ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Ахьмад "цистина" Iедало


Поэт Сулейманов Ахьмад
Поэт Сулейманов Ахьмад

Ревизи ю еш Нохчийчохь поэташна а, прозаикашна а. Бен-башха а дац цIарна цIеяхана, уьн-шарахь ваьхна классик автор хиларх а, нагахь санна цо цкъа яздинарг таханлерчу хьаькамашна ца тайнехь. Кхийссина дIаяхийта тарло церан книжкаш, уьш тIехь йолу школашкара Iамонташ.

19 шо дуьзна цIарна цIе яххана халкъан байтанча, илланча, гочдархо, этнограф Сулейманов Ахьмад бакъдуьнене дIавирзина. Исбаьхьаллин дешан таронаш зийна ца Iаш йоккха лар йитна цо Iилманехь а: вайнехан исторехь дуьххьара цо арахецна «Нохч-ГIалгIайчоьнан топоними» цIе йолу, массо меттигийн цIерш деньеш, карлайохуш язбина, мехала болх а.

Сулейманов Ахьмадан «Дахаран генаш» поэми юкъара хIара биъ могIа бахьнехь дIаехьнера маьхькIамхоша ишколашкара 8-чу классан литература: «Ялсаманех ма хьегалахь, цул хаза бу хьан Даймохк . Жоьжахатех ма кхералахь, Даймахках бу хьан лазам.»

Яздархойх а, литературан говзанчех а дагадовлар а доцуш, царна хетарг хьесапе а ца оьцуш, цхьаболчу Iедалдайша Iесаллин хьу йолуш лерина и могIанаш. Цу могIарерчу «хьекъалан дайшна» хетарехь, «ялсаманех ма хьегалахь, жоьжахатех ма кхералахь» олийла дац бусалба стага. Цара чоьте ца оьцу иза дустар а далош, тардинчу маьIнехь хIоттийна исбаьхьаллин сурт хилар.

Ишколийн хьаькамаша даре дарца, Сулейманов байташ тIехь йолу жарганаш ишколашкара дIаехьна бутт баьллачул тIаьхьа цIена хрестоматеш-Iаматаш еъна доьшийлашка. Цу хьокъехь дуьйцуш ю Соьлжа-гIалара хьехархо Малика.

Малика: «Цхьа бутт сов хан яра 8-чу классан литератураш дIаехьна. Кху беттан 16-чу дийнахь схьаеъна. ХIан-хIа, схьаеънарш хьалхалеранаш яц, хIинцца зорба тоьхна ,цIена киншкаш ю. Цхьа бутт иттех де тоьъна-кх царна оццул дукха кишнка юха арахеца.

Ас а, кхечара а бохург хIун ду. Масийтта масал ду цхьацца хIума гал ларар бахьнехь бен-бечу Iаматийн агIонаш хийцина а,шекъанца къайлаяьккхина а. Иза а дина уьш йита а йитна оццул харж а ца еш керланиш арахеца ца магара аьлла хетта-кх суна а, сан накъосташна а. Литература хьахаеллачуьра аьлчи , кхушара дешна бовлучу 11-чу классан дешархошкахь масала яц-кх изза хрестомати киншкаш. И ахча цига хьажийнахь санехь хир дацара?»

Соьга жарганийн хьокъехь дийцинчу Маликас санна, тайп-тайпанчу кIошташкарчу хьехархоша билгалдоккхура тахана нохчийн дукха ишколашкахь 11-чу классан литературан киншкаш цахилар. Цара дийцарехь и къоьлла лаьтта ши-кхо шо хилла ца Iа.

Сулейманов Ахьмадан байталлех дерзош ала ду, лакхахь хьахаеллачу «Дахаран генаш» поэмехь кхин а кIезиг могIанаш дац Iедалехь болчара шайна ма тов тида тарлуш.

Масала: «Къинхетам бу дахар латтош,ма гуо и дIабаьлла де. Къиза адам лаьтта дагIахь, дуьне дагош ер ю цIе». « Доьзалан Да Эла воцчохь, Дела хир ву хьан бах те? Хьан Са доцчохь дегIан Паччахь, сан Са ма ду набахтехь". Байтанчо пайдаэцна исбаьхьаллин гIирс-басарш тергамза дитча, харц кхето тарлуш ду хIара могIанаш а: « Эхь ду маймалх адам динарг, Эхь Iалашдан Iамалаш! Эхь дIадалахь лаьттахь хир ду нахах хилла маймалаш!». «Шен вешина ваша войцух хьуна хир вац доттагIа. Хьайца хало екъна вацахь, бекъий, кад ма ботталахь!»

ТIаьххьара хIара биъ могIа а: « Къолаш динчу цхьаболчарах, тахна хилла молланаш. Iовдал наха тешабой-ца царах доьзал

кхолламаш"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG