воьхкий,Iедало дIало цуьнан дас а. вежарша а. Царех шекйолчу нанас: »Нана яла хьан делаI, мА чIогIа вовшахбеттало-кх хьан вежарий а, шичой а…лохха къамелаш до-кх цара.. Хьуна тешнабехк ба-м ца гIерта те уьш?

И аьлчи ТоргIас шен нана човхийна, ша хьайн ден цIа дIакхетор ю хьо олуш. Бакълена а ша лаца а лаьцна вихкича, шен дега Муртазе вистхилла ТоргIа:» Муртаз, Асхьабан некъий олуш, цхьа декъаза цIе яра вайн наха йоккхуш… И цIе йожий-кх аш вайн… Со-м аш дIавелча а, ца велча а хIумма а яцара».

Нохчийчоь- Яздархочун Бексултанов Мусан 60 шо кхачар даздеш, Соьлж-ГIала, Къман театр, 25Ман2014
Нохчийчоь- Яздархочун Бексултанов Мусан 60 шо кхачар даздеш, Соьлж-ГIала, Къман театр, 25Ман2014

​Стаг дIакхелхича яха юьсург цуьнан цIе хилар. И ойла- хьажам цIе сиз а хилла чекхйолуш ю Бексултановн кхоллараллех аьлчи харц хир дац. Иза къеггина хаало «Къола» а, «Буо» а, кхечу а дийцаршкахь а.

Ткъа «ТоргIа» дийцарх дерзош аьлчи, цхьа буьйса дIаяьлчи вуьйр волуш,ша набахтехь валлош цо гIаролхочуьнга доьху: «Деллахь,Пхьара, кхана охьавигча суна тоьпаш а тухур мА ю… Сан ма чIогIа гIуллакх дар-кх тховса цIахь хила везаш… Оцу хьайн говрана нуьйр тиллахь, хIара догIанаш дIа а дахий…. ДОш дош доцчу стеган,дуц дуй а бац хьуна, Пхьара. Ас дош дели-кх хьуна сахилале кхузахь хила,»- аьллера ТоргIас. Шен дош ца дохош,Iуьйранна схьакхаьчча ТоргIа.

Мусан шатайпа хIатI ду - къеггина, массо агIор шен турпалхой гайтина ца Iаш, цо дахаран кIуркIаманехь, цу турпалхочух ишта я вуьшта дозаделла, кхиарехь гойту ша халкъ а, и халкъ деха зама а.

Дика белахь а. вон белахь а цхьа дагахьбалламе, юххера беза-бевзарш санна дагалецамехь буьсу цуьнан турпалхой. Иштачех ву масех шарахь лазаро лаьцна меттахь Iуьллуш волу.»Къола» дийцар тIера Бахьарч а. ГIенах шен пис лулахочун Висхин и ваа коша еъна, тIерех декхаш лаьхьарчий а долуш , боьха хIума го бахьарчана. Шина шарахь меттара гIаьттина воцчу цунна, адамна дика дан лааро ницкъ ло орцах вала, амма дукха хан ялале иза Iожало лоцу.

«Воккха стаг цхьанхьа генна айавелла,хахкавелла, цкъа охьа ца кхочуш, цхьана геннарчу бухбацаре вахара.» Ишта яздо авторо гIорасиз Бахьарч охьавожарх. Шен майра меттахь ца карийна Iадийна араиккхинчу зудчуьнга Жоврате мохь оьху:» Вала ца везарг вала хьан! Хьо хIун дан гIерта суна? Ас хьан мила вийнера! Нахе хIун доладайта гIерта хьо суна! Соьгара хIун гучудаьллера хьуна ва, Бахьарч Хьан вала аьлчи хьайн вала цавезарг! Жоврата айвина, мара а воьллина, йоьлхуш, тийжаш, бехкаш дохуш чуваьхьира шатIулг санна волу Бахьарч.

Иза а бу яздархочун кхиам- цкъадолчунна хетало цо цунна дов до,хьайн вала цавезарг вала хьан бохуш. Ма-дарра аьлчи иза цуо ша-шена деш дов ду. Стенна аьлчи Бахьарчан вала цавезарг уггар хьалха ша Жоврат ю. Лакхахь хьахаделла мА хиллара цу дийцарехь а ю билгалйоккхуш ойла.- стаг велча яха юьсург цIе хилар а.и цIе ларьяр Iаламат мехала хIума хилар а.

Къаьстина ала догIу Бексултанов матах. Цуьнан цхьаццадолу дийцар ледара хета а тарло, амма мотт.цуо санна и бацош яздархой нохчашлахь дукха бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG