Шемахь а, Иракъехь тIемашкахь дакъалаца хьаьгначу кегирхойн терахь алсам долуш ду дела денна аьлча санна Австрехь. Цигарчу тIамехь, я джихадехь, дакъалацар хIора а бусулба стеган декхар долчуха еш жигара пропаганда ю кегирхошна юккъехь, коьртачу декъехь интернетехула. И пропаганда ечара тайп-тайпана видеогайтамаш боху.
Цхьаццайолчарна тIехь гойту, ша шех бусулбачийн халиф аьлла цIе тиллина, цкъа шозза видеогайтамна тIехь шен сибат а гайтина, къайлаваьлла волчу Абубакар БагIдадин тобанашна байIат деш болу нах, вукхарна тIехь шаьш дIалаьцначу меттигашкахь нах рузбан ламазашка кхойкхуш болу "Исламан пачхьалкх" тобан тIемлой.
Амма кхин а тамашийнарш а ю цу клипашна юккъехь. Масала, шаьш байъинчийн кортош дахар массо а деталашца гайтар цIена бакъонца тренд хилла дIахIоьттина цу тамашийначу нехан. Ткъа ютюбехула шуьйра яььржинчу цхьана видео тIехь Iелим стаг ву бохуш цхьа жимстаг шена гуонахьа Iачаьрна урок луш ву, вен кхел йинчунна урс нийса муха хьакха деза бохург хьоьхуш – хаза самукъадаларца, юкъ-кара забар а еш, вела а луш, хьоьху цуо и башха говзалла.
Я цхьа кхинаргвидео: Суданера орамаш долчу имамо, ша вуно доккха похIма долчу артисто санна тIамарш а лестош, забарш а еш, дуьйцу, "Исламан пачхьалкх" тобанах, а яьлча а, бусулба Iелимнаха цунах олуш ма-хиллара, "даIиш" тобанах дIа а кхетта, веллачунна елсманехь мас хIурлаI йоI кхочур ю.
Цуо дийцарехь, нагахь санна могIарерчу мостагIчо ша шех бусулба пачхьалкхе олуш йолчу даIишан тIемло вехь, иза елсманехь 72 хIурлаI мехкарша хьоьстур ву, амма нагах санна цуьнан валар Iамеркхойн карах нислахь, тIаккха цуьнан хьал гуттар а толур ду, цхьаъ санна I44 хIурлаI мехкарий хир бу эхартахь цуьнан хьашташ кхочушдеш.
Ткъа уггаре тамашийнарг - цу видеогайтамех Iехалушберш хилар ду.
Къаьстина кхиазхошна юккъехь карабо цу нахана шайх тешарш. Германера а, Австрера а Шемий, ткъа тIаьхьарчу хенахь Иракъей тIаме оьхучарна юккъехь доккха дакъа ду ишколашкахь доьшуш болу кхиазхой. Ур-аттала 14-15 шо кхаьчна долу зудбераш а долуш шайна юккъехь. Иштта, масала, яханчу бIаьста Венера Шема яханера I5 шо долу Боснера орамаш долу ши йоI.
И шиъ, меттигерачу Iедалхоша церан гергарчарна тIе а товжуш, чIагIдарехь, Венерчу нохчийн джамаIатах дIаетталуш а, цара тIеIаткъам бина а хиллера. ХIинца масех кIира хьалха цу шиннех цхьаъ, Сабина цIе йолу боснихо, Фейсбукехь гучуяьлла, Шемахь нохчочуьнга маре а яхана, цуьнца цхьаьна шен сарташ социалан машанехь гойтуш.
ХIун дан йиш ю радикалхойн тIеIаткъамах кхиазхой ларбархьама? Муха кхето деза тIекхуьу чкъор, бусулба дин – иза къинхетам, кхечуьнга болу ларам, адамалла, догкIедалла хиларх? Муха дIакхачо деза берашка шех Бусулба Пачхьалкхе аьлла цIе тиллина йолу тоба массо а баккхийчу бусулба Iелимаша бусулба динна зуламна араяьлла ю аьлла дIакхайкхина хилар?
