Бусулба Динан дезчу деношкахь ламазна маьждиге баьхкинчу нехан сибаташа кхерам а, цабезам а боссабо Москох бехачийн дегнашчу. Шо шаре мел долу стамлуш ду тIебаьхкинчийн терахьаш. Амма яц цаьрца уьйш хьалха дуьйна бухахь бехачу бусулбанийн.
Москох беха бусалба нах хьахабалле хаттар кхоллало: масса бусалба стаг веха-те цигахь? Хаттар чолхе ду, хIунда аьлча, ца кхета ма-дарра, мила ву веккъа ша схьаэцча бусулба? Дин Iамош, хьоьхуш, дуьззина иза лелош верг, я деккъа дIа шен схьавалар бусулба къомах дерг?
Статистийн терахьашца, 2010-чу шарахь Москох дехачу бусулба къаьмнийн терахь 360 эзар ца кхоччуш дара. Царалахь бара Къилбаседа Кавказан, Юккъерчу Азин, Идал хица дехачу къаьмнийнвекалш. Шеконаш кхуллу цу терахьо. ХIунда аьлча, гIезалоша дийцаредо Москох цхьа шайн къомах долу адам а ду миллион гергга, бохуш. Ткъа статистийн чоьтехь гIезалой 149 эзар бен вац. Ткъа уьш берраш а бац дин дуьззина лелош а.
Москох Дин хьоьхучу Университетан ректора Хайретдинов Дамира бинчу талламашца, I0 процент бен Москохбеха гIезалой бусулба динехь лелаш бац. Стенна а делахь а, хабар лела Москох шовинисташний, бусулба динан чIагIо лоьхучу наханий юкъахь: пачхьакхан коьрта шахьарахь ши миллион гергга бусулба нах беха, бохуш.
Бусулба къаьмнийн юкъаметтигах лаьцна хьахадале, ала догIу дуккха а шерашкахь Мосхох бехачу бусулбанех а, цигарчу гIезалойн исторех а лаьцна.
1980-чу шерашкахь бусулбанех Москох бехарш доккхачу декъанна гIезалой бен бацара. Маьждиг а дацара цигахь цхьаъ бен а. Тахана хьал хийцаделла.
ХХ-гIа бIешо доьрзуш кхиина тIебаьхкинчу кавказхойн а, болх лоьхуш цига гулбеллачу Юккъерчу Азин бахархойн а чот. ТIебаьхкинчу неханний, бухахь хьалха дуьйна бехачу гIезалойнний динлелоран башхаллаш, ламасташ вовшех къаьсташ ду. Москохара гIезалой шайн дайша лелийна мишари-мазхьаб лелош бу. Цундела тIебаьхкинчеран башхаллашна уьш реза а ца хуьлу.
Тахана Москох маьждигехь хьехамаш кхаа маттахь бо: оьрсийн, гIезалойн, Iарбийн меттанашкахь. Ткъа хьалха беккъа цхьа гIезалойн мотт бен ца хуьлура маьждигехь буьйцуш. Маьждигашна тIехь Iуналла дар а гIезалойн карахь ду, имамаш а бу царех.
Юкъаметтигаш, тергамчоша чIагIдо, бухарчу гIезалойн тIебаьхкинчаьрца гIоьртина го, бохуш. ХIунда лаьтта цхьа дин лелочу къаьмнийн векалшна юкъахь херо?
Москох дин хьоьхучу коледжан директора Арсланов Марата ша кегийрхой зийна болх бовзуьйтуш хаам бо цу хьокъехь. Цунна башхаллаш кавказхойнний, гIзалойнний амалшца йозу аьлла хета. Амма кIера ву иза гIезалойн кегийрхой кавказерочу бусулбанашна тIера хиларх а.
Арсланов: «ТIаьххьарчу шерашкахь ас тидаме эцна, Кавказера тIебаьхкинчарех бухарнаш тарбала гIерташ мода яьржар Москох кегийрхошна юккъехь. Духарца, боларца, тIеюхучу бедаршца хилла а ца Iаш, дин лелочу ламасташца а хаало иза. Масала, ламазна дIахIоттарехь, куьйгаш леладарца а къаьсташ хуьлу тIевеънарг. Сан цу кегийрхошца хиллачу къамелашца а, церан лелар гарехь а, суна хета, шайн ма-хуьллу тIебаьхкинчеран хатI схьа а эцна, царех тарбала гIертаран бахьанаш, Къилбаседа Кавказера тIебаьхкинарш цхьабарт болуш, даима цхьана хьаьрчина лелар ду аьлла хета суна царна масал».
Цхьана ширчу Москохарчу маьждиган имама Ахметжанов Руфата зорбанехь дуьйцу: «Хьалха маьждиге веъначу стагана аьттонаш бара. Масала, хьалхарчу могIарехь охьахаа меттиг хуьлура, ткъа тахана юькъа хуьлу чохь». И бахьана хила а тарло юкъаметтигаш бIостанехьа ерзийнарг, боху цо.
Тергамчаша дийцарехь, ламазна дIахIоттаран кепаш а ю башха. Шаьш гайта гIерташ, шаьш-шайх дозалла деш, кура лела къилбаседа кавказхой.
«Иман» цIе йолчу юкъараллан куьйгалхочо Измайлов Раиса боху прессехь, дукхахболчу кегийрхойн ламазе хIоттаран кеп Юккъерчу Азин къаьмнашна а, гIезалошна а хийра ю. Нохчаша а, гIалгIаша а, дагестанхоша а шаьш-шайх дозалла дечу, шайх тоам бечу стеган кепехь дIхIуьтту ламазна - ши ког шуьйрра дIасатасарбой, куьйгаш цIонге ца дохкуш, некхан уьнтIе дохку. И сурт гучу кхечу къоман кегийчара схьаоьцу цаьргара масал, -дуьйцу Измайлов Раиса.
Кхин цхьаъ коьрта агIо а ю, оьрсийн мотт бусулба дин дуьйцу мотт хуьлуш бу Москохарчу гIезалошна. ТIекхуьучу гIезалоша шайн мотт ца хаарна, имамаш декхаре хуьлу маьждигашкахь хьехамаш уьш кхетачу оьрсийн маттахь бан. Ишта кхоллало «бусулбанехан оьрсийн мотт».
Бакъду, гIезалойн къаноша маьждигехь тIе ца оьцу оьрсийн мотт. Царна хетарехь, оьрсийн мотт кхечу динан мотт бу. Оьрсийн мотт бийца ца беза маьждигехь, боху цара. Цундела хила а там бу дукхахболу гIезалойн къаной маьждиге оьхучара совцаран бахьана.
Советан заманахь маьждиге эхар дихкинера идеологино, делахь а наха шайн цIахь йора Далла Iамал. Тахана а жимлуш ду маьждигашка лелачу хьалха дуьйна а Москох бехачу бусулбанийн терахьаш. Иза дозу, тергамхошна хетарехь, бухара бахархой тIебаьхкинчу нахах къехкаш хиларца.
Амма кегийчашна бен а дац, цара шаьш вай заманан толеранталле нах лору.