ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалехь боцу къинхетам нахехь карабо


Къаношкара къоьлла
Къаношкара къоьлла

Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхоша ахча гулдан долийна деэшначу Нохчийчуьрчу оьрсийн къаношна. Муха мах хадабо оцу акцин нохчаша? Хьашт дуй-те беккъа дIа оьрсий а хаьржина, церан терго ян юкъархой гIертар? Оцу хаттарна жоьпаш лучура гойту къинхетамалла.

Интернет машанехь гIардаьккхина ма-хиллара адамийн бакъонаш ларъечу «Мемориал» центаран декъашхоша Орлова Юлияс, Нестеренко Натальяс «Кавказехь бехачу оьрсийн къаношна гIодер вай» цIе а йолуш, йолийна йозуш йоцу проект, къинхетамаллин бух тIехь дIадолийна беркате хIума лору цхьаболчу бахархоша. Интернет зIенах пайда а оьцуш ахча гулдар дIадолийна гезган машин беттан 4-чу дийнахь. Буьззина боцчу баттахь вовшахъкхеттарг ду 86 эзар гергга ахча.

Бакъонашларьярхоша дийцарехь цу проекта коьрта Iалашо ю Нохчийчохь цхьа бехачу, де эшначу баккхийчарна ахчанца а, довхачу дашца дог оьцуш а гIодар. Цуьнца цхьана тидамехь латтайо талламан, зераш даран агIо а. Цу дIадолоран агIонча ву «Русский репертер» журналан редактор Соколов-Митрич Дмитрий а. «Къаношнка гIоьналлин куьг кховдош дIадолийнарг къинхетамаллин кеп-чулацам болуш хIума ду» боху бакъонашларьярхочо Орлова Юлияс. Цкъачунна жигархой болх бан лоьруш бу Соьлжа гIалахь бехачу оьрсийн баккхийчаьрца, цул тIаьхьа цара шайн гIо кхачо лоьру Шелковск а, Новр а кIошташка а.

«Тхуна дуккха а шаьш беха бакхий зударий гина. Цхьаболчаьргахь чIогIа вон хьал дара»,- бохуш дийцина Кавказан узел газетехь Орлова Юлияс. Цо дийцарехь оьрсийн къаношна вуно хала ду Соьлжа гIалахь велларг дIаверзо а, стенна аьлчи цигахь яц, кхечу меттигашкахь санна, кхелхинарг дIаверзо бюро а. Цу декъехь Iедалдайшка дехаре бовла дагахь бу и проект юьхьарлаьцна жигархой.

«Баккхийчарна , уггар хьалха, халонга долуш дерг дахаран хьелаш ледар хилар а дац, ма-дарра дийцича. Царна ницкъ бийриг цхьаалла а. хьасане ваьлла, дагардийца юххехь стаг цахилар а ду. Дукхахберш ,тIемаш бахьнехь психологина эшам хилла бу, цхьаццаболчарна коьртах даьлла кхерамаш тиссар а, гIело яллор а.

Оьрсийн мотт буьйцучу баккхийчарна Iаткъаме даьлла культурах хербалар а, вовшашна тIекхача а, бистхила а меттиг цахилар а, нохчийн лулахошца юкъаметтигаш кIеда-мерза.дика елахь а оьрсийн къаношна тоъане а тоац тIетовжа гIортораш а.бала кхачар а. Цундела уьш хала хене бовлуш бу». Цу кепара бу бакъонашларьечу центаран говзанчаша бина тергамаш.

Цхьалла ловш болчу а, гIорасиз бисинчу а оьрсийн баккхийчарна гIодан юьхьарлаьцна некъ адамаллин а.къинхетаман а акци лору цхьаболчу тергамхоша. Царех ву Шелан кIоштера Сельмуханов Абубакар а.

Сельмуханов: «Оьрсийн мотт буьйцучарна и гIо дIа а кхочур долуш йолийна акци елахь дика хIума ду иза. Пенсеш даккхий дац, коммуналан хьашташна дIадала ахчанаш ца тоьу. Терго кIезга йолуш.юург ледара йолуш бу и бакхий нах. Ставрополана хьо дехьа ваьлча беха гIазкхий буй къаьсттина цаьргахь вон хьал ду. ткъа Нохчийчохь болчарна-м гIо до хьуна лулахошан,нохчаша.

Тхан лулахо ю-кх, масала, 87 шо долуш оьрсийн зуда. Тхан несо ша юург мосазза йо юучух ца йоккху иза. Беберса яьккхина хIума йича цунах а ца хадайо. Нохчийчохь оьрсий вара аьлла воккханиг дIакхоьссина вуьтур вац. Уьш белахь а дукха бац кхузахь. Церан коммунал хьашташна гIо дан хьара кхин хIума ца эшар царна. Суна дика хIума хетта цара къинтамца деш долу хIума».

Мемориал центаран бакъонашларьярхоша къаношна гIодеш дIадолийнарг хIума цхьа тIаьхьло а йолуш, бутт-батте мел болу шорлуш дIадахаре сатуьйсурш кIезиг бац.

XS
SM
MD
LG