ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн Маршонан Де


Нохчийчоьнан Ичкерин байракх
Нохчийчоьнан Ичкерин байракх

1991-чу шена Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь Нохчийчоьнан Республика Ичкери, йозуш йоцу пачхьалкх, кхоллаелла. Оцу дийнан сийдеш бу дуккха а нохчий, бу цуьнан хама ца бийраш а. Ткъа Кремло, тIемашца ша и къоман дакъа хIаллак а дина, мохк юха а шен олалле балийча, даздан дихкина нохчашна Маршонан Де.

Ичкерин гимн тахана Нохчийчохь хезар яц. Иза Оьрсийчоьно магийна дац. Кхерам бу, жоьпе озорна. Амма нохчийн синкхетам карчаран билгало йолу иза еха дуккхаъчу нехан лерехь.

Ичкерехь исс де дара даздеш. Гезгмашийн беттан 6-гIа де уггаре а дезачарах ду. Массара санна даздора иза шен заманахь. Маьрша Нохчийчоь декъалъян оьхура Оьрсийчоьнан а а, кхечу пачхьалкхийн а векалш.

.Хаджимурадов Сулейман Дудаеван Iедалехь Ведан кIоштах жоп луш префект хилла ву. Цуьнан дагалецемаш оцу хенах иштта бу.

Хаджимурадов: «Долалуш, нахана дукха хазахеташ, масара а цхьабарт болуш тIе а эцна, цхьанцца а хьагI-гамо а йоцуш, дIадоладеллера и гIуллакх. Оьрсийчоь реза яцара. Агентура чухийцира. Нохчийн, бакъдерг дийцича, агентурана дуьхьал цхьа а болх бацара беш. Хало яра нахехь. Амма ойланаш цIена яра».

Ичкерин мел кхачамабацарш хиллехь а, цуьнан Iедал гIертара иза цхьана тIегIантIе ялон. Озабезамаш а, гергарлонаш а, доккхачу декъана, коьрте даьккхина хиллехь а, ма-хуьллу, меттигерчу урхаллашкахь хьакъ долу нах хIиттон гIертара, дуьйцу Хаджимурадов Сулеймана.

Хаджимурадов: «Ичкерехь ггаре а диканиг дара, Дудаев ЖовхIаран омра лелара, кIоштан хьаькам а, цуьнан гIовсаш а лаккхара дешар дешна а, 3 шо белхан стаж йолуш а хила безаш. ХIинца-м дуккха а бу дешна боцу нах. Дешна воцчо шел лаххарниг бен ца хоржу шена накъост. Шел хьекъалца совберш ца беза. Хьекъалдерш хIиттон беза массанхьа».

Нохчийчоьно ша йозуш цахилар дIакхайкхийча шортта мостагIий гучубевлира. Шен чохь а бара уьш, дозанал арахьа а бара. Маршонан некъа тIехь, кхане дика хиларе сатуьйсуш, иттанаш эзарнаш кегий нах, бIаьргнегIар а ца тухуш, дIакъаьстира кху дуьненахь.

Оьрсийчоьнан Iилманан академин декъашахочунна, профессорна Арутюнов Сергейна хетарехь, оцу хенахь Оьрсийчоьнна кхераме дацара нохчашка шайн пачхьалкх кхоьллийта

Арутюнов: «Суна хетарехь, иза дан а мегар долуш дара, Ельцинан-Масхадовн берта тIе а тевжаш. Оьрсийчоьнан я геополитикана а, я кхечу агIонашна а ца йора цо новкъарло. Амма тIеман некъ хаьржира».

Оьрсийчоьнан цхьаболчу политологашна а, историкашна а юккъахь ойла лела, Кавказерачу къаьмнашка йозушйоцу пачхьалкх кхоллийта мегар дац аьлла хеташ. Ткъа профессора Арутюнов Сергейс кхин боху.

Арутюнов: «Нохчий миллионал сов бу. Иза чIогIа жима къам ду, я жима мохк бу олийла дац. Масала, схьаоьцур вай Науру, 10 эзар стаг хир ву цигахь. Андорра, Сан-Марино - 30-40 эзар стаг. И пачхьалкхаш йолуш ю. Цундела, суна хета, Нохчийчоь йозушйоцу пачхьалкх хила аьтто болуш яра. ТIом бан ца оьшура».

Нохчашна маршо хьакъ хиларал совнаха, иза, лело а, кхион а хуург хиларх шеко яц Хаджимурадов Сулейманан.

Хаджимурадов: «ДIакъастар, шен петар чохь дIакъовлавалар ду аьлла хета дукхахчарна. ПарггIат ваха-вар, дIавахча хьошалгIахь вуйла хаар, цIавеъча, цIахь вуй хаар - иза ю маршо. Къовлавалар дац иза. Оьрсашца а барт бан беза. Хьаьнца а барт бан беза. Вай кийча дац бохург-м аьшпаш бу. …Амма олалла Кремлехь ду. Путинна хаьа, дешна воцучу нохчочуьнга а пачхьалкхехь урхалла далур дуйла…».

Хеза нахалахь тахана, вон хиллехь а, дика хиллехь а, бIешераш хьалха санна, маьрша мохк бара Ичкери, маьрша дара шаьш, олий. Маршонан хIаваан чам биц ца ло нахана...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG