Дуьненна хаза Iаьмна дош ду «нохчо». Юьхьанца маршонехьа гIертарна тIамо хIаллакдечу къомах дузура иза.
РогIехь хийцаделира васт, Оьрсийчоьнан президентан а, цуьнан гонан а пропаганда шайнначул дагахкхийтира кхечу яккхийчу пачхьалкхийн дайшна. Кремло тиллина «террорист», тIаккха – «дуьненаюкъара террорист» боху маьттаза цIерш дIаэйора нохчийн къомах.
Дуьне-м хIинца а дац дуьззина Кремло нохчашна бинчу оцу белхех мукъадаьлла. Юкъ-кара хIинца а хеза цхьацца бахьанаш довларцана и маьттаза цIерш нохчий хьахош карлайохуш.
Ткъа хIун до шаьш нохчаша шайн хатI дуьненан бIаьргашчохь цIандеш, тодеш, хаздеш?
Бакъдерг бакъ хила деза, вуно дукха бу нохчий къам шайн леларца, шайгарчу масалшца сийлалле доккхуш бехарш. Церан оьздангалло, хьуьнаро, хьекъало къоман васт даккха а доккху лакхенга.
Хуьлда иза Малхбалехь, я хуьлда Малхбузехь, тахана нохчаша шаьш бехачу массо а пачхьалкхашкахь санна гойту шаьш дикане гIерта доьгIна къам дуйла, шайх бухарчу нахана бала пайда буйла.
Тахана наггахь а мохк бац Европехь нохчаша шайн нахах дозалла дан йиш йоцуш. Спортах дерг-м ас дийца а ца оьшу, хIора пачхьалкхехь бу оцу пачхьалкхана сий IаIош нохчий. Иза вай доьлла агIо ю вайн.
Карарчу хенахь керлачу чкъурах бовлуш бу инженераш, дизайнерш, технологаш, дипломаташ, депутаташ, Iилманчаш.
Нохчийн къоман синбахамалла а ю уьш бех-бехачу мехкашкахь яьржаш.
Доккха довха масал ду Польшерчу «Ловзар» ансамблерчу къона хелханчаша гойтург.
Кху деношкахь ерриг Польшин TNV телевизоно латточу «Мам Талант» («Похьма ду соьгахь») цIейолчу шоу программехь толам баьккхина оцу тобано.
Баккхийберца тIеэцна хелханчийн говзалла дуккха а кIошташкарчу полшахоша.
«Ловзар» тоба кхоьллинарг а, иза кхиошверг а ву Нохчийчохь дика бевзачу ТашаевгIеран доьзалера Ахьмад. Иза генахь велахь а, цунна белхан амал беш гIодо Декъастахь евзаш а, езаш а йолчу цуьнан йишас Ташаева Марема.
Ташаев Ахьмадан «Ловзар ансамбле гулделлачу берашлахь цуьнан шен доьзалера хилла ца Iаш, ву, масала, Теркйистерчу Ломаз-Юьртара схьаваьлла ши ваша АхмадовгIар - Iиса а, Абу а.
Воккхахволчу Iисаца иштта къамел хилира Маршо Радион.
Цхьана хIуманца похIма долу стаг, хууш ма-хиллара, дуккха а кхин хаза хаарш долуш а хуьлу.
Ташаев Ахьмад Полшера нохчийн бераш хелхаршна Iамийна а ца Iа. Белосток-гIалахь ах-бIе нохчийн берана ненан мотт а хьоьху цо меттигерчу школехь.
Цунах лаьцна иштта дийцира Ахьмада.
Ташаев Ахьмад Полшехь цхьалха вац нохчийн синбахам баржочех. Масала, меттигерчу рок-тобанашца гергарлоне а вахана, нохчийн а, полшхойн а мукъамийн симбиоз кхуллуш схьавогIу цигахь веха музыкант Закаев Жандар. Цунах лаьцна а дуьйцур ду Маршо Радионо хенан йохалла.
Иштта, бут-батте мел болу Кремло дуьненан бIаьргаш чохь нохчашна тIекхоьллина харц цIерш къомана тIера йохуш, нохчийн тоьлла амалш, агIонаш шаьш бех-бехачохь гойтуш, бухарчу нахана марзъеш схьабогIу дуккха а нохчий Европехь, Iамеркахь, Малхбалехь. Цара тешам ло, цхьа хан йогIур ю нохчех лаьцна дуьненан ала диканиг бен а доцуш.