ХIара бархIалгIа шо ду оьрсийн дуьненна а гIараяьллачу догмайраxчу журналистан Политковская Аннин цIарах юкъадаьккхина ахчанан совгIат адамийн бакъонаш ларъярехь доьналлица билгабовлучу зударшна луш долу.
Адамийн бакъонашларърхочунна, Иракъан парламентан депутатна ДахIил Виан ю кхушара и преми кхаьчнарг. Цо дуьйцу Иракъехь чолхе лаьттачу хьолах лаьцна, адамийн бакъонаш хьаьшна хиларх, къаьсттина зударшкахь долу хьелаш дуьнене мохь-орца доккхучохь хилар хоуьйтуш.
ТIемалоша зударий хьийзош, уьш, базарахь санна, мах хIоттийна бохкар, дийна делккъехь лечкъор, де доьхна церан хьийзар, корта кIелбахьа тхов а боцуш. Курдой бехачу меттера Виан ДахIила къамел дира Маршо Радиоца телефонан зIенехула.
Виан: "Сан миска къам тахана а шен корта кIел бахьа тхов боцуш, арахь дисина. ЦIенош хIаллакдина, тIехь-когахь беркъа. Буьйсанаш шийла ю, тIедогIуш Iа а ду. Цхьацца йолчу юкъараллин тобанаша гIо лоцу юучуьнца-молучуьнца, тIетаса, тIейоха бедарш а луш. Цунах тоам хуьлийла дац, хьашташ дуккхаъ а хуьлу адаман Iа а, даха а доьлча».
Даккхий зуламаш до «Исламан Пачхьалкхан» тIемалоша шаьш дIалецначу меттигашкахь бухарчу бахархошна. Марсхьокху-беттан 12-чу дийнахь, масала, Иракъан къилбаседанерчу Синджар ломатIехь доьхна чудеанера беракема. Оцу муьрехь чов хилира ДахIил Вианина. Цо дийцарехь, къаьсттина балелоьцу тIемалоша шаьш дIалецначу меттехь карабаьхкина зударий.
Виан: «Езийдийн 25000 зудабер карадахана «Исламан Пачхьалкхан» тIемалойн. Хаа аьтту бац царех хилларг. Тайп-тайпанарчу хаамийн гIирсашца дийцарехь, царех цхьаберш набахтехь латтош бу Иракъехь, вуьйш Шемахь латтош бу. Зудаберашна тIехь ницкъ бо, 150 Iамеркан доллар мах а хIоттийна бухкуш бу».
Дуьненан юкъараллашка ДахIила доьху маслаIат дар шайний, кхечу бусулба дуьненний юкъахь, шаьш жима къам хиларе терра, шайх къинхетам а беш. Ишта, «Исламан пачхьалкхан» тIемалоша «шайтIанан тIаьхье» олу шайх, бохуш, леткъамаш а бо ДахIил Вианас.
Дуьненаюкъара терго хилира ДахIил Вианас Марсхьокху-баттахь парламентан декъахошна хьалха дог дассош бинчу кхайкхамехь. Иракъан Синджар ломатIехь тIемалоша маьрша бахархой ницкъала лецна латтабар геноцид хета шена боху Вианас.
Виан: "Ас доьху Иракъан а, кхечу хIора пачхьалкхан а куьйгалхошка маслаIат дар. ХIунда аьлча, хьал чолхедаьлла, цхьана Иракъе нислур долуш дац. ХIоттийша цу бехкбоцчу зударийн метта, кхетийша церан дегнех, синойх. Мича хьолахь хила еза 10-12 шо долчу берийн психика?
Суна лаьара хатта «Исламан Пачхьалкхан» тIемалой бакъбеш волчу хIоранга: церан метта хилча, хIун дийр дара аш? Мичахь бу шун къинхетам? Дац шун кийрахь дегнаш? И йоI хила ма тарло шун йиша, бер, шун лулара яхархо. ХIетте а шун дог тохалуш дацахь, сан шуьга кхин ала хIумма а дац!»
Синджар ламтIехь бохам хилале шаьш йоьхург маршо, нийсо яра, шайна а лаьара хуьлийла Иракъерчу кхечу кьаьмнийн йоллу бакъонаш, бохура ДахIил Вианас.
Ткъа тахана курдошкара хьал цкъа а ца хиллачу кепара доьхна хиларе терра, езидийн бакъоларъярхочо доьху дуьнене шен мискачу, жимчу къомах дIалецна нах арахецийтар а, «Исламан Пачхьалкхан» тIемалойх шаьш лардар а.