И хеттарш дийцаре дан гулбеллера оршот дийнахь Венерчу Бусулба нехан кхеташонехь Австрерчу ишколашкахь бусулба динан хьехархой, шайна юккъехь КъурIан дагахь хууш болу хьафизаш а, бусулбачийн уггаре а сийдолш йолу Мисрера а, Шемара а университеташ яьхна болу Iелимаш а болуш.
Цхьаьнакхер вовшахтоьхна йолчу Бусулба кхеташонан белхахочуо Багажати Амина Карлас билгалдаьккхира, къаьстина дин хьехархой кху заманахь халчу а, мехалчу а Iалашонна хьалха лаьтташ хилар – къоначийн ойланашка а, хьекъалашка бакъйолу динан мехаллашца дIакхачорна. Уьш къаьстина сема хила безаш бу, шайн дешархойн леламашкахь хуьлуш болу хийцамаш тергал а беш, экама цаьрца болх а беш.
Амина Карла Багажати: „Вайн берийн леларехь, церан къамелашкахь цхьа мелла а хилла а хьаьркаш, билгалонаш вайна гахь, иза кхерамехь ву-кх я тIеIаткъамо лаьцна ву-кх аьлла хетахь, тIаккха сема хила деза вай. Вешан урокашкахь хилла а ца Iаш, ишколера арахьа и билгалонаш вайна гахь а. Цаьрца хаза говза къамел дан Iама деза.
Цундела цхьа тоба кхолла Iалашо ю вайн, и болх кхиазхошца бан кийча болчу хьехархойх лаьтташ йолу. Церан цIераш массарна а евзаш а хир йолуш, уьш мичча а хенахь орцах бовла кийча буйла массарна а хуур а долуш“.
Гулбеллачара шайна зеделларг дийцира, кегирхошца болх барехь шаьш яьхна а, амма кхин дIа а яха езачу гIулчех лаьцна. Австрерчу Иннсбрукехь гимназешкахь бусулба дин хьоьхуш волчу Карими IабдуллахIа билгалдаьккхира, бусулба кегирхошца бина ца Iаш болх иштта меттигерачу юкъараллийца а бан безаш хилар.
ХIунда аьлча радикализаци – иза цхьана бусулба динца йоьзна а йолуш, бусулбачех хьакхаелла ца Iа, иза иштта йоллучу юкъараллехь а яьржаш цамгар ю, шен дуккхаъ агIонаш а йолуш.
Меттигерчу бахархошна ислам дин лелорхочунний, исламистаний юккъехь хIун башхалла ю ца хаар а, ца уьш цу башхаллийна тIаьхьакхиа ца гIертар а ю цхьа проблема, Бусулбачийн кхеташонан векал йолчу Багажати Карла Аминас дийцарехь. Хийлаза шега а хаьттина наха, бохуш дуьйцу цуо, хьо исламист ю бохуш.
Амина Карла Багажати: „Исламний, исламизманий юккъехь башхалла ца го дукхачарна. Масала, хийла кхуза тхо долче, Исламан Кхеташоне телефон тухуш нисло, „Исламистийн Кхеташоне“ кхеттий сан хIара олий. Иштта цхьа а вуон ойла я Iалашо а йоцучу наха соьга сайга а хаьттина хийла арахь дуьхьалкхетча, „хIаа-а, и даима а телевизионехь хуьлуш йолу исламист ма ю хьо, юй тIаккха?“ -олий.
И исламизм боху дош ткъех шо хьалха цхьа а вуо маьIна доцу могIарера дош ма дара. Кхеторан болх бан беза вай, исламизмий, экстремизмий вовшашца цхьа а зIе йоцуш хилар нахана хаийта“.
Бусулба динан хьехархойн цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш меттгера ОРФ коьртачу телевизионан тоба а яра, ткъа иштта дешархой а бара, шайна юккъехь нохчийн а, Iарбойн а, туркойн а кхиазхой болуш. Цара а дийцира, шайн радикалан ойланаш йолчу нахаца хиллачу зеделчух а, шайн цу керлачу модех хеташ дерг.
Цу цхьаьнакхетарехь сацам хилира, кхиазхойх масех тоба кхолла, шайн хенарчаьрца радикалицина дуьхьал жигара болх бан уьш Iама а беш. Иштта шайн доьзалхо Шема я Иракъе ваха гIертий-те аьлла шеконаш йолчу дай-наношна гIо даран кхерча Венехь кхолла а